"Хадам боллуш терроризмана тIехь толам баьккхина цхьаъ бен йоцу регион йу дуьненахь" Нохчийчоь аьлла, бух боцуш тоьшалла дина Кадыров Рамзана. Контртерроран операцин" раж (КТО) йухайаьккхина 15 шо кхаьчначу дийнахь цунах лаьцна йаздина цо шен телеграмехь. Оцу дийнахь официалехь дIакхайкхийра Нохчийчохь шолгIа тIом берзарх.
Мел лахара а 2010-чу шарера схьа дуьйна терроризм "эшорах" дIахьедарш до Кадыровс, бакъду цул тIаьхьа а республикехь лоьхура гIаттамхой бу бохурш, ткъа тIаьххьара, "Исламан пачхьалкх" тобанца доьзна тIелатар дира Соьлжа-ГIалахь 2021-чу шеран гIуран-баттахь. ХIетахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин цхьа белхахо вийра.
2022-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчоьнан шахьарахь керла тIелатар дира полицина. Официалан версица а догIуш, меттигера 19 шо долчу кIанта дина дара и. Оцу баттахь дуьйцура Ассиновская станицехь герзаш деттарх, гIуран-баттахь герз лелош дов даьллера Хьалха-Мартанахь. 2023-чу шеран зазадокху-баттахь гIараделира кхин герзаш детташ хиллачу конфликтах лаьцна – Гуьмсехь ши стаг вийра.
ТIаьххьара дийцина полицина дина хилла тIелатар хиллера Iашхой-КIотарахь чиллан-беттан 14-чохь. ХIетахь муьлш бу цахуучу кхаа стага герзаш диттира, лазийра ницкъахо, тIелеттарш байъира. ТIаьхьо Кадыровс дIахьедира тIелатарна шеконаш йолуш шиъ лаьцна аьлла. Регионан куьйгалхочо тIетуьйхира ишта, "бандин декъашхой" полисхошна тIелетарш дан дагахь хиллера аьлла.
КТО йухайаьккхина рогIера шо кхачарца махкахой декъалбеш Кадыровс иштта дIакхайкхийра, Нохчийчоь тахана "цIоналлин а, къепенан а масал лоруш ду", "кеп-кепарчу рейтингашкахь лакхара могIарш дIалоьцу" республико аьлла. И дешнаш а догIуш дац билггал долчу хьолаца: хууш ду махкахь дуккхаъ а нехан бакъонаш хьешна меттигаш хиларх, цул совнах, регион тIаьххьарчу могIаршкахь хуьлу пачхьалкхан зорбанийн социалан рейтингашкахь.
- "Исламан пачхьалкх" тобанан гарано жоьпалла шена тIе а лоцуш, "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тIаьхьа тIеман а, политикан а аналитикаша дIахьедира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша йалийтинчу ледарлонах - иштта Къилбаседа Кавказехь терроризмаца къийсам латтабо бохуш кепаш лелорна а.
- Нохчийчохь "контртерроран операци" йирзира формалехь 2009-чу шарахь. Делахь а, КТО-н Iалашонаш кхочушйан кхоьллинчу ницкъаллин структураш, дIаса ца йохийнера хIетахь а, йа Кадыров Рамзана "гIаттамхойн баннаш" хIаллакдина девлла шаьш аьлла дIахьединчу 2021-чу шарахь а.