ТIекхочийла долу линкаш

 
Нохчийн латархочунна дуьхьал терроран гӀуллакх долор, Кадыров Ӏабдул-Керим ОМОН-ан буьйранча хIоттор. КIиранан жамIаш
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн латархочунна дуьхьал терроран гӀуллакх долор, Кадыров Ӏабдул-Керим ОМОН-ан буьйранча хIоттор. КIиранан жамIаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу латархочунна дуьхьал терроран гӀуллакх долор а, Мейриев Руслана Бельгерчу набахтехь мацалла кхайкхор а, Кадыровн шича "Ахмат-Крепость" ОМОН-ан буьйранча хӀоттор а – Маршо Радионо 99-чу подкастехь.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

Терроран гӀуллакх долийна Нохчийчуьра латархочунна дуьхьал

Москварчу кхелехь луьстуш ду Нохчийчуьрчу латархочун Ахъядов Ламбертан гIуллакх. Латархо бехке веш ву 2022-чу шарахь Москворецкан хин йистехь некъан инспекцин белхахо 16-за урс тоьхна верна. ХIинца и гIуллакх “терроран акт” артикалца луьстуш ду.

Прокуроро дӀахьедира, 2022-чу шеран мангал-баттера гезгмашан-батте кхаччалц 4 миллион сов сом криптовалютан ахча кхаьчна хилла латархочунна, ткъа цо кхин а 95 эзар доллар дехьадаьккхина хилла Туркойчу шен счете. Талламан версица, оццу махкахь Ахъядовс “Исламан пачхьалкхана” дуй биъна. Ткъа Оьрсийчу йухавирзина хилла боху иза, леррина терракташ йан.

Йуьхьанца Ахъядов бехкевинера хулиганалла Ӏалашонца стаг верна, амма тӀаьхьо цо динчунна, кхин классификаци йира, полицин белхахочунна тIелатар а, террорхойн вовшахтохараллехь дакъалацар а артикалшца.

Бельгерчу набахтехь мацалло кхайкхийна гIалгIаййн мухIажиро

ГIалгIайн орамаш долу, Буьри-гIалара Мейриев Руслан Бельгерчу набахтехь мацалла кхайкхийна. Лахьан-баттахь Белгерчу Iедалан дехарца лаьцна хилла иза, терроризмаца воьзна шеконаш йолуш. Мейриевс бехкаш тIелаьцна дац.

PeaceWomen Across the Globe организацин бакъонашларъйархочо Газиева Фатимас дийцарехь, Мейриев цхьалхачу набахтехь латтош ву. Дечкен-беттан 20-чохь мацалла кхайкхийна цо. Амма таллам дӀахьош бу, Евробертан пачхьалкхашкахь, цо ша цхьа а зулам ца дина аьлла дӀахьедарш дешшехь. Талламан материалашна йукъахь ду, терроризмах шеко йолчу стеган суьрташ, амма ша Мейриевс чӀагӀдо, цу суртан тӀехь гойтуш верг ша вац бохуш.

Ницкъаллин структурашца йоьзна йолчу Оьрсийчоьнан Telegram-каналаша хаам бора, Мейриевн а, "Исламан пачхьалкх" тӀемалойн тобанан йукъахь зӀе хила мега – Сочера Олимпиада дӀайалале, терроран тӀелатарш кечдеш дакъалаьцна цо, бохуш. 2013-чу шарахь дуьйна ГӀирмехь вехаш вара Мейриев, аннекси йинчул тӀаьхьа Украине дӀавахара иза. Цигахь, ханна махкахь ваха бакъо йелира цунна, амма тӀаьхьо джихад лелорна шеконашца Iедало лаьцна латтийра. ТӀаьхьо бехкаш дӀа а даьхна, Мейриев дӀахицира; Ткъа 2024-чу шарахь Украинера дӀавахана иза.

2024-чу шеран аьхка дуьйна ву Мейриев Руслан Оьрсийчоьхь лехамашкахь. Оьрсийчоьнан дехаршца, Къилбаседа Кавказера дуккха а бахархой бу Европехь дIалаца хьийзош. 2024-чу шеран дечкен-баттахь бакъонашларъйаран Amnesty International организацино кхайкхам бира Евробертан пачхьалкхашка, Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчу дӀа ма ло аьлла, хӀунда аьлча, царна тIехь гӀело хьегийта тарло, йа бертаза Украинерчу тӀаме хьийсон кхерам бу аьлла.

"Ахмат-Крепость" ОМОН-ан буьйранча хӀоттийна Кадыровн шича Кадыров Ӏабдул-Керим

Нохчийчоьнан куьйгалхочун девешин кӀант Кадыров Ӏабдул-Керим хӀоттийна "Ахмат-Крепость" ОМОН-ан керла буьйранча. Диъ шо хьалха, цIен берет лело бакъо ло, эзаменаш дIа ца йалайелла цуьнга. Керла дарже кхачале, Iабдул-Керим 2019-чу шарахь дуьйна, "Терек" а СОБР-н Ӏаморан центран куьйгалла деш хилла.

ОМОН-ан керла буьйранча вовзуьйтуш, дакъалецира Нохчийчоьнан вице-премьер Висмурадов Абузайда а, Росгвардин урхаллан куьйгалхо Делимханов Шарипа а, регионерчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министро Ирасханов Аслана а, йаздо "Чечня Сегодня" пачхьалкхан агенталло. Цара билгалдаьккхира, Кадыров Ӏабдул-Керим "'эпсаран масала ду, даима а шен доьналлица а, дог-ойланца а къаьсташ хилла". ОМОН "Ахмат-Крепость" Украинина дуьхьал бечу тӀамехь дакъалоцуш йу, чӀагӀдо меттигерчу Ӏедало.

Мусаева Заремина дуьхьал айдина керлаа гӀуллакхан теллина даьлла.

Политикан тутмакхна Мусаева Заремина дуьхьал айдинчу керлачу бехктакхаман гӀуллакхан талламаш чекхбевла, хаам бо бакъонашларъйаран "Команда против пыток" вовшахтохаро. 55 шо долу Мусаева бехке йина "колонин болх талхо" кечам баьш йара аьлла. Керлачу артикалца, цунна кхин а пхи шо хан тоха тарло.

"Тхоьга хаам бина, таллам чекхбаьлла аьлла. Гергарчу хенахь, гӀуллакхан материалаш йовза йолор йу аьлла, сатесна ду тхо", - хаам бо, Заремин адвокато Савин Александра.

Цо дийцарехь, Мусаева хӀинца а Соьлжа-ГӀаларчу СИЗО-хь йу. Оцу тайпа хаамаш бахьана, цуьнан могушалла де дийне эшна йогIуш йу.

Мусаева Заремина дуьхьал керла гӀуллакхах йадина хилар, хиира лахьан-беттан 11-чохь, амма, бехк гIуран-баттахь бен цунна кховдийна бац. Талламхоша дийцарехь, цо ФСИН-ан белхахочунна тӀелатар дина, цуьнан белш тӀера погон схьайоккхуш. Мусаевас шен бехк тӀе ца лаьцна.

Бакъонашларъйархоша билгалдоккху, Оьрсийчоьнан дозанал арахьа болчу цуьнан кӀентийн, ЯнгулбаевгӀеран оппозицин гӀуллакхаш бахьана, закъалтхо йина Мусаева. Цунна дуьхьал шолгӀа бехктакхаман гӀуллакх айдина, царех цхьаммо Кадыров Рамзанах лаьцна луьра дӀахьедар динчул тӀаьхьа, ши де даьлча.

Оьрсийчохь уггаре а лахара зуламаш дина регион йу Нохчийчоь.

Оьрсийчохь уггаре а лахара зуламаш дина регион йу Нохчийчоь, йаздо чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло 2024-чу шеран лерина статистикан терахь а далош. Амма бакъонашларъйархоша ткъехь шарахь сов дуьйцуш долу нах лечкъор а, нах хIаллакбар, Ӏазап латтор а, республикехь хIинца а дӀахьош ду.

РИА Рейтинг пачхьалкхан агенталло хаам бо, стохка республикехь 10 эзар вахархочунна 17 зулам хилла - иза уггар лахара терахь ду массо а регионашна йукъахь. 2023-чу шарца дуьстича, и терахь алсамдаьлла 15,6%. Рейтинган шолгӀа а, кхоалгӀа а могӀанаш дӀалаьцна ГӀалгӀайчоьно а, Дагестано а – хӀора 10 эзар вахархочунна 37 а, 43 а зулам хилла. 4-чу меттехь йу ГӀебарта-Балкхаройчоь (76,8).

15-чу меттехь бу Ставрополан кIошта, цигахь хӀора 10 эзар стагана йукъахь - 107,2 зулам хилла. 17-чу меттехь йу Кхарачой-Чергазийчоь, 107,9. Рейтингехь 54-чу меттехь йара Къилбаседа ХӀирийчоь, цигахь цхьана шарахь дина 154,4 зулам.

Маршо Радион редакцис хаддаза йаздо Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош хилар. ТӀаьххьара хиллачехь- Устрада-гIалара 19 шо долу Тазуркаев Висхан лачкъор. 2025-чу шеран дечкен-баттахь меттигерчу полисхоша лачкъийна, ток йетташ хьийзийна Тазуркаев. Полисхоша шена бина ницкъ ца лайна, жима стаг велла. Ткъа, ницкъхоша, цуьнан гергарчаьрга, хиллачух хIумма а дийца ца магийна.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG