Нохчийчуьра берийн бакъонийн Iуналла дечу Хирахматов Хьамзата дIахьедира, Европехь бехачу бусулбананийн бераш цигарчу социалан белхалоша "бахьана ца дуьйцуш" доьзалшкара дIабуьгу аьлла. Дукхьа хьолахь иза хуьлу дайша-наноша "ЛГБТ къобал цайарна", бохуш дуьйцу меттигерчу Iедалан "Чечня Сегодня" агенталло. Хааман бух билгалбоккхуш бац.
Хирахматовс дийцарехь, цу кепарчу аьрзнашца цуьнца зIеневаьлла 20 гергга Европехь веха Оьрсийчоьнан махкахо. Церан цIераш а, дийцарш а цо ца хьехийра. "Орца"къоман агенталлин куьйгалхочо Юсупов Мухьаммада дIахьедира, "кхиаза долчу берашца Европерчу пачхьалкхашкахь Iен кхераме хиларах".
Бакъонашларйархоша бахарехь, Нохчийчуьра Iедалхоша дуккха шерашкахь тергал ца деш, дитна республикерчу доьзалашкара чолхе хьелаш. Кхелашкахь и тайпа гIуллакхаш къастош кхелахоша бо "озабезамаш" а. Нохчийчуьрчу кхелаша дукхьа хьолах бераш шайн деца дуьту. Меттигерчу менталитетаца а, ламасташца а доьзна ду иза, элира Кавказ. Реалии сайто хеттарш динчу доьзалийн гIуллакхийн юристаша. 2021-чу шеран лахьан-баттахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело даредира, Къилбаседа Кавказехь берашна тIехь дискриминаци йарна.
Юристаша бахарехь, кхело бераш ненаца дита сацамбича а, кхелан белахалоша и тIедахкарш кхочуш ца до. И тайпа гIуллакхаш ду, масала Муружева Лайлаан, Губашева Асетан, Юсупова Фатимин, Ферзаули Расинин - уьш бу Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан бахархой. Цара къийсам латтабо, шайн бераш кхион лаарна.
- Нанойн бакъонаш ларйарехь дуьхьало йар - меттигерчу Iедалхоша леррина дIахьош политика йу, аьлла хета адвокатна Гнездилова Ольгина. Берийн Iер-дахаран меттиг къастон гIуллакхаш дIахьочу хенахь хьаькамаша а, кхелахоша а ларйийриг менталитет йац, "бюджет кхоорна тIедерзийна" ду, дIахьедира редакцига къамелахочо.
- Росстата дийцарехь, 2022-чу шарахь доьзалаш бохарехь Нохчийчоь хьалхарчу меттехь лаьтташ йара. Цу йукъанна цигахь дIасакъаьстира 9070 доьзал. И терахь 2021-чу шарахь хиллачул шиъ ах сов долуш ду (3783; +240%) . 2022-гIа шо дIадаллац гуш дара Нохчийчохь доьзалаш къастаран терахь хьаладолуш. Иштта республикехь лахделира официалехь доьзалаш кхолларан терахь а - 2021-чу шарахь регистраци йира 7504 доьзало, 2022-чу шарахь- 4390 бен бацара. Хьалхалерчу шарца дуьстича, 58%.
- 2013-чу шарахь гIарадоккхуш дийцира Нохчийчохь берашна гIело йарах долу гIуллакх - 22 шо долчу Шабиханова Маккас шен меран воIаршна, йоIаршна чкъурах хIума тоьгучу мехийн гергаш йихкарах лаьцна.