ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийн леларан гIиллакхаш бехдечу" блогершна а, спортхошна а кхерамаш тесна Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, нохчийн халкъан мехаллаш шеконашка йохучу меттигерчу спортхошца а, блогершца а "шога болх" бан беза аьлла. Оцу кепара тIедиллар дина цо, республикехь видеороликашна тIехула блогерийн-спортхойн Тамаев Асхьабан а, Эмиев Iаьрбин йуьхь йаьккхча. "Шога болх" бохург Iедалан кхетамехь хIун ду, хууш дац.

"Хьо спортхо велахь, гайтахьа хьуо спортехь. Оцу тIехь хьан мисси йоьрзуш йу, амма политика йукъа ма гIерта. Нохчийн къоман гIиллакхашца а, ламасташца а йогIуш йоцчу шеконе программашкахь хайпан дуьхьа дакъалоцу цхьаболчара. Ша бакъ волчу нохчочо дакъалоцур дац оцу йукъахь", - дIахьедина Кадыровс.

Махкара спортан а, кегийрхойн политикан а министро Ибрагимов Iийсас йуха а дош делира, бехкечарна таIзар дийр ду "нохчийн ламастийн а, гIиллакхийн а гурашкахь" аьлла. Дуьххьара иштта дIахьедар дира цо лахьан-баттахь, Тамаев Асхьабца а, Эмиев Iаьрбица а, нохчашлахь товш йоцу цара йоху "шеконе роликаш" бахьана долуш къамел динчул тIаьхьа.

ХIун динчунна блогершкара бехкаш даьхна, хоуьйтуш дац. Хьалхо "Кхерамзаллин интернетан лигин" куьйгалхочо Мизулина Екатеринас арз дира Тамаевна – бахьана дара Тамаевн телеграм-каналехь онлайн-казинона реклама йар.

Соьлжа-ГIалахь хилла цхьанакхетар доьрзуш шина а блогеро дIахаийтина спортан министраллица йукъахь шайн "бизнес-проекташ" кхочушйан лаам хиларх, "цхьа а шеконе реклама йукъахь а йоцуш".

Нохчийн блогершна а, спортхошна а таIзар де "шеконе программаш" хIитторна аьлла, тIедиллина Кадыров Рамзана, ийначу кепехь латарийн спортхочуьнца Чимаев Хьамзатаца шен уллора доттагIалла доллушехь. Оцу йукъанна спортхочо магадо шена политикаца доьзна къамелаш дар. Масала, гIадужу-баттахь летарш дирзинчул тIаьхьа ринга тIехь лаьттачу цо массарна а хазош дехар дира Кадыровга, ша Палестинехьа тIом бан вахийтахьара, "вежаршна - бусалбашна хьалхара вала" аьлла

  • Дечкен-беттан 23-чохь шведахойн маттахь шен инстаграмехь ультра-аьттон даттийн политикана, исламна дуьхьал йолчу Stram Kurs ("Шога курс") партин лидерна, масийттаза КъорIан дагийначу Палудан Расмусана лерина йоза дитира Чимаевс. "Тхуна террорхо ву иза. Со бусалба ву, амма цкъа а дуьхьал хилла вац со кхечу динна, цо дийриг цкъа а дина дац аса. Вай массо а тапъаьлла тийна Iойла дац. Аша вежарий олу тхох, жимма ларам хилийта тхоьца", - дIахьединера спортхочо.
  • Кадыров Рамзана тIедиллина, махкал арахьа беха, шена гергахь бехкала бахначу Нохчийчуьра бахархошна таIзар ден практика карлайаккха аьлла. Цо дIахьедина уьш цIа а балош, "лаьтта горгамаш хьоькхуьйтур йу" цаьрга аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG