ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мехкарех лаьцна концертехь забар йинчуьнга гечдар дехийтина


Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Питерера стендап-комикан Нидаль Абу ГIазален концерт йирзинчул тIаьхьа цхьахволчу хьажархочуьнга гечдар дехийтина нохчийн мехкарех йинчу забарна тIехула. Цунах лаьцна видео зорбанехь йаржийна Iедалхошкахьа йолчу "ЧП Грозный 95" телеграм-канало. Мила ву ролик йаьккхинарг – хууш дац, хьалхо, масала, каналехь зорбане бохура Кадыров Рамзанан а, кхечу Iедалхойн а тIедахкарх хаамаш.

Концерт йоьдучу хенахь и дIахьош волчо цхьана хьажархочуьнга хотту, Керла шо хьайн йезар уллохь а йоцуш, муха даздиар ахь олий. Ша "кхечаьрца дIакхоьхьуш вара" олу хьажархочо, цул тIаьхьа тIетуху "нохчийн зудабераш дара уьш". Вела а воьлуш, хьажархочо элира, ша лууш вацара цаьрца хан такха, амма бертаза "цаьрца хан йаккхийтира" шега аьлла.

Цул тIаьхьа пабликехь гечдар доьхуш дIайазйина видео хIоттийра, цу тIехь изза хьажархо машенчохь ву, цуьнга хоьтту цхьаммо, "иштта забар йан коьрте хIунда деара хьуна".

"Ойла ца йеш" аьлла дешнаш дара уьш олу видео тIехь стага, гечдар доьху цо "доллу нохчийн къоме", шен цкъа а гина дац "нохчийн зудабераш йукъахь долуш ишта меттигаш" олу цо. Маца, муха дIайазйина видео – хууш дац.

Нидаль Абу ГIазален социалан машанашкахь хаам зорбане боккхучу хенахь хиллачу инцидентах лаьцна бина хаам бац.

  • Кавказ.Реалии сайтан зерашца, Кадыровна гергахь къурд алийтар йукъадаьккхина 2005-чу шарахь дуьйна, цу тIе Нохчийчоьнел арахьа а. Къилбаседа Кавказехь нахана хьалха дIахIиттийна гечдарх дехийтарх хронологи дIахьочу "Кавказский узел" ресурсан лараршца, 2016-чу шарахь пхоьазза нисбелла ишта меттиг, 2017-чу шарахь – 15, 2019-чу шарахь – 33, 2020 - 70 гергга. Украинана дуьхьал тIом болийначу шарахь журналисташна къаьстина 26-зза гечдар дехна гIуллакх. ТIаьхьо къурд алийтар даьржира кхечу регионашкахь а. Масала, 2023-чу шеран товбеца-баттахь тIаман дуьхьал волчу мел лахара а 94 жигархочуьнга гечдар дехийтина камерана хьалха.
  • Кху шарахь сацам бина, социалан машанашкахь "нохчийн культурица а, менталитетаца а догIуш доцчу" кепехь лелачу бахархошца "кхетош-кхиоран къамелаш дар". Оцу балхана тIехь Iуналла дийр долуш ду регионан куьйгалхочун 18 шо долчу кIанта Кадыров Ахьмада, дукха хан йоццуш кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллин коьрте хIоттийна иза. Жимчу стага цхьанна хьехарш дар, нохчийн гIиллакхашца догIуш хIума дац, элира Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа.
  • Стохка аьхка Кадыров Ахьмада бехк баьккхира жимчу кIантера, ницкъахоша бакъо йоцуш машен хохкуш воьдуш лаьцнера иза. "Халачу кхиазхошца" хиллачу цхьанакхетарехь нисделлера и - цига уьш балийнера "къамелдан". Оцу йукъанна Кадыров Рамзанан воккхахаволу кIант хаавеллера, шен 17 шо долчу хенахь машен хохкуш.
  • 2023-чу шеран гIуран-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, нохчийн халкъан мехаллаш шеконашка йохкучу меттигерчу спортхойн а, блогерийн а хьокъехь "шога болх бан беза" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG