ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра вахархочун зудчо дIахьедина шена йеттарх. Цуьнан шолгIачу зудчо латкъамбина гIело латторах а, шегара бер дIадаккхарх а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьра вахархочун Шабазов Чингисханан зудчо Алексейцева Алинас дIахьедина, цо шена а, берашна а йетта аьлла. Хьалхо Шабазовн шолгIачу зудчо, Москвара шелтерера цо лачкъийначу Смелая Марияс а аьрзнаш дира доьзалехь гIело хьоьгуьйту цо бохуш. Цо дийцарехь, цуьнгара бер схьадаьккхина цо.

Бакъоларйаран "Нана йоцу Кавказ" проекте орца дехнера Алексейцевас – цуьнан дIайаздина къамел организацин телеграм-каналехь даржийнера.

Интересийн конфлитк хила тарлуш хиларх дIахьедо: "Нана йоцу Кавказ" проект кхоьллина Михальчекнко Лидия а йу Кавказ.Реалии сайтан штатехь йоцу журналист. ХIара хаам кечбеш цо дакъалаьцна дац.

Алексейцевас дийцарехь, Шабазовс "йаха а ца йуьту, дIасайала а ца йуьту" иза, йетта цунна, берашна а, балха ца йохуьйту, йа ахча а ца ло. Зудчо билгалдаьккхира, ша полици йаларх, амма дIахьедан ца хIоьттира хIусамдех кхоьруш.

Оханан-бутт бовш бакъоларйархошка гIо дехнера Краснодарера йахархочо Смелая Марияс. Доьзалехь гIело латторна а, хIусамдас, Нохчийчуьра вахархочо Шабазов Чингисхана, шена кхерамаш тийсарх а дарединера цо. Доьзалехь бала хьоьгучу зударшна леринчу шелтерера лачкъийра 33 шо долу Краснодарера Смелая Мария стигалкъекъа-беттан йуьххьехь. Полицига дIахьедан ца лиира цунна, Шабазовс чIагIонаш йо, ша зуда балехь йаллош йац бохуш. Стигалкъекъа-беттан 30-чохь Смелая Марияс видеокхайкхам дIайазбира, цу тIехь цо чIагIдора хIусамдас шегара бер а, документаш а, телефон а схьайаьхнера аьлла.

  • Оьрсийчохь зударий кхийлар дихкина ду низамца, ма-дарра аьлча, загсе ваха бакъо йац цхьана зудчуьнца бен. Зударий кхийлар даьржина хIума хилар хьулдеш дац Нохчийчохь, мехкан официалан хьаькамаш, шайлахь республикин куьйгалхо Кадыров Рамзан а, омбудсмен Солтаев Мансур а волуш, формалехь и гIуллакх низаме дерзон хьийза.
  • Нохчийчохь хIусамехь шайна тIехь гIело хьегийтарх дIахьедийраш бертаза махка йухабуьгу, цул тIаьхьа камерана хьалха хIиттабой, шаьш хьалхо дийцинарг харцдойту. Бакъоларйархоша билгалдоккху оцу кепара сюжеташ цара шаьш хIиттош хилар: йийсарехь волчу стеган аьтто бац ша баланехь валлочунна дуьхьал вала.
  • Стигалкъекъа-баттахь Казахстанехь экономикан хиллачу министрна Бишимбаев Куандыкана набахтехь даккха 24 шо тоьхна– 31 шо долу шен хIусамнана Нукенова Салтанат йерна. Ресторанехь цуьнца дов даьлла, хьаькамо чIогIа йиттинера зудчунна лечу хьоле йаллалц. И гIулакх чIогIа даьржина дуьйцура, оцу пачхьалкхехь хIусамехь ницкъбина, йа могушаллина зен дина меттиг нислахь бехкзуламан гIуллакх айдан бакъо луш низам йукъа а доккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG