ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра яккхийчу машенашкахь леларш реза бац, шайга фуранаш тIе тIеман агитацин кехаташ деттийтарна


СОБР "Ахмат" декъан эскархойн духарна тIетегнарг
СОБР "Ахмат" декъан эскархойн духарна тIетегнарг

Нохчийчуьра яккхийчу машенашкахь леларш реза бац шайга фуранаш тIе тIеман агитацин кехаташ деттийтарна. Цунах дерг нохчийн маттахь дуьйцуш аудио а йаржийна социалан-машанашкахь. Цу кехатан шен сурт а ду дIасакхоьхьуьйтуш -Оьрсийчоьнан спецназан университетан реклама йу йуьйцург. Сихбинна беш кхайкхам бу, "Ахмат" полке дIайазло, бохуш. Муьлхачу телефонашца зIене вала мегар ду а билгалдаьккхина а ду.

"Нагахь оха и кехаташ тхайн машенашна тIе ца тохийтахь, тхо республикера арадовлуьйтур дац аьлла. Йа чу а дохкуьйтур дац боху. И муха хета шуна? Оьрсийчохь оьрсашка а ца бохург ма ду и. Уьш тIе а тоьхна, лела деза боху тхо. Йохалнехьа, шоралнехьа ши метр, кхо метр хир ду уьш. Машенан шинна агIора тоха деза боху. Тахана дозанехь латтош и баннераш тIе ца тоьхначех дуккха машенаш йу. Уьш ца хилча, сехьа ца бовлуьйтуш. Тхоьга хоттуш хIумма дац. Шуна лаьа уьш тоха йа ца лаьа, бохуш стаг вац. Тоха дезахь тIетоха, къамел схьа а ма де боху тхоьга, - дуьйцу хаам бечо.

Цу аудио-къамелехь цо боху, ша кхоьруш дерг, и тайпа агитаци эцна ша новкъа валахь, шена мичхьара а зулам хила тарлуш хилар. "ВаллахIи, “Z” элп машен тIехь гина аьлла, стогарш ма дохийра цхьаннан. Туркоша, гуьржаша - тхо шаьш долчу чу а дуьтур дац. Гуьржаша-м и тайпа машен йагор а йу".

Украинехь Оьрсийчоьно тIом болийчхьана Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шен ма-хуьллу цу тIаме эскархой а, лаамернаш а дIахьежош ву. Гуьмсехь тIаманна нах кечбеш йоккха цхьа плацдарм а йу цуьнан. ХIора кIирнахь 200 лаамернаш кечбо цо цигахь бохуш, хаамаш бора.

  • Оьрсийчохь мобилизаци йолайаларца цу тIаманна дуьхьала мел верг къоман мостагIа кхайкхош схьавогIу Кадыров, аьлла дийцира Кавказ.Реалии сайто. Украинина дуьхьала тIом бечу нохчех къоман турпалхой, къонахий олу. Цу тIаме баха лаар гойтуш боцурш Кадыровс а, цуьнан гоно емалбеш, сийсазбеш гойту.
  • Бакъонашларйархоша дIахьедо: тIаме гIо бохуш хьийзош болу нах инвалидаш а хуьлу, чохь бехкинарш нисло. Регионехь кегий нах лечкъабина, лаамза, бехк-такхаман гIуллакхаш долор ду шуна олий, кхерамаш туьйссуш, йа ахча ло, йа тIаме гIо бохуш, дIахьийсина меттигаш бу",- дуьйцу 1АДАТ - нохчийн оппозицин боламан декъахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG