ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра "спецназан университетан" куьйгалхочух шеконаш йу Украинан къайлахчу сервисийн


Соьлжа-ГIалара тIеман гайтам, архивера сурт
Соьлжа-ГIалара тIеман гайтам, архивера сурт

Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" (РУС) куьйгалхочуьнга Вайханов Байбетаре шеконаш кховдийна Украинан кхерамзаллин сервисаша Оьрсийчоь Украинана тIелетарца иза воьзна хеташ. ГIуллакх толлуш ду украинхойн бехктакхаман кодексан мостагIаллин тIом дIахьош гIо латтор аьллачу артиклехула.

"Нохчийчоьнан урхалхочун уллорчу гонера ву Вайханов, цуьнан тIедахкаршца вовшахдетташ ду Украинера мехкаш дIалеца Орсийчуьра эскархой кечбар", - билгалдаьккхина къайлахчу сервисийн телеграм-каналехь.

СБУ-на хетарехь, шуьйрачу тIамаца Украинана тIелеттачул тIаьхьа РУС-хь Iаморашкахула чекхваьлла 40 эзар Оьрсийчоьнан кадрийн эскархо а, йолахой а, доккхачу декъана "Ахмат-Север", "Ахмат-Россия", "Ахмат-Чечня" полкашкара. Уьш йерриг а Орсийчоьнан тIеман министраллин 42-чу дивизина йукъа йогIуш йу, Украинерчу тIемашкахь дакъалоцуш а йу. Ишта, урхаллин хаамашца, лахьан-баттера схьа дуьйна РУС-хь йеш йу FPV-дронаш, цигахь Iамош бу дронийн операторш а.

Стигалкъекъа-бутт бовш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, верриг а республикера Украинерчу тIаме хьажийнарг 43,5 эзар стаг ву аьлла, царех 18 эзар – РУС-хь кечбина "лаамхой" олурш хиларх. И терахьаш билггал бакъ дуй, хаа аьтто бац. РУС-н майданашкахь дронаш йеш хиларх лаьцна йиллинчу хьасташкахь хаамаш ца карийра.

  • Стохка марсхьокху-баттахь "Нохчийчоьнан Республикин Турплахочун" седа а, машенан догIанаш а делира Вайханов Байбетарна.
  • "Спецназан университет" – Гуьмсера дешаран база йу, цигахь нохчийн ницкъахоша а, йолахоша а Iамораш дIахьо, Украинерчу тIамтIе баха Iалашонца. Официалехь "университет" спортан-кхийсархойн клуб йу аьлла, дIайазйина йу. Цхьана а Оьрсийчуьра ницкъаллин структурин контролехь йац и. Юридикаллехь коммерцица йоьзна йоцу организаци лору иза. Оцу клубан Нохчийчуьра дешаран а, Iилманан а министраллин лицензи йу.
  • 2022-чу шарахь "спецназан университетна" кхаьчна "лаамехь делла" 349 миллион сом – шо хьалха хиллачу барамца дуьстича, пхоьазза сов хуьлу и терахь. Оцу йукъанна организацина хилла пайда кхузза алсамбаьлла го Федералан йасакхан хьукматан сайтера зерашца.
  • Официалехь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цIарах йу кхин дIа Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университет". Чиллан-баттахь дIахьедира цунах лаьцна Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана, амма мангал-баттахь бен хийцина йац документаш тIехь организацин цIе.
  • Охан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана РУС-н куратор хIоттийра шен 16 шо долу кIант Кадыров Адам. ХIун лелор ду Кадыровс-жимахволчо спецназан университетехь – къаьстина дац.
  • Оьрсийчоь шуьйрачу тIамаца чугIортарца доьзна хьалхо Украинан СБУ-но шеконашка ийцира цхьа могIа нохчийн хьаькамаш а, командираш а: хIетахь парламентан спикер хилла Даудов Мохьмад, Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам, Нохчийчуьра Росгварди урхаллин куьйгалхочун гIовс (карарчу хенахь Оьрсийчоьнан МЧС-н куьйгалхочун хьехамча) Мартынов Даниил, нохчийн "Юг" батальонан хилла командир Межидов Хьусайн, "Ахмат" спецназан командир Алаудинов Апти, Кадыров Рамзан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG