ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн "къу" Шалинский Ахьмад дIавахана Оьрсийчуьра, ша федералан лехамашкахь воллушехьа


Соьлжа-ГIалара аэропорт, Нохчийчоь
Соьлжа-ГIалара аэропорт, Нохчийчоь

Туркойчохь, гергарчу хьесапехь, Чиллан-беттан 7-хь лаьцна волу нохчийн тутмакхийн эла Домбаев Ахьмад (Шалинский) низам ца хадош Оьрсийчоьнан дозанал дехьаволийла дацара, иза федералан лехамашкахь хиларна. Новкъарло ца еш мехкан доза хадор доьзна хила тарло цуьнан къайлахчу сервисашца йолчу уьйрашца, хаамбина Кавказ.Реалиин хьостано.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) картотекаца а догIуш, зулам дарна лехамашка велла ву Домбаев. Картотекехь билгалъяьккхина ю цуьнан харц цIе – Прохоров Руслан – иштта лоьхучух лаьцна хаам бе, аьлла язйина телефонан номер ю: 8672-59-43-40. Иза Къилбаседан ХIирийчоьнан МВД-н телефон ю.

Gulagu.net бакъонашларъяран проекто Кавказ.Реалиига хаам ма-барра, церан хьостанаша бахарехь, Домбаев Туркойчу воьссира доларчу бизнес-джета тIехь, шеца ондачу дегIехь масех стаг а волуш, уьш лоцуш цаьргара герз а, спортан тIоьрмигаш чохь дIасахьуш хилла шиъ миллион доллар ахча а даьккхира.

"Стамбулерчу хьостано дийцира Домбаев Ахьмад дIалаьцначул тIаьхьа Туркойчу шолгIачу бизнес-джета тIехь Домбаев маьрша а ваьккхина Нохчийчу юхавалорхьама къамелаш дан команда кхечира, цара дуьйцург дара дара пхиъ миллион доллар ахча", - дIахьедина Gulagu.net проектехь.

Оцу бакъоларъяран организацин хьалханчас Осечкин Владимира ша Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь билгалдаьккхира, Домбаев а, цуьнан накъостий а Соьлжа-ГIалара новкъа бевлла хилар. Цо тIачIагIдо, криминалан авторитетан дIасалелар доьзна хила тарло шена Осечкинна тIелатар кечдарца. Хьалххо цо элира, ФСИН-ан а, ФСБ-н а белхалой Францехь бехачу нохчашна юккъера киллер лоьхуш хиллера ша вейтархьама, бакъоларъярхо Франце дIавахара оьрсийн набахтешкахь латтон гIело гойту архив нахала яьккхиначул тIаьхьа.

"Диллина лаьтта коьрта хаттар: Оьрсийчуьра Домбаев ара муха валийтина, Къилбаседан ХIирийчохь цунна дуьхьала криминалехь лаккхара тIегIа дIалацарна гIаттийна бехктакхаман гIуллакх хилча, иза федералан лехамашкахь хилча?", - билгалдаьккхина Осечкина.

  • Нохчех схьаваьлла тутмакхийн ши эла лаьцна Туркойчохь, аьлла Чиллан-беттан 9-хь хаамбира зорбанан гIирсаша. Вуьйцург ву 55 шо долу Ахмадов Хьусайн - Слепой цIарца дика вевзаш волу, 41 шо долу Домбаев Ахьмад а, криминалан гонашкахь Шалинский цIарца гIараваьлла волу. Бакъоларъяран органаша цкъачунна и хаам тIечIагIбина бац.
  • Домбаев Ахьмад вина 1981-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчоьнан АССР-хь. 2011-чу шарахь набахтехь даккха 10 шо хан туьйхира цунна, баккхийчу барамашкахь курхалла лелорна. Кхечу криминалан авторитетийн могIарехь коронаци йира цунна 2012-чу шарахь. Зуламхойн гонашкахь цуьнан лакхара статус дIаяьккхира Афинашкахь къуйша вовшахтоьхна дIабаьхьначу гуламехь, криминалан авторитетийн шеконаш кхоллаеллера, жоьлкийн юкъарчу ахчанах Домбаевс ши миллион доллар шена дитина аьлла.
  • 2020-чу шарахь Gulagu.net проекто, шайн хьасташна тIетевжина, хаамбира, оппозицин лидерш, шайлахь Навальный Алексей а волуш, хIаллакбарехь ницкъахой пайдаэца Iалашо йолуш бу Шалинский Ахьмадах аьлла.
  • ТIаьххьара Туркойчохь хилла Кадыров Рамзан 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь. Бозуш боцчу хаамийн гIирсаша яздарехь, иза цига вахаран бахьана дара, оцу пачхьалкхехь бехачу нохчийн оппозиционерашца цуьнан йолу конфликт. Цул а хьалха Анкарахь а, Стамбулехь а лийцира, официалан версица а догIуш, Кадыровна луьйш болчарна кIелонаш ян кечлуш хилла, мехах лецна киллерш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG