ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра веддачу гейно дийцина Iазапех, шена гIелойинчех цхьаннан цIе а йаьккхина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2022-чу шеран аьхка нохчийн ницкъахоша лачкъийна хилла Нохчийчоьнан вахархочо Дадаев Ризван дийна ву, Оьрсийчуьра дIавахна иза. Цо дийцина, масех баттахь ша "гейн набахтехь" латторах, ткъа гIело хьегийтина шега Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхарчу гIовса Айдамиров Денис аьлла. Дийна висинчух лаьцна зорбане даьккхина "Медуза" гIирсо.

Дадаевн дешнашца, дуьххьара набахте кхечира иза 2017-чу шеран аьхка. Полисхоша, цунна вевзачо къола дина аьлла, бахьана а хIоттийна, полисхойн декъе дIавигира иза. Хьайн накъостаца сексуалан уьйр хилла алий, къера хила бохуш, ницкъбинера цунна. Дадаевна йиттинера, иштта ток йеттийтина а хилла, цул тIаьхьа цуьнан да тIекхайкхина, цунна а хезаш, ша гей ву алийтина, тIаккха дIахецна. Волайнхочо дийцина ишта, лаьцначарлахь Лапунов Максим а вара ларми чохь аьлла. Дуьххьара Нохчийчуьра ЛГБТ-нах лоьцуш хиларх дIахаийтинарг ву иза.

ШолгIа ницкъахоша лецира Дадаев 2022-чу шарахь. ТIаккха а ток йеттийтинера цунна, йиттинера, хьайна бевза боллу Нохчийчуьра ЛГБТК-комьюнитин декъашхой схьабийца баьхна хиллера. Цхьа ши кIира даьллачу хенахь йийсархо дIахийцира, амма цунна дуьхьал гIуллакх айдира "бакъо йоцуш хьун хьаькхна" аьлла.

Оцу заманчохь лаьцна латтийначунна "маьхза белхаш" бар тIедожийнера, ша шена тIе куьйгаш дахьа ойланаш а хуьлура цуьнан, цхьа хан йаьлча иза йуха а лаццалц. Амма уьш ницкъахой ца хиллера,"со санначу нахах мохк цIанбен шайггара лела нах хиллера уьш", - дийцина Дадаевс журналисташна. Цо бахарехь, оцу тайпа нах шайн пайда лоьхуш лелаш хиллера – ЛГБТК-йукъаралин нахана шантаж йеш, цаьргара ахчанаш дохуш, и дан аьтто ца хилахь – ницкъахошка йа церан гергарчаьрга дIалуш хиллера уьш.

Дадаев хьуьнха а вигина, жIов йетташ, кхерамаш тийсинера цунна, морзахца мIараш схьайохур йу бохуш. Видео тIе дIа а йаздеш, алийтинера гомосексуал ву ша. Ризванан дешнашца, и видео гаранти йара, шена бевза нах цо царна дIабуьйцур бу аьлла, нагахь санна, цо и ца дахь, ролик интернетехь йаржор йу шаьш аьлла дош деллера.

Дадаев ша маьрша ваьккхинчул тIаьхьа цаьрца зIенера дIаваьллера, эххар а машанашкахь йаржийра ролик. И бахьана долуш йуха а лецира иза ницкъахоша.

ТIаьхьо полисхошна схьакарийра, и видео дIайазйинарш, царна йиттинера, оцу веанне а дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийра наркотикашца доьзна, дагалоьцу Дадаевс.

Иза ша йуха а ларми чу воьллира, цигахь эхашарахь гергга латтийра иза. Йуха а Iазапаш хьийгира цунна тIехь: пластикан биргIанца хьийзийнера, Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхарчу гIовса Айдамирв Денис хьалхара ши церг йаьккхинера цуьнан.

Цхьа хан йаьлча йийсархо дIахийцира, цул тIаьхьа пачхьалкхера ведира иза Кризисан "СК SOS" тобанан гIоьнца. Карарчу хенахь Европехь ву иза.

"Ас чIогIа сагатдо бисинчарна, сайна бевза-безачарна, массарна а. Со тешна ву, церан а дIабаха ка йер йу, лартIахь дахар нисдан аьтто а хир бу аьлла. ХIунда аьлча, низамах гIоьртина хIума дац – могIарера Оьрсийчоьнан бахархоша а тIе ца лоцу ЛГБТ-адамаш", - дерзийра шен дийцар Дадаевс.

Лапунов Максима а, кадыровхойн бехках баланаш хьегначу гейша а дийцира Кавказ.Реалии сайтана, пачхьалкхехь шайн бакъонаш къийса таро хIунда ца го шайна, ориентаци бахьана долуш Нохчийчохь стаг вен тарлуш хиларх а, ткъа "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-маша" кхоьллинчу Кочетков Игоря тIедожийна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина а, Талламан комитетана а, прокуртурина а оцу хьолан йистйаккха аьлла.

  • Дуьненайукъарчу бакъоларйаран Human Rights Watch организацино зорбане йаьккхина "Дуьненайукъара 2023-чу шеран рапорт" – доллу дуьненахь адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна. Оьрсийчоьнна леринчу декъехь билгалдаьхна Нохчийчохь шога низамаш талхор. Ишта бакъоларйархоша тидам тIеузу "къинхетамза муьлхха а кхечу кепара ойла хилар охьатаIош" хиларх, лоьцуш, республикера дIабахначу Кадыровн критикийн гергарчаьрца харцонаш лелош, цаьрга гечдарш доьхуьйтуш.
  • 2017-чу шарахь тIепаза вайна нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха кадыровхоша вийна хилла. Цунах лаьцна Кризисан "СК SOS" тобано бинчу талламехь дуьйцура. Ницкъахой тIаьхьабевлла хиллера Бакаевна, иза гомосексуал ву аьлла, тешна бу бакъоларйархой. Шен дахарехь дукхахйолу хан Москвахь йоккхура иллиалархочо, иза тешаш ца хиллера, ша вуьйр ву аьлла.
  • 2021-чу шеран оханан-баттахь Европан конституцин бакъонашкахула а, адаман бакъонашкахула а йолчу центро "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанца" йукъахь дIахьедар дира ФРГ-н кхеле, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонера пхеа хьаькамна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш даха аьлла. Бакъоларйархоша бехкебора уьш, сексуалан ориентаци, гендеран идентификалла а бахьана долуш нахана тIаьхьабийларна, уьш лецарна, уьш байийтарна а. Мел кIезиг а 150 стаг вийна бохура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG