ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра вахархо пачхьалкхера араваккха сацам бина ГIиргIазойчоьнан кхело


Мовлаев Мансур а, цуьнан адвокат Автандил Бакыт а
Мовлаев Мансур а, цуьнан адвокат Автандил Бакыт а

Бишкек гIалин кхело бехке лерина Нохчийчуьра вахархо Мовлаев Мансур бакъо йоцуш шайн доза хадорна, сацамбина пачхьалкхера иза аравоккхуш. Цунах лаьцна хаамбина Кавказ.Реалиига цуьнан адвокато Автандил Бакыта. Адвокат а, Мовлаев а реза вац динчу таIзарна, бух боцуш лерина и, Iалашо йу цунна латкъамбан.

"Прокуратуро а, оха а дийхира бакъо йоцуш доза хадорах йолчу артиклан гурашкахь мел а лакхара хан тохахьара аьлла. Оцу йукъанна прокуратуро дийхира тоьхна хан йаьккхинчул тIаьхьа араваккха иза ГIиргIазойчуьра, ткъа тхо цунна дуьхьал дара. Эххар а апелляцино тIечIагIдира Бишкекера Первомайскан кхелан таIзар. Мансура СИЗОхь кхо бутт баккхарна, колонихь йаьккхина хан дIалерира, кхелан гIишло чохь маьрша а воккхуш", -кхетийра адвокато.

Автандила билгалдаьккхира, Мовлаев ГIиргIазойчоьнан дозана тIехь вуьсуш ву, хIунда аьлча, апелляцин сацам кассацихь къовсур болуш хиларна. Нохчийчуьра вахархочунна лаккхара хан тохар дийхира адвокато, иза Оьрсийчу дIа ца хьажавайта. Цо бахарехь, цигахь таIзардинарг кхел йоцуш хIаллаквийр ву кадыровхоша.

27 шо долу Мовлаев Мовсар тхэквандо спортан мастер ву. 2018-чу шарахь инженер болх беш вара иза "Чеченэнерго" компанихь. Цхьадолчу зорбанаша а, иштта нохчийн оппозиционераша а хаамбарехь, 2020-чу шарахь кхо шо тоьхнера цунна меттигерчу Iедална критика йарна. Делахь а, муьлхачу артиклехула цунна таIазар динера - кхелийн сайта тIехь оцу кепара бина сацам бац.

Мовлаев хенал а хьалха 2022-чу шарахь маьршаваьккхира, амма марсхьокху-баттахь йуха а лачкъийра иза Нохчийчуьра Шела кIоштан ОВД-н белхахоша. Цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь латтийнера Мовлаев, амма цуьунан ка йелира къайлах вада. ГIиргIазойчу кхечира иза карахь кехат а доцуш, стохка дуьйна цигахь вара иза, йаздо 24.kg сайто. Оьрсийчохь Мовлаев лехамашка велла, экстремизмех гIуллакх долош.

  • ГIадужу-бетт бовш Бишкекера талламан изоляторехь шена тIехь ницкъбина аьлла дIахьедира Мовлаев Мовсара, амма дерриг а дийца ца ларийра иза кхелахойн коллегин куьйгалхочо йукъахваьккхина. Мовлаевн адвокато Автандил Бакыта ресурсана йеллачу комментарихь билгалдаьккхира, гIело йарх латкъам ГIиргIазойчоьнан Iазапех дIахьедарехула йолчу Къоман Центре хьажийна аьлла.
  • Нохчийн жигархойн хаамашца, кадыровхоша лечкъийна бигинера Йоккхачу АтагIахь беха Мовлаевн боллу гергарнаш. Шеларчу полицин декъехь уьш латтийна а бохура.
  • Украинана дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа а дуьйцура, дукха хьолахь республикера ницкъахоша лечкъийна нах тIаме хьийсорах. Царех цхьаболучарна ультиматум хIоттайора, йа тIаме доьлху шу, йа Iазапаш хьоьгу, цул тIаьхьа шаьш айдинчу гIуллакхца набахте а доьлхуш олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG