Цхьацца бехкамаш бина, талламан изоляторера араваьккхина Москван кхело нохчийн адвокат Идалов Тимур. Хьалхо прокурорна кхерамаш тийсарна бехктакхаман гIулллакх долийнера цунна дуьхьал.
Кавказ.Реалии сайте ИдаловгIеран цIийнах волчо дийцарехь, адвокатана дихкина интернет а, телефон а лелор, иштта мегар дац цунна чуьра аравала буса итт сахьт даьллча Iуьйранна ворхI даллалц. Гезгамашин-беттан 12-чу дийне кхаччалц латтор ду дехкарш.
Редакцица къамелдинчо бахарехь, интернет а, телефон а лело цамагаро дикка чолхе боккхур бу адвокатан болх.
"Амма, Тимур сайна вевзаш хиларна боху аса, сан шеко йац, низаман гурашкахь дерриг а дийр ду цо, адамаш Iалашдархьама", - аьлла, тIетоьхна адвокатан доьзалера векало.
Стигалкъекъа-баттахь нохчийн адвокат Идалов Тимур Iалашван хIиттинчийн аьтто ца белира цуьнан лацар къовса – ФСБ-н а, МВД-н а белхахоша дIахьедира цуьнан терроран тобанашца а, нохчийн бандашца а уьйраш хила тарло аьлла. ТIаккха адвокаташ тIетевжира оцу шеконийн тоьшаллаш цахиларна а, дина зулам дацарна а. Цул совнах адвокаташа доьхура 55 шо долчу Идаловн могушалла ледара хилар тидаме эцар, ша адвокат хиларе терра, цо дIахьош дуккха а гIуллакхаш хилар, арахьарчу мехкашкахь лела паспорт цуьнгара дIаэцна хилар, цо а тоьшалла дора, иза пачхьалкхера водур цахиларан.
Идалов Iалашвечарех цхьана адвокато Мусаев Мурада дIа ма хьедарра, процессехь дакъалоцучу прокуроре аьллера цо: "Хьо капитан Каттани-м вац (италхойн сериалашкахь мафица къийсам латтош хилларг – Билгалдаккхар.)? Цунна тоьпаш ма тоьхна". Цо кхерам тасар ду иза аьлла, тидина талламо и дешнаш.
Дуккха а резонансе гIуллакхаш цо лелош хиларна, бехкевечунна дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх- бина бекхам бу цунна элира адвокаташа. Иза бакъ хиларан аргумент лору, бехкзуламан гIуллакх кхелехь прокуроре цо дешнаш аьлла ахшо даьллачул тIаьхьа долийна хилар.
- Идалов Тимур – Нохчийчуьра ву, милцо болх бина цо, дагадоуьйту "Новая газета. Европа" хьасто. Дуьххьара таIзар динера цунна, I999-чу шарахь Эрмалойчоьнан президент хила гIерта Джилавян Серж лачкъийначу тобанан куьйгалхо хилла ву аьлла. ШолгIа наркотикашца доьзна бехкевира иза. 20I2-чу шарахь, "Коммерсантан" информацица, Европера адаминй бакъонашкахула йолчу кхело компенсаци кхачийра цунна, кхел харцонца йарна а, цуьнца къизаллаш лелорна а.
- "Коммерсантан" информацица, ГIалгIайчуьра экстремизмна дуьхьало латточу Центран хьалханча Эльджаркиев ИбрехIим верца доьзначу гIуллакхехь бехкевен Белхороев Алиханан адвокат вара Идалов. И гIуллакх листа Къилбан гонашкара тIеман кхеле кхачийна дечкен-баттахь. 2020-чу шарахь Идаловс дIахьедира SOTA телеграм-каналана йеллачу комментарехь, ша Iалашвечунна тIехь Iазапаш лелийнера Буьри-ГIаларчу номер 6 йолчу СИЗО-хь аьлла.
- SOTA-н хаамашца, Идаловн юкъарлонаш ду Лев Пономаревн "Адамийн бакъонашкахьа" цIе йолчу боламца, цо Iалашвеш вара Хабаровскан экс-губернаторца Фургала Сергейца доьзначу гIуллакхца таIзар дина Кадыров Мурат а. 20I8-чу шарахь Идалов адвокат хIоьттира ГIебарта-Балкхаройчуьра Бегидов Альбертан. Иза бехкевора Кировн кIоштара Омутнинскера "таIзаран" колонин белхахочунна тIелатар дина аьлла.