ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу прокуроро пхи шо ахшо хан тохар тIедожийна Мусаева Заремина


Мусаева Зарема а, цуьнан адвокаташ а
Мусаева Зарема а, цуьнан адвокаташ а

Нохчийчохь прокуроро пхи шо ахшо хан тоьха аьлла оппозицин активистийн ЯнгулбаевгIеран нанна Мусаева Заремина – иза хьалхо кадыровхоша лачкъийнера. Хьарамлонаш лелорна а, полицин белхахочунна ницкъбарна а бехкейо иза, бакъоларйархоша политикан тутмакх лаьрра Мусаева.

Мангал-беттан 15-хь хиллачу кхелан кхеташонехь прокуроро дIахьедира, хьарамлонаш лелорна тIехула долу гIуллак йуха долон деза аьлла. Керла материалаш йу аьлла бух балийра цо: дийцарехь, 2017-чу шарахь Соьлжа-ГIала а йеана, талламхоша бахарехь, Азимова Мадиница цхьаьна а кхетта, декхаре а йоьдуш, хIусам чохь лелон техника эцийта аьлла цуьнан гергарнаш тешийнера, тIаккха ахча дIа ца деллера бохура талламо.

И зулам дайтархьама тIехьоьхуш хилла боху Мусаевас, талламхоша дийцарехь, Азимовас оцу схемех пайда эцна и шиъ базарахь цхьанакхеттачул тIаьхьа ши шо даьлча. Мусаева Заремас а, цуьнан адвокаташа а бехкаш тIе ца лоцу, гIуллакх харц хиларх а дIахьедо.

"ГIуллакх цхьаъ ду. Прокуратуро гIуллакх йуха долош хиларх дIахьедира, тIаккха масех агIо тIетуьйхира цига, тIаккха кхелан таллам йуха а чекхбаьккхира", - дийцина Кавказ.Реалиин сайте.

Адвокато бахарехь, прокуратуро цунна кхо шо хан тохар тIедожийнера хьарамлонаш лелорна тIехула, кхин а кхо шо ахшо – МВД-н белхахочунна ницкъбарна бохучу бехкашна тIехула, уьш цхьанатоьхча – пхи шо ахшо хуьлу.

Хьалхо Соьлжа-гIаларчу кхело Мусаева Заремин гIуллакхна йуккъера шеконе материалаш дIа ца йохуш, йита, сацам бина. Йуьйцург йу Мусаевин мIарашца карийна боху цIийн лараш. Цо тIелетта лазийна бохуш волчу полисхочун ду бохучу цIийн. И болх бан безачо бина ца хилла. Цул совнах, йа таллам бан и биоматериал схьаэцар а, йа материал эксперташка дIайалар а цхьанна кепара фиксаци йина ца хилла.

  • Дечкен-беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIайуьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.
  • Мусаева Заремин гIуллакх товбецан-баттахь Соьлжа-гIаларчу Ленинск кIоштан кхелехь дIадолийна ду. Кавказ. Реалии сайто дикка кхеттош дийцира цу гIуллакхах а, цуьнан голморзахе хиларах лаьцна.
  • Мусаева дIайигначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь ЯнгулбаевгIеран доьзална бекхам бийр бу ша бохуш, кхерамаш тийсира Кадыровс. И шен кхерамаш карлабехира цо шен видеокъамелехь. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-гIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сихсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан сарташ дагийра, этIийра, сарташна тIе когаш биттира.
  • "Политикан тутмакхашна тIехIоттар. Мемориал" бакъонашларйархойн проекто Мусаева Зарема политикан тутмакх лоруш сацам бина.
  • 2023-чу шеран дечкен-баттахь Янгулбаев Абубакара Кадыров Рамзане дIахьедар дина, ша шен ненан меттана дIалацарна реза ву аьлла. И видео жигархочо шен нана дIалаьцна шо кхочуш дIайазйина йу. "Пачхьалкхан низамашна, адаман йуьхьна" гIело йарехь бехке лерира цо Нохчийчоьнан куьйгалхо. Цо билгалдоккху, дIалаьцна латточу цу шарчохь шен ненан могушалла эшна йогIуш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG