Нохчийчуьра могушалла Iалашйаран министр Лорсанов Сулейман а, Iаламан маьIданийн министр Лечхаджиев Анвар а цхьана хеначохь садаIа вахийтина "ханна балхана пайде вац" ваьлла. Оцу кепара кехаташна куьйгаш йаздина гезгамашин-беттан 19-чохь, мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан могушалла телхина йогIу аьлла, хаамаш баьржинчу йукъанна.
Кехаташ тIерачу хаамашца, Лечхаджиев мукъавитина гезгамашин-беттан 7-чохь, "балхана иза гунахь воцчу муьрехь" цуьнан декхарш кхочушдийр ду гIовс хиллачу Гадаев Алама. Iаламан маьIданийн министр Лечхаджиев балха тIехь хийцина гезгамашин-беттан 5-чохь цуьнан гIовсо Мусиханов Руслана. Карарчу хенахь Мусихановна тIехь дац министран декхарш, Лечхаджиев балха йухавеана йа ца веана, хаийтина дац. Билгале ду кхузахь, хьаькам кхо бутт хьалха, 2023-чу шеран мангал-баттахь, бен дарже веана цахилар.
Цхьабоса "ханна балхана пайде цахиларан" бахьанаш дуьйцуш дац. Лорсановн телеграм-каналера суьртаца, тIаьххьара официалан барамехь хилла иза гезгамашин-беттан 4-чохь, кхин дIа хиллачу белхан цхьанакхетаршкахь цуьнан гIовсаш бу. Гезгамашин-беттан 19-чохь Нохчийчоьнан могушалла Iалашйаран министрна мидал йелира "Даймахкана гIуллакха дарна" II-чу барамехь.
38 шо долу Лорсанов Сулеймана чекхйаьккхина Воронежера лоьрийн Бурденкон цIарах академи, хирурган болх бина цо Соьлжа-ГIаларчу дарбанан хIусамашкахь, масех шарахь коьртачу лоьран дарже кхечира иза. 2021-2022-чу шерашкахь – Нохчийчоьнан вице-премьеран секретариатан куьйгалхо вара иза, стохка товбеца-баттера схьа – могушалла Iалашйаран министр. Оцу даржехь иза ларийра Хьалха-Мартанара дарбанан цIийнера лоьраш чийхон, лоьрашна мобилизаци йеш йу аьлла, баржийначу хаамашна тIехула. Иштта цо дIахьедира, берашна вакцинаци йан "чIогIа дуьхьал болчу" дайн-нанойн тептарш Нохчийчоьнан Iедалхошкахь ду аьлла.
41 шо долу Лечхаджиев Анвара дешна Краснодарера МВД-н университетехь, 2003-2015-чу шерашкахь чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь беохаш бина цо. Цул тIаьхьа бахархой социалан Iалашбаран Фондан республикера декъан урхалхо хIоттийра иза.
- Гезгамашин-бутт болабелчхьана, Нохчийчоьнан куьйгалхочун долара кема кхузза Москва дахана, къастийра "Верстка" хьостан журналисташа. ТIаьххьара гIаьттина кема гезгамашин-беттан 15-чохь, ши де даьлча йуха а деара, билгалдоккху "Агенталло".
- Нохчийчоьнан урхалхочун могушалла цIеххьана эшна йогIу, цунна Москвара президентан гIуллакхашкахула йолчу Урхаллин Коьртачу дарбанан цIийнехь лелош дарба ду аьлла хаамаш баьржинчу йуккъехула "Верстка" ресурсо тергойина лайнеран дIасалеларан. Цунах лаьцна йаздира, масала, ВЧК-ОГПУ телеграм-канало а, "Эхо Москвы" радиостанцин хиллачу коьртачу редаткоро Венедиктов Алексейс а – цо чIагIдо, Кадыровн "жаннашца лазар ду, сих-сиха гемодиализ оьшу" цунна аьлла.
- Хьалхо "Новая газето" йаздира Кадыров Рамзан билггал цомгаш хиларх, оцу лазаро жаннашна а, пехашна Iаткъам барх, цундела гуттар а цунна оьшуш диализ хиларх.
- Нохчийчуьра урхаллин йоллу система йихкина йу Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а тIехь, оцу йукъанна шен нах даржашка хIиттор боккха болх ца хета цунна. Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.