ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу полисхочунна Агуев Рустамна Доьналлин орден йелла. Кадыровн мостагIийн коьртеш даха баьхнера цо


Кадыровн цIарх йолчу лерринчу полкан эскархой. Гайтаман сурт
Кадыровн цIарх йолчу лерринчу полкан эскархой. Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан Курчлойн кIоштехула йолчу полицин декъан куьйгалхочунна, Кадыровн накъостана Агуев Рустамна Доьналлин орден йелла. Дайначу шеран дечкен-баттахь Американ санкцеш йехира цунна дуьхьал, ЯнгулбаевгIеран доьзалан коьртеш даха бохуш цо дIахьедарш дарна.

Агуевна совгIат даларх шен телеграм-каналехь дийцира Кадыров Рамзана. Цул сов, "Ахмат-Грозный" ОМОН-н буьйранчана Бисаев Анзорна а йелла Доьналлин орден, дийцина республикан куьйгалхочо. Президентан сайтехь бац Агуевна, Бисаевна совгIаташ даларх хаамаш – кху шеран товбеца-баттахь уьш сайте хIиттош бац.

2022 шеран зазадоккху-баттахь Американ финансийн министралло санкцийн тептаре ваьккхира Агуев, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарна. Бакъоларйархошна хетарехь, Курчлойн кIоштан РОВД-н куьйгалхо америкхойн Iедало тидаме лецира, Европехь бехачу махкахошка ЯнгулбаевгIеран доьзалхойн коьртеш тIерадаха бохуш цо дIахьедича. Кадыровн Iедална критика йечу 1ADAT телеграм-каналаца и доьзал боьзна хета Нохчийчуьрчу Iедална.

Агуевс куьйгалла дечу Курчлойн кIоштарчу РОВД-н белхахо гунахь ву элира талламо, 2009 шеран товбеца-баттахь оьрсийн бакъоларйархо, журналист Эстемирова Наталья лачкъорна а, йерна а. 2017 шеран дечкен-баттахь Курчлойн кIоштан вейтта вахархо низамехь доцуш лаьцна латтийра оцу полицин декъехь: Европерчу адамийн бакъошашкахула йолчу кхелехь цара дийцира, шаьш Iазапехь латторах, сексуалан кепехь сийзаллаш лелор йу бохуш кхерамаш тийсарх а – герз лелорна а, низамехь йоцу герзаца цхьанакхеталлехь дакъа лаьцарна а къера хилар тIедожош.

"Йукъараллин къепе ларйарехь са ца кхоийначу, стогалла, майралла гайтинчу" бахархошна луш йу Доьналлин орден. Зуламхошна дуьхьало латторна, чолхечу хьолехь нах кIелхьарабахарна а луш йу иза иштта.

  • Кхерамаш тийсича шен йоIаца Алияца Оьрсийчуьра дIавахара Янгулбаев Сайди. Янгулбаев ИбрахIим а, Байсангур а дIавахна оцу махкара 2018-чу шарахь. Янгулбаев Абубакар пачхьалкхера араваьлла 2021-шеран гIуран-баттахь.
  • Курчлойн кIоштехула йолчу РОВД куьйгалхочо камерина хьалха дов дира меттигерчу бахархошна, низамаш хедорна, меттигерчу Iедална хетарехь, ламасташца доцуш леларна а. Масала, низамаш хедочийн машенаш схьа а йахий, уьш урамашка нораш хьекха арабахар тIедожийра цо.
  • Шен даьхний дажа дахийта аьтто ца болу шен аьлла дIахьедина волчу стеган йуьхь йаьхна 2021 шарахь Агуевс – ворхI беран да баркал ала декхара вара республикан куьйгалхочунна, и даьхний шен хиларна, аьлла Агуевс. 2022 шарахь зуда йалочехь герз кхуьйсуш болу Нохчийчуьра бахархой Украинерчу тIаме хьийсор тIедожийра полисхойн хьаькамо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG