ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн куьйгалхочун 15 шо долчу кIентан аккаунт дIакъевлина инстаграмо йукъараллин низамаш дохорна


Кадыров Адам. Архивера сурт
Кадыров Адам. Архивера сурт

КъорIан дагийна аьлла лаьцначу Волгорадера Журавель Никитина СИЗОхь йиттина Нохчийчоьнан урхалхочун 15 шо долчу кIентан Кадыров Адаман @kadyrov_dustum аккаунт дIакъевлина инстаграмо.

Хьалхо Кадыровс жимахволчо шен агIоне хIиттийнера герз карахь суьрташ, ткъа Журавельна тIелеташ йаьккхина видео гIарайаьллачул тIаьхьа пост хIоттийнера цо: "Хьайна ма-ттов эладиташ дийца, соьца гамо хилийта, сох хьега, суна ле. Амма вайшинна хууш ма дуй, суна тIекхаьчча безамехь къежар ма ву хьо суна…".

Шен аккаунтана блок тохарх хаийтина ша Адама – шен керлачу агIонехь инстаграмо бинчу хааман скриншот хIоттийна цо, цу тIехь боху, 180 денна цуьнан агIо дIакъевлина шаьш, цо йукъараллин низамаш ца лардарна.

Кадыровн кIанта цкъачунна цхьа сурт бен хIоттийна дац - цу тIехь ши автомат йу цуьнан карахь, йаздина: "Цхьа гIулч хьалха".

Журавель Никитина йеттарх дийца даьккхира аьхка, амма йетташ дIайазйина видео Кадыров Рамзана йаржийра цул тIаьхьа бутт баьлча. Ткъа шена йеттарх дIахьединера Журавеля. Оцу видео тIехь Кадыров Адама йетта лаьцначунна буйнашца а, мийрашца а, цул тIаьхьа иза лаьтта охьатосу цо- вукхо кхин дуьхьало ца йо. Кадыровс дIахьедира, Адамах воккхавоь ша, цо "нийса йиттина" аьлла.

Цхьаболу депутаташ а, йукъаралхой а эргIадбахийтира динчо, амма адамийн бакъонаш Iалашйечу хьаькамаша дош ца элира Адама динчунна дуьхьал. Лаьцна волу Журавель ша ву бехке бехира царех цхьаболчара. Нохчийн хьаькамаша а гIо даьккхира Кадыровн кIантехьа, цара дIакхайкхийра, иза низамашкахь жоьпалла тIелаца кийча ву аьлла. Бакъду, ницкъахой йеттарх лаьцна таханналц бистхилла бац.

  • Стохка дIакъевлира Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана лелош хилла @ya_pomoshnik_kra_95 аккаунт. Исс миллион гергга адам дара оцу агIоне йазделла. Оцу аккаунтех пайдаоьцура цо, шен важа агIо социалан машано дIакъевлинчул тIаьхьа.
  • Meta компанин социалан машанаша масийттазза блок тоьхнера нохчийн пачхьалкхан компанешна а цхьаьна. Делахь а, Оьрсийчохь Meta йихкинчул тIаьхьа а, Кадыров Рамзана инстаграм "информацин тIеман гIирс" бу аьллачул тIаьхьа а, нохчийн Iедалхошкахьа долчу зорбанаша а, пабликаша а хIинца а лелош йу шайн инстаграм-агIонаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG