Кхаарин Iуьйранна Шела гIалин дозана тIера тIеман декъах цIейаьлла – йоллу гIишло а, цига дIахIоттийна хилла масех машен а йаьгна. Кавказ.Реалии сайте дийцина цунах лаьцна оцу хьолана гергарчу, шен цIе ца йаккхар дехначу хьасто.
Цо хьахийна, штабан гIишло дуьххьара йогуш цахилар, хIунда аьлча, и гIишло тиша хиларна.
"Сорокин хвост" телеграм-канало хьалхо йаржийра йогуш гIишло тIехь видео. Оцу тIехь гуш ду, шина гIат тIехь лаьтта гIишло кхерстинчу цIаро йерриг а хIаллакйеш. Роликан авторо хаамбира, "буха хӀума ца дуьсуш йаьгна штаб, доллу кехаташ, цхьа хIуса ца дисина". Оцу тIеман декъера йу аьлла зорбанашкахь хьалхо йаржийначу видеоца а догIуш, Шелара эскархойн дакъа ду цу тIехь билггал.
Официалехь Нохчийчохь цIейаларх комментарий йина йац. Кавказ.Реалии сайтан корреспондентан телефонна тIеман декъехь жоп ца делира.
Шелахь куп тоьхна ду 70-чу гвардин полкан а, 42-чу гвардин дивизин а дакъош. Стигалкъекъа-баттахь оцу дакъошкара эскархой дуьхьал бара Украинерчу тIамехь дакъалаца, шаьш Оьрсийчу йухадига баьхнера цара шайн буьйралле.
- Шелахь гIуллакх деш хилла, Украинерчу тIамехь вийначу йалх эскархочун цIераш хууш йу карарчу заманчохь Кавказ.Реалии редакцина. Шихмагомедов Марат, Бексеитов Марат, Мозоль Юрия, Зякун Роман, Гаджиев Iабдурахьман, Сорокин Дмитрий.
- ТIамца тIелетчхьана оцу тептарехь хIинцале а ву 5991 къилбера а, Къилбаседа Кавказера а вахархо. Оьрсийчоьнан Iедалхоша лечкъош ду билггал беллачийн терахь, амма и терахь дуккха а лакхара хила тарлуш ду.