ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра тIеман декъан эпсарш бехкебина украинхойн талламхоша йийсархошна тоьпаш тохарна


Шела, архивера сурт
Шела, архивера сурт

Украинхойн виъ тIеман йийсархочунна тоьпаш тоьхнарш билгалбаха аьтто хилла шайн аьлла дIахьедина Украинан тIеман министраллин талламан Коьртачу урхалло (ГУР). Нохчийчура Шела гIалахь куп тоьхна 70-гIа полкан эпсарш бу уьш.

Урхаллин хаамашца, стигалкъекъа-бутт йуккъе баьллачул тIаьхьа Звпорожьен кIоштара Работино эвлана гергахь тоьпаш тухуш дIайазйина хилла видео йаржийна ГУР-о. Украинхойн эскархой хьуьнан асанехь лечкъинчуьра куьйгаш айдина арабовлуш, чIагIдарехь, герз доцуш, бертал лаьтта охьабийшинчу царна тIе герзаш туху.

ГУР-н хаамашца, украинхошна тоьпаш тоьхнарш бу 70-чу штурман полкан эскархой, и тIеман зулам дечу заманчохь церан куьйгалла деш хилла полковник Абаев Юрий. Бехкеволчу веаннан цIераш йовзийтина, урхаллин информацица, уьш бу эпсарш: капитан Нагорный Дмитрий а, лакхара лейтенанташ Абуталимов Темирлан, Имагазалиев Юсуп, лейтенан Беков Заур.

Иштта ГУР-о бечу хаамашца, оцу полкан эскархой гунахь хила тарлуш бу кхин а масех йийсархо верна а.

"Агентство" гIирсо тидам бина, полковник Абаев Къилбаседа ХIирийчуьра хилар, Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьна "Турпалхойн зама" программехь вара иза мангал-беттан 14-чохь.

Astra телеграм-канало билгалдоккху, кху шеран чиллан-баттахь Абаевна Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белла хилар.

  • Ахматан" эскархойх шеконаш йу Украинехь, цара маьрша бахархой байина аьлла. Киевн хаамашца, цхьахйолчу тобанан командиро Мусаев Изноврас а, цуьнан куьйгакIел болчара а Оьрсийчоьно тIом болийначу йуьххьехь рейдаш дIахьош хилла шаьш схьадаьхначу дозанаш тIехь, кхерош хилла меттигера бахархой, тIехь ницкъ а беш. Иштта рейд дIахьочу хенахь, СБУ-но чIагIдарехь, Мусаевс хаа а хууш, коьртах герз детташ вийна маьрша пхи вахархо. Царлахь хилла ши зуда а, кхо борша стаг а. Цул совнах, цхьахволчу "Ахматан" "лаамхочо" дийцинера кадыровхоша Украинехь лелийначу тIеман зуламех лаьцна. Цунах лаьцна иштта дIахьедора, оккупаци лайначу Украинан бахархоша а.
  • Чиллан-баттахь 42-чу дивизин 70-чу полкан цхьахдолчу декъан командир волчу Темирханов Дереникана арахь такха хан туьйхира Запорожьен кIоштахь 800 тонн даьтта лачкъорна.
  • Дечкен-баттахь йерриг а йегира Шелара 70-чу полкан штабан гIишло. ЦIейаьллера, тутмакхех вовшахтоьхна йу боху, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь уггар а чолхечу меттигашкахь латтош йолу "Шторм Гладиатор" спецназ дIасайохийна бохуш, дуьйцучу йукъанна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG