ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра тIеман Iамораш. Стенна кечлуш ву Кадыров?  


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Соьлжа-ГIалахь рогIера тIеман Iамораш дIадаьхьна, эзар сов тайп-тайпачу ницкъаллин структурийн бехахой дакъалоцуш а болуш. Легендица а догIуш, Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь цхьа гIишло дIалаьцнера террорхоша, ткъа Росгвардино а, МВД-но операци дIаяьхьира уьш хIаллакбеш. Хьалхо тIеман хьал хIоьттича шаьш дийра дерг шардира ницкъаллин структурийн белхахоша республикан дозанашца йолу кIашташкахь.

Хьлхарчу а, шолгIачу ю тренингашна юкъаозийна яра нисса дIа Кадыров Рамзанна муьтIахь йолу тобанаш, формалан кепара уьш низамаш лардон органашна юкъахь лоруш ялахь а. Республикан куьйгалхо ша вахара Iаморашка, ницкъаллин структурийн белхахой муха Iамош бу хьажа. Стенна кечам беш ву иза? Хьенан лере хьажийна ду и хIора кIиранах масатоьпаш екор?

ГIалгIайчоьца иккхина къовсам. Вовшахкехтар я мотталург?

Лахьан-бутт чекхболуш юха а юкъаметтигаш ирйелира Нохчийчоьнан куьйгаллин а, ГIалгIайчоьнан юкъараллин жигархойн а. ТIахьарнаш эргIада бахийтинарг дара, луларчу республикера белхалой, шайга а ца хоттуш, тодан хIиттар, ши республика къастош охьодогIучу хина бердаш.

ГIалгIайчоьнан тайпийн кхеташо (Совет тейпов Ингушетии) олучу юкъараллин вовшахтохаралло дIахьедира, шина республикин дозанца доьзна хаттар кхин а дIадахьа дезаш ду аьлла. Цунна жоп луш Соьлжа-ГIаларчу лаккхарчу даржашкарчу Iедалхоша ца кхоийра къоршаме къамелаш дар а, кхерамаш тийсар а. Дов иккхина масех де даьлча Кадыровс, кхеташо а гулйина, дIахьедира республика гоне ерзо еза блок-посташца, ткъа уьш ларъян хьовсо деза чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан дакъош аьлла.

ДуьнентIехь хьал хIоьттина хIуъа а хила мегаш долу.

"Иза дац, вайна тIом баьлла бохург, амма вай мичча хенахь а кийча хила деза. ДуьнентIехь хьал хIоьттина хIуъа а хила мегаш долу", - элира Кадыровс, дозанашка эскархой хьажор ГIалгIайчоьнца долчу дар-дацаршца а ца дузуш.

Нохчийчуьрчу Iедалша дийриг – ницкъ гайтар а, гIалгIай лаьттанца доьзна реза цахиларш бахьана долуш дозанаш лардан кийча хилар гайтар а ду, аьлла хета Анализ яран а, ткъа иштта къийсамаш ца хилийтаран а Центран директорна (Центр анализа и предотвращения конфликтов) директорна Сокирянская Екатеринина.

"Суна хетарехь, Рамзан Ахматовича шен тIегIантIехь гойтуш ву лулахошна, ша кхоччуш тIеман кечам бина хилар а, цхьаъ хилахь Нохчийчоьнан дозанаш лардан доьналла долуш хилар а, ткъа иштта, ша хьалха ма аллара, уьш шордан кийча хилар а", - билгалдоккху эксперто.

Республика блокпосташца гоне лацаран идей вуно йогIуш ю Нохчийчоьнан куьйгалхочо, луларчу субъекташца, уггар хьалха ГIалгIайчоьца а, Дагестанца а, долчу дозанашна кхоччуш демаркаци ян дагахь лелочуьнца, билгалдоккху Кавказ дика евзачу, МГИМО-н (Москвара дуьненаюкъара юкъаметтигийн пачхьалкхан университет) лакхара Iилманан белхахочо Ярлыкапов Ахмета.

Цунна хетарехь, оцу мероприятеша гайта дезарг ду республикера Iедалш кийча хиларх, кхетийта шаьш нохчий, уьш кхетийт, ша нохчийн халкъан хьалханча хиларна, Кадыров церан лаамаш ларбан дагахь хилар.

"Кадыров шина аудиторина болхбеш ву. – нохчайн а, арахьарчу а – гIалгIан а, дагестанахойн а", - кхетадо шена хетарг Ярлыкаповс. Иза ду аьлла хета экспертана, республикера бахархой вовшахтохар Ӏалашо юьхьарлаьцна деш. Ярлыкаповс боху, шена ца хаьа мел мехала ду могIарерчу нохчашна ГIалгIайчоьнан дозанца доьзна хаттар.

"Цхьаъ ду сан ала, Кадыровс цхьа хIума а ца до, цхьа а Iалашо а йоцуш", - жамI до эксперто.

Вевзаш волчу нохчийн оппозицин блогера Абдурахманов Тумсос республика гоне лацаран идей ГIалгIайчоьнан дозанца боьзначу хиламашца юзахь а, арахьара конфликт ю аьлла, моттаргIа а хIоттийна, адамийн тидам кхечунна тIебахийта гIортар ду иза боху.

Цхьаъ ду сан ала, Кадыровс цхьа хIума а ца до цхьа а Iалашо а йоцуш.

Абдурахманов реза ву, Ярлыкаповс ма аллара, Нохчийчоьнан куьйгалхо нохчий шен куьйгакIеллахь вовшатоха гIерташ ву бохучуьнца, иза ца нисдаларна леткъа а леткъаш.

"Дуккха а наха дийца долийра, Кадыров бакъ ву, динна тулгIе гIаьттира Кадыровс ша ГIалгIайxоьнера бархI эвла дIайоккхур ю аьлча, цхьа ура-патриоташ бевлира цунна гIортор еш роликаш дIаязйеш", - дуьйцу блогера.

"Шена лиъча – го бира". Кадыровн тIеман таронаш

Нохчийчуьрчу коммерцица йоьзна йоцчу вовшахтохараллан белхахочунна Ахмадов Вахина хетарехь, (цIе хийцина ю цуьнан дехарца. -Ред. билг.) Iамораш ГIалгIайчоьнна еллачул а алсам сигнал ю федералан ценран шена тIе тидам бахийтаран, "иза, хьовсал, муха дало соьга, лиира суна – го бира, лиира суна – го дIабаьстира".

"Цхьана а субъектан куьйгалхочуьнга шен сатийсамехь а дуьхьал хIотталур доцуш ду и тайпаниг. Ткъа Москвара схьа, уггар алсам дахь, шен меркъеллахь цхьа ца къаьста гӀам-гӀим дийр ду Песковс, ткъа вуьшта иза а дийр а дац", - боху Ахмадовс.

Цунна хетарехь, республикана го баран идей, вуно кхераме тенденци ю, ткъа нохчийн милитаризман а, реваншизман а некъ юьхьарлаьцна кегийрхой кхиоро цхьа а диканиг дохьур дац. Ша ца кхета, бохура Ахмадовс, хIун "Оьрсийчоьнан мостагIий" бу Кадыровс буьйцурш, ницкъаллин структурийн кхеташонехь, хIун "дуьнененра чолхе хьал ду" дуьйцург, нохчийн дозанаш а хьехош.

Нагахь цхьаъ ма моьтту цадодахь, цхьа а хьодур вац дозанашкахь саьнгарш яьхна са ца кхоош цигахь латта.

"Хьенах лардир ду, масала, нохчийн-ставрополхойн доза? ЦIеххьана кIорггерчу тIехьар баьхкина дIахIиттинчу америкахойн хIорда-гIашсалтех? Кхузахь алсамо моттаргIанаш а, герз декор а ду. Кхеташ ду, нагахь цхьаъ, ма моьтту цадодахь, цхьа а хьодур вац дозанашкахь саьнгарш яьхна са ца кхоош цигахь летта вала", - билгалдоккху Ахмадовс.

Ша Iедалехь волчу шерашкахь Кадыровс кхоьллина де-юре Оьрсийчоьнан ницкъаллин хьукматашна юкъайогIу, амма де-факто цуьнан тешаме нахехула Нохчийчоьнан куьйгалхочунна муьтIахь йолу ницкъаллийн структураш, боху Сокирянскаяс.

"Цуьнан шен чулацамехь, долахь йолу жима арми ю. И структураш дика кечам бина а, Iамийна а ю тоьллачу оьрсийн инструкторша, уьш тIом баран зеделларг долу тIемалой бу", - дуьйцу Сокирянскаяс.

Кадыровн баккъалла а тIеман таронаш ю лулахошна дуьхьаллатта бохучуьнца, реза ву блогер Абдурахманов. Оццу хенахь иза ца теша шина республикина юкъахь баккъалла а конфликт хила мега бохучух, иза федералан центро хуьлуйтур йоцун дела.

Иза говраш хахкарх тера ду цо масех шо хьалха вовшахтоьхна хилла долчу.

"Цунна чIогIа хазахета цхьацца тIеман орцанаш дохуш, хьовса, хIара ю сан арми бохуш. Иза говраш хахкарх тера ду цо масех шо хьалха вовшахтоьхна хиллачу, туркойн актераш хьошалгIа кхайкхира, ткъа ерриг а республика цхьанха дIахахкаеллера. ХIун логика яра оцу леларан?", - дагалоьцу блогера.

Кадыровн ницкъаллин структурийн белхахойн говзалла гойту цхьана хиламо: тIаьххьарчу Iаморашкахь гериг кхетта чов йира низамаш лардон органан цхьана белхахочунна. Иза мухачу хьолехь ву бохург хIинца а хьулдина ду нохчийн Iедалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG