Астраханехь мобилизаци йина, нохчийн декъах дIатоьхначу Сулейманов Саматана колонихь даккха пхи шо хан тоьхна гIуллакх дечуьра вадарна. Цуьнца цхьаьна тIаме хьовсийначара йиттина, мочхал кагдинчул тIаьхьа тIемало лазартне вахар - Соьлжа-ГIалара кхело вадар лерина. Сулеймановс къевсина таIзар.
Номер 65384 йолчу эскархойн декъехь вара Сулейанов – йу иза Нохчийчуьра Борзой эвлахь куп тоьхна 291-ра полк. Оккупаци йинчу Украинан дозана тIе иза дIавахначул тIаьхьа, цуьнан бIанакъосташа йиттинера цунна - мича бахьанаца, дуьйцуш дац.
Лоьрашкара гIо эшна мобилизаци йинарг декхаре хиллера дуьхьалкхеттачу машенахь Астрахань-кIоштара шен цIа ваха. Оццу дийнахь дарбан цIийне охьавиллинчу цунна, операци а йинера. Лазартнера араваьллачул тIаьхьа бутт гергга хан йаьккхира цо цIахь, кхин дIа дарба а лелош, и бахьанехь бехкелерина иза, шен лаамехь тIеман дакъа дIатесна аьлла.
Грозненскан кIоштан кхело шена дина таIзар къоьвсина Сулеймановс, йухалиста дIакхачийна и.
- Сочера гарнизонан тIеман кхело бехкевина контрактхо Кольчугин Илья уставехь охьайазйина хилла йукъаметтигаш йохорна. Эскаран гIуллакх дечу пхеа салтишкахула хаа гIоьртинера иза, тIеман министраллица контракт дан дагахь буй уьш, цара дуьхьало йича йиттинера царна.
- Мобилизаци йина хилла Аблиев Андрей бехке лаьрра Ростовра гарнизонан тIеман кхело командиран гIовсана дуьхьал ницкъбаккхарна – къаьркъа стенна мелла аьлла, шегара бехк баьккхича, диг эцна цунна чугIоьртинчу цо куьг кагдинера цуьнан. Шогачу хьелшкара колонихь даккха йалх шо кхачийра эскархочунна.
- Ростов-ГIалара кхело колонихь даккха итт шо туьйхира мобилизаци йина хиллачу Аминев Ильсурана, Украинерчу тIамехь шеца цъьана волу накъост верна. Калашниковн автомат тоьхнера цо цунна, дов даьлча, аьлла ду бинчу сацамехь. Аминевс дийхира апелляцихь тоьхна хан лахйар, вийнарг "сийдоцуш лелара", шен бедарш блиндаж чуьра аракхийсинера цо аьлла. Цо дуьйцург бух боцуш карийра апелляцина.