Нохчийчохь телеграм дIакъовлар, Кадыров Адаман керла совгIат, Мадиев Муслим Интерполон лехамашкара дIаваккхар –кхунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 106-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Нохчийчохь телеграман болх сацор
Нохчийчоьнан Ӏедалша "кхайкхам бина" республикехь дIакъевлина телеграм схьайаста аьлла. Оцу тIедилларца вистхилира регионера къоман политикан, зорбанан, информацин министр Дудаев Ахьмад. Республикехь телеграмах пайдаоьцу меттигерчу Ӏедалша а, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, иштта пачхьалкхера дIабаха дезначу, рожана дуьхьал болчу блогерша а. Уггаре а гIарайевллачех йу Абдурахманов Тумсон а, Белокиев Исламан а, Халитов Хьасанан, иштта 1АДАТ-ан, NIYSO-н а каналаш. Цара массара а кест-кеста критика йо Кадыровна, республикехь цо адамийн бакъонаш талхош хиларх лаьцна хаамаш зорбане а бохуш.
Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказерчу кхечу мехкашкахь а телеграман агIонашка валалуш цахиларх дийца даьккхира 2024-чу шеран гурахь а. Дукха хан йоццуш, зазадоккху-баттахь, телеграмна блок тоьхна аьлла, официалехь хаам бира Дагестанан терахьийн кхиаран министро Гамзатов Юрийс. Цо тIечIагIдира, и дехкарш Нохчийчоьнах а хьакхалуш хилар а, уьш федералан тIегIанехь ницкъаллин структурийн тIедахкаршца доьзна хилар а. Цул тӀаьхьа оцу хьолах лаьцна дийцира Дудаев Ахьмада а.
"Нохчийчохь мессенджер дӀакъовлар "бух болуш а, йа пайде а дац" элира цо, и дуьйзира Дудаевс "цхьаццаболчу питанчийн" гӀуллакхашца, ша вуьйцург мила ву билгал а ца доккхуш. "Нагахь санна, хIуьттарена дина и дацахь, кхин хӀун бахьана дара Нохчийн Республика харжа?"- бохуш, хеттаршка вуьйлу министр.
Нохчийчохь билггал жигара лелайо телеграм: МТС операторан аналитикаша дӀахьедира, мессенджерх пайдаоьцу меттигерчу 60 процент сов бахархоша аьлла. Политологна Дубровский Дмитрийна хетарехь, нохчийн Ӏедалхоша телеграм схьайаста аьлла тӀедожор, уггаре а хьалха Кадыровс цунах шена пиар йеш пайдаоьцуш хиларна ду.
“Ша шена пиар йен, мехала гIирс бу телеграм Кадыровна, цундела иза кийча ву и кхерам тӀеэца [Москвана дуьхьал вала]. Кадыровн шен бандитан кепаш йу, телеграм-каналийн авторшца къийсам латтош. Аьлча а, церан каналаш дӀакъевлина ца Ӏаш, уьш лоьхуш, сийсазбеш, йетташ, чубухкуш. Цунна [Кадыровна] и тайпа блокировка йар сийсазе хIума хетта, хӀунда аьлча, цуьнгара пурба а доцуш и дина хиларна. Цуьнан дозана тIехь цхьаммо а ца хаьттира цуьнга, цуьнан территори тIера телеграм дӀакъовлуш. Ша меттигера эла а, паччахь а ву бохуш лела иза, цундела федералан Ӏедало шега хаьттина хIума а доцуш, цхьаъ дан тарлуш хиларо, чIогIа эргIад вахийтина иза».
Хьалхо оццу Нохчийчоьнан информацин министро Дудаев Ахьмада дӀахьедира, республикехь эзар сов стаг йукъаозийна "арахьарчу экстремистийн пропагандаца" къийсам латто аьлла. Цо билгал ца даьккхира, оцу буха диллинарг хӀун маьӀна долуш ду. Тхан редакцин эксперташа бахарехь, йуьйцург йу нохчийн оппозицин блогершца хилла конфронтаци. Интернетехь йозанаш дойтуш, меттигерчу Ӏедалша иштта пайдаоьцу пачхьалкхан секторан белхахойх а, интернет-ботех а. Кадыровн посташна бухахь иза хестош комментареш йазъйан, ткъа цуьнан критикийн посташна бухахь вочу агIор йозанаш дан декхаребо уьш.
Кадыров Адамна рогIера совгIат дина
Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана, 17 шо долчу Кадыров Адамна рогIера совгIат дина - "Ахмат-Грозный" ОМОН-н декъан некха тIехь лело билгало йу иза. СовгIат кхиазхочунна дIалуш бохура "тIеман хьелашкахь хаддаза гIо-накъосталла латторна" луш йу. Амма Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхиазхо волчу кIанта хIун "гIо дина" эскархошна, билгал ца даьккхира Соьлжа-ГIалахь.
Кхиазхочунна мидалш а, орденаш а, сийлахь цIераш а, даржаш дала буьйлабелира, лецна латточу Журавель Никитина цо йиттинчул тIаьхьа. Дукха ца Iаш "Нохчийчоьнан Турпалхочун" седа а белира цунна, ГӀезалойчоьнан а, Къилбаседа Кавказерчу мехкийн а орденаш а, ишта бусалба динан мидалш а цхьана йелира цунна. Цул совнах, Кадыров Адамехь йу "даим цуьнгахь латто" аьлла, ларйан йелла Кавказан тIамехь хиллачу буьйранчан Бенойн БойсгIаран орден а.
Карарчу хенахь Адам - республикан куьйгалхочун кхерамзаллин декъан хьаькам ву, Украине тIом бан хьийсон йолахой кечбечу "спецназан университетан" а, ишта Кадыровн шина батальонан а куратор а ву иза.
2025 шеран чиллан-баттахь нохчийн делегаци Мисара йахначул тIаьхьа Iарбойн арбитражан кхелан декъашхо хаьржира Кадыров Адам.
Политологна Айсин Русланна хетарехь, Кадыровн кIантана совгIаташ декъар, Нохчийчохь билггал йолчу проблемийн терго ца йайтархьама леш хIума ду.
"Гой шуна, суна хетарехь, психологин сферехь ду хIара дерриг а. ХIара хIума йукъара даккхалур долуш дац. Дагадаийтиша, Брежнев а ма вара и тайпа хIуьцIа-пIуьцIалгаш хазахеташ. Къаной беран хьекъале боьлху, ткъа кхузахь бераш ду къаной санна лелаш. Схьагарехь, кIантана а тов и, Кадыровга цхьаммо аьллачух тера ду, и чIогIа дика болх бу хьуна, цо Адам вазвийр ву нахана гергахь аьлла.
ХӀаъ, хетарехь, цхьадолу дийцарш хаддаза Кадыров Адаман гонах хуьлу, Нохчийчуьра коьрта проблемаш ца йуьйцуш. Суна хетарехь, кхузахь ши хIума ду коьрта.
Хьалхарниг ду, царна цунах [совгӀатех] лаьцна дийца лаар, цхьа кхин долу кхачамбацарш а ца хьехош. Аьлча а, цхьана агӀор цуьнан бухара синхаамаш а, шовкъаш а дӀа а лоцуш, вукху агӀор цинизман кепехь пайдаоьцу цунах. Суна коьртачу декъана хетарехь, ший а агӀо, тамашен йелахь а, кхузахь йолуш йу. Шех нах кхаьрдаш хиларх, Кадыров Адам ша а, кхеташ ву аьлла хета суна. Ма-дарра аьлча, боккъал а цхьа лартIахь доцуш ма дуй хIара. Ша ду, рингехь цунах леташ верг эшийтар, шуна дагадагIахь, цхьацца тийсадаларш хилир-кх цуьнан, хIетахь а гуш ма-дарий, и толамаш цо баьхна боццушехь, цунна дIалуш буйла. Ткъа мидалшца дерг, хIара, кхин ду. Шайн, КадыровгIеран доьзалан, цхьа ламаст хир ду-кх хIара", - дийцира Айсина.
Адамийн бакъонаш йохорна а, Украинерчу тIамана гIо латторна а Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а дуьхьал йаьхна йу дуьненайукъара санкцеш. И дехкарш хьакхалуш дац Кадыров Адамах – иза берхIийтта шаре валанза хиларна.
Алханов Мохьмадах "экстремист" вина
Росфинмониторинго хIоттийначу "экстремистийн" тептаре ваьккхина 42 шо долу нохчийн махкахо Алханов Мохьмад. Стохка гурахь 10 шо хан туьйхира цунна набахтехь такха. 2000-чу шарахь, цу хенахь 17 шо долуш вара Алханов, Псковерчу десантхошна Улус-Кертахь тӀелатар дарна бехке вира иза. 90 эскархочух 84 вийнера хIетахь. Цул хьалха Алхановна иштта кхел йира низамехь йоцчу герзахойн тобанехь дакъалацарна, ткъа 2021-чу шарахь иза бехкевира Астраханан кӀоштарчу психиатрин дарбан цӀийнера вадарна.
Алхановн адвокато чӀагӀдора, Басаевс цкъа а ца буьгура кхиазхой тӀаме, бохуш. Цул совнаха, цуьнан дегӀа тӀехь йинчу чевнийн а, йа йеххачу хенахь герз лелийна а лараш йац боху. Адвокато дийцарехь, бехктакхаман гӀуллакх долийна Алхановна дуьхьал, тIом бирзина 20 шо даьллачул тIаьхьа. Иза а Орсийчоьнан снайперо хIара цаьрца хилла ву аьлла, дина тоьшалла бахьана долуш.
2004-чу шарера 2014-чу шаре кхаччалц набахтехь хан йаьккхира Алхановс, бакъо йоцчу герзахойн тобанехь дакъалацарна бехке а вина. Иза йуха а лецира 2021-гӀа шо йуккъе даьлча. ГIадужу-беттан 26-чу дийнахь экспертиза йан Астраханан кӀоштара психиатрин дарбан цӀийне валийначу заманчохь вада аьтто белира цуьнан. 2021-чу шеран лахьан-беттан 2-чохь йуха а лецира Алханов.
Росфинмониторинго "экстремистийн а, террорхойн а"тептаре йазвина 42 шо долу нохчийн вахархо Алханов Мохьмад. Стохка гурахь 10 шо хан туьйхира цунна, 2000-чу шарахь Псковерчу десантана тӀелатар дарна бехке а вина. Цул хьалха Алхановн кхел йира низамехь йоцчу герзахойн тобанехь дакъалацарна, ткъа 2021-чу шарахь цунна бехке диллира Астраханера психиатрин дарбан цӀийнера вадар а.
2004-чу шарера 2014-чу шаре кхаччалц набахтехь хан йаккхина Алхановс, бакъо йоцчу герзахойн тобанехь дакъалацарна бехке а вина. Иза йуха а лаьцна 2021-гӀа шо йуккъе даьлча. ГIадужу-беттан 26-чохь Астраханан кӀоштан психиатрин дарбан цӀийнара вада аьтто баьлла цуьнан, амма йуха а лаьцна 2021-чу шеран лахьан-беттан 2-чохь.
Интерполон лехамашкара дIаваьккхина Мадиев Муслим
Интерполо шайн лехамашкара дIавайъина, Украинехьа тIемаш бечу Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан цхьахволу буьйранча, 64 шо долу Нохчийчуьра вахархо Мадиев Муслим. И бакъ хилар тIечIагIдеш, документаш зорбане даьхна Ичкерин политикан "Цхьааллин ницкъ" йукъараллин пресс-секретаро Сулейманова Фатимас.
Муьлхачу буха тIехь, билггал маца дIаваьккхина Мадиев лехамашкахь болчу нехан тептарера, хууш дац. Хьалхо РБК-Украина сайтана йеллачу интервьюхь цо дийцира 2016-гӀа шо тӀе а кхачале Интерполо ша тидаме эцна хиларх лаьцна.
2023-гIа шо долалуш Нохчийчохь тIемалочунна дуьхьал терроризме кхайкхамаш бар аьллачу артиклехула бехктакхаман гӀуллакх долийра, ткъа оццу шеран гIура-баттахь экстремистийн а, террорхойн а тептаре йазвира иза.
Мадиев лехар сацийна хилла чиллин-беттан 28-чохь дуьйна. Цул цхьа бутт хьалха Францерчу Лионехь Интерполон штаб-квартира хьалха дӀайаьхьира нохчийн махкахочунна гӀортор йеш митинг, хаамбира Сулеймановас.
Мадиев Муслим Украинин агӀор тӀом беш ву 2016-чу шарахь дуьйна, цул хьалха цо дакъалецира Нохчийчохь федералан ницкъашна дуьхьал бинчу шина а тӀамехь.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте: