ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра "спецназан университетан" тховх цӀейаьлла дронаца тӀелатар динчул тӀаьхьа


 Оьрсийчоьнан спецназан университет (РУС), Гуьмсе
Оьрсийчоьнан спецназан университет (РУС), Гуьмсе

Нохчийчоьнан Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спезназан университетан" (РУС) цхьана гӀишлонан тховх цӀейаьлла, Ӏуьйранна дроно тӀелатар динчул тӀаьхьа аьлла, хаамбина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграмехь. Цо бахарехь, Украинерчу тӀамна "волонтераш" кечбеш йолу коьрта центр кхидӀа а болх беш йу.

Дронийн тIелатар хилла Ӏуьйранна 6 сахьт 30 минот йаьлча. Кадыровс хаам ца бира цхьа а дрон герз тоьхна чудаийтарх лаьцна, амма цо дӀахьедира "пилот воцчу кеманашца тӀелатар дина" аьлла. ТӀеман министралло Оьрсийчоьнан регионашна тӀехула 7 дрон чудаийтарх лаьцна бинчу хаамехь Нохчийчоь хьахош йац.

Гуьмсехь "спецназан университетан" гӀишлонан тхов богуш даьккхина сурт зорбане даьккхира НИЙСО олучу оппозицин нохчийн телеграм-канало. И сурташ теллича, лаххара а ши дрон кхетта гӀишлонан тхов тӀе - ши цӀе къаьсташ йу сурт тӀехь. Кадыровс дийцарехь, тӀелатар дина "яьссачу гӀишлонна", вийна а, лазийна а стаг вац, ткъа цӀе хӀинцале а дӀайайина.

Республикерчу талламан хьукматаша инцидент талла а, зуламехь дакъалаьцнарш муьлш бу къасто а долийна аьлла, хаамбира Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Амма цо цхьана а кепара ца дузу и тӀелатар Украинин эскаран гӀуллакхашца.

Гуьмсехь йолу "Оьрсийчоьнан спезназан университет" (РУС) махкахь уггаре а йаккхийчех цхьаъ йу. Украинехь тӀом бан "волонтераш" кечбечу центрех цхьаъ йу и. Цигахь Ӏамораш деш эскаре хьажийна республикера бахархой хилла ца Ӏаш, Оьрсийчоьнан тайп-тайпанчу регионашкара йолахой а бу. Марсхьокху-баттахь президент Путин Владимир хилира центрехь, Ӏамораш дӀахьош болчу "волонтерашца" цхьанакхетар а деш. ХIара шо доладелчхьана дуьйна РУС- университетана Путин Владимиран цӀе тиллина.

  • Еарин дийнахь делкъал тӀаьхьа Соьлжа-ГӀалана уллера Петропавловская юьртахь муьлш бу ца хуучу наха герзаш диттира Росгвардин коврана. Цхьаъ кхерамазаллин белхахо цу меттехь вийна, важа тӀаьхьо дарбан цӀийнехь велла. Официалехь Нохчийчоьнан Ӏедалша "тергал ца дира" хилларг хӀинца а официалан хаамаш бац тӀелетарш хиларх лаьцна.
  • ПхоьалгӀа де ду Нохчийчохь Грозненскан кӀоштан 4-а юьртахь рейдаш дӀахьош: ницкъхоша теллина ЦоьнтIара-юьртан а, Беркат-юьртан а, Ильиновская эвлахь а, ткъа иштта Петропавловскехь а. Цунах лаьцна хаам бира оппозицин НИЙСО канало.
  • ГIадужу-беттан йуьххьехь нохчийн оппозицин 1АДАТ боламан жигархоша Гуьмсехь рейдаш дIахьош йу аьлла дӀакхайкхийра, некъан полицин постана тӀелатар динчул тӀаьхьа. Гинчара дийцарехь, иза хилла гIадужу-беттан 4-чохь буса. Нохчийчоьнан пачхьалкхан зорбанан гӀирсаша дош ло тӀелатар динчу нахах лаьцна информаци йеллачунна 5 миллион ахча лур ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG