Оьрсийчоьно "терроран" артиклехь бехкаш дехкина Нохчийчуьра орамаш долу Акиев Ӏаьлви Польшин Ӏедалша шайн пачхьалкхера араваьккхина. Цунах лаьцна Кавказ.Реалии сайте хаам бина бакъонашларъяран организацин а, диаспоран а шина хьосто, шайн цӀераш йовзийта ца лиъна царна.
Цара дийцарехь, Акиев Ӏаьлви Оьрсийчоьне дIавелла итт де хьалха. Миграцин статус дIайахйархьама сих-сиха дозанхошна тIеваха везаш вара иза, рогӀера тIевахча лаьцна, Калининградан кӀоштаца долчу дозане дӀа а вигина, Оьрсийчоьнан дозанхошка дӀавелира иза.
"ТIаьххьарчу цхьана баттахь эхабаттахь Польшера тапъаьлла депортаци йира Нохчийчуьра мел кIезиг а шина вахархочунна. Кхин а цхьангара шайн махкахь ваха йелла хилла бакъо дIайаьккхина, иза а дIахьажо кечвина ву, амма иза лаца ка ца йаьлла, оцу заманчохь цIахь ца хиларна. Цул совнах, тIаьххьарчу хенахь масех нохчочунна дуьхьало йира кехатийн хан чекхйаьлча йуха а дIайахъйан. ХIара хIума кест-кеста хила доладелла", - билгалдаьккхира хьасто.
Ша мухӀажиро Кавказ.Реалии сайте ма-дийццара, 2018-чу шарахь Оьрсийчохь цунна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх долийнера Шемахь низамехь йоцчу тобанехь дакъалацар бахьана долуш (Оьрсийчоьнан Федерацин Бехктакхаман кодексан 208-чу артиклан 2-гӀа дакъа). Польшехь йолийра экстрадицин процедура – 4 шо даьккхира нохчочо миграцин набахтехь, экстрадицин хьокъехь дIахьон кхелан процессашкахь ийшира иза.
Делахь а Оьрсийчоь Украинина тӀелеттачул тӀаьхьа кхело къобалдира Акиевна махкахь гӀело йан мегаш хилар, амма ладегӀарш дӀадирзинчул тӀаьхьа иза полицин декъе дӀавигира, цигахь иза лаьцна витинера, низамехь доцуш Польшехь Ӏар бахьана долуш. И стаг араваккха йиш йара экстрадицин процедурехула а доцуш, административан къепехула.
- 2023-чу шеран лахьан-баттахь Венехь Польшин векалтана уллехь митинг дӀайаьхьира нохчийн мухӀажарна Акиев Ӏаьлвина Оьрсийчу депортаци йарна дуьхьал. Цу барамехь дакъалоцуш вара 30 гергга стаг.
- Украинан агIор тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу Ичкерин батальонан хиллачу пресс-секретарера схьайаккха тарло "кхин тIе иза Iалашваран" статус – цунах гIуллакх айдина арахьара тIебаьхкинчу нехан гIуллакхашкахула йолчу Польшера урхалло. Кхаьчначу официалан хаамех лаьцна Кавказ.Реалии сайтана хаийтина Белокиевс.