ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн Iалхан-ГIалахь нах лечкъор тIечIагIдина бакъоларйархоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" центро тIечIагIдина кадыровхоша дечкен-беттан 8-хь нохчийн Iалхан-ГIалара 25 гергга вахархо лачкъийна хилар. Царлахь ву боху оппозицин 1ADAT, NIYSO телеграм-каналаша арахецначу тептаршна тIера 14 стаг а.

"Мемориалан" хаамашца, Iалхан-ГIалахь нах лечкъор дечкен-беттан 7-чу сарахь доладелира, масех сахьтана дахделира. Кадыровхоша шаьш ца бовзийтира, муьлхачу хьукматашкара бу уьш бохуш лецначийн гергарчу наха шайга деллачу хеттаршна жоьпаш ца делира, лечкъийна нах йевзаш йоцучу меттиге дIабигира.

Дечкен-беттан 17-хь долчу хьолаца гергарчу нахе цхьа а хаамаш ца кхаьчна уьш лецаран бахьанех а, уьш болчу меттигех а. Официалехь боцучу, тIечIагIбина боцучу хаамашца, Соьлжа-ГIалин Октябрьскан кIоштан полицин декъехь латтош хила мега лечкъийнарш, бакъо йоцуш чубоьхкина уьш.

  • Хьалхо Кавказ.Реалиин хьасташа тIечIагIдира Iалхан-ГIалахь нах лечкъорах лаьцна 1ADAT, NIYSO телеграм-каналийн хаамаш. Нохчийчуьрчу МВД-но комментари ца йо оцу хьокъехь.
  • Лечкъийначарлахь СолсаевгIеран вежарий Хьамзат а, Леча а вара, республикерчу Iедална критика йарна Соьлжа-ГIалахь царна тIехь ницкъбеш бу, аьлла дIахьедира церан гергарчу наха. Иштта Iазапехь латтош ву лаьцначех кхин а цхьа стаг, Мусаев Iусман; тIаьхьо цуьнан гергарнаш а лечкъийра.
  • Европехь вехачу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочун Сулейманов Джамбуатан хаамашца, "уьш берриг а [лечкъийнарш] – лулахой бу. "Тешамейоцчу" интернет-ресурсехь хилла уьш аьлла бахьанаца дIабигина". Цундела Алхан-ГIалара лечкъийнарш кадыровхошна "Iедална дуьхьал лаьтта гара" хета, билгалдоккху Сулеймановс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG