Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ши миллион сом лур ду ша, аьлла дош делла америкхойн иэдинчу летарийн спортхочунна Диас Нейтана, иза хьаькамна уллерчу спортхочуьнца Чимаев Хьамзатаца лата реза хилахь. Цунах лаьцна ша Чимаевс дийцина Captain Hardcore ютуб-каналана йеллачу интервьюхь.
"Диасца долчу латарехь суна миллион доллар ахча а, PPV (трансляци йохкар) тIера процент а лур йу аьллера. Ас Диазе аьллера сан дерриг ахча дIаэца: гонорар а, трансляци йохкарх процент а. Рамзан Ахматовичо соьга телефон а тоьхна, элира, Нейтана ша ши миллион доллар лур ду, иза лата реза хилахь. Ас иза элира Диасе, амма иза тIаккха а дуьхьал хилира", - аьлла Чимаевс.
Хьалхо спортхочун аьтто ца хилира йозалла озарх чекхвала – цуьнан Диасца хила деза латар йукъараделира, цуьнан йозалла оьшучул а лекхара хиларна.
Муьлхачу хьасташкара дала дагахь вара Кадыров Диасна ахча, хууш дац. Нохчийчоьнан куьйгалхочун алапа ша дIалоцучу даржехь 282 655 сом ду, йа кхоъ, ах миллион сом шарахь, дуьйцу официалерчу кехаташкахь (Кавказ.Реалиин редакцигахь ду и кехат). Амма марсхьокху-баттахь хаам бора, Кадыровс тIамна лерина 20 миллиард сом доьхкина аьлла, и ахча даьлла меттиг ца бийцира.
Чимаев Хьамзат Швецин вахархо ву, амма гуттара а Нохчийчу вогIу иза, Кадыровна уггар герга волу спортхо санна. ГIуран-баттахь UFC-н латархо Кадыровн 16 шо долчу Кадыровн кIентан Элин тренер хилира, и туьйлира иэдинчу латарийн Absolute Championship Akhmat (АСА) турнирехь шен хьалхарчу тасваларехь – республикан куьйгалхочуьнца йоьзна йу и турнир. ТIаьххьара ши бутт Чимаевс Дубайхь, Тайландехь боккху Кадыровн баккхийрачу кIентаршца спортан гуламашкахь.
- 2022-чу шеран чиллан-баттахь Чимаев Хьамзат Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка чу ца витина бохуш, яздира. Даккхий ловзарш хIиттор дихкинашшехь, Соьлжа-ГIалахь шуьйра дIадерзийра Чимаевн ловзар- мехкан урхалхо а вара цига кхайкхина.
- UFC-хь цхьанна агIор комментари ца йо шайца йукъаметтиг лелош волчу латархочо, Украинина дуьхьал Оьрсийчоьно беш болчу тIеман ньюсмейкер волчу Кадыровца доттагIалла лелорна. Амма Чимаевна критика йира, Американ санкцийн тептарехь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца доттагIалла лелорна.