Хорватерчу депортацин легерера дIахецна волчу Нохчийчуьрчу мухIажарна тховкIело йелла. Динан экстремизмана бехкевеш хилла волу цуьнан кхин а ши махкахо маьршаваьккхина, дуьйцу Кавказ.Реалиин сайте "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас.
"Цара массара а хьалхо мацалла кхайкхийнера, лагеран белхахоша шайца къизаллаш лелорах латкъамаш бинера. Цхьа бух боцуш экстремизмана тIехула шеконашка лаьцна оцу лагере низам хадош хьажийна хиларх а дIахьедора цара", - дийцира къамелдинчо.
ТховкIело йала дуьхьало йиначул тIаьхьа низамехь доцуш доза хадорна, Европе йухаберзарна а тIехула лаьцна латтош бу оцу лагерехь кхин а нохчий.
- Оханан-баттахь Нохчийчуьра мухIажарша мацалла кхайкхийра, шаьш депортацин куьпахь кхин дIа а сецорна дуьхьал. 2022-чу шеран гурахь дуьйна бара уьш цигахь латтош. Нохчаша дIахаийтира, шайна куьпан белхалоша ницкъбарх, шайца шогалла лелорах. Итт де даьллачул тIаьхьа шайн могушалла эша йоьлча, тIехь терго латточу Хорватин стсруктурийн шайца бала а ца кхаьчча, йукъахйаьккхира цара мацалла.
- Хорватин омбудсмен йолчу Шимонович-Айнвальтер Тенас куьпахь дерг толлуш, зераш дийриг хиларх дIахьедира. Иштта хьолан терго йира Хорватин бакъонашларйархоша а. Оханан-беттан чакхенгехь Кавказ.Реалиин редакцино кехат дахьийтира Хорватин чоьхьарчу гIуллакхийн министралле, нохчийн мухIажарша мацалла кхайкхорах а, церан бакъонаш хьешна бохучух а лаций комментарий йар доьхуш. Амма масех кIира даьлча, цхьа а жоп ца делира.
- Лахьан-беттан йуьххьехь Хорватехь лецира масех иттаннашкахь Нохчийчуьра мухIажарш – цара латкъамаш дора, тховкIело йоьхуш делла кехат йухаэца бохуш, ницкъбо шайна аьлла. ДIалийцинарш Оьрсийчуьра Туркойчухула сехьабевллера. Европин кхечу пачхьалкхашка баха дагахь.
- ГIуран-баттахь "Европера нохчийн Ассамблейно" дIахьедира, нохчийн мухIажарна Хорватин полисхоша аэропортехь йеттарх. Цул тIаьхьа мигранташ латточу куьпа дIакхачийнера иза, цигахь масийтта дийнахь ша цхьаъ камери чохь латтош. Хорватин Iедалхоша Нохчийчуьра мигрантана йеттарх лаьцна комментарий ца йира.