ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мухIажар Гериханова дIайаьккхина Шенгенан зонан лоьхучу системера


Гериханова Амина
Гериханова Амина

Шенгенан Информацин Системо (SIS) шайн базера дIайаьккхина нохчийн мухIажар Гериханова Амина, хаамбо "Вайфонд" бакъоларйаран ассоциацино. ХIинца официалехь хьалхо Оьрсийчоьно лехамашка йелла хилла иза лоьхучуьра дIайайина.

Дагадоуьйту, 36 шо долу Гериханова Амина лецира шен кIантаца цхьаьна румынхойн дозанехь дахначу шеран зазадокху-беттан 13-чохь – оцу хенахь пхи шо а хиллера иза Киевехь йеха. ТIамах кIелхьарайала гIоьртинера иза. Гучуделира Нохчийчохь лаьцначу хенахь, цо дийцарехь, цунна тIехь ницкъбинера, Оьрсийчоьнан ницкъахоша лехамашка йеллера из Шеман дозанаш тIехь тIемашкахь дакъалаьцна ю аьлла.

Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь мухIажаро дIахьединера, нохчийн полисхой шех "шахIид" йан гIортарх.

Масех баттахь Герихановн гIуллакхан хьокъехь кхелийн листарш хилира, цо а, цуьнан адвокаташа а дIахьедора, Оьрсийчохь цунна кхерам латтарх. Ша Нохчийчоьнан йахархо оцу йоллу заманчохь лаьцна йара – цуьнан кIант гергарчара дIавигира Астри (масех дийнахь дай-наной боцчу берийн цIийнехь латтийнера иза). Гериханова лаьцначул тIаьхьа масех беттанашкахь Европан кеп-кепарчу пачхьалкхашкахь бехачу Нохчийчуьрчу бахархоша пикеташ а, митингаш а дIайаьхьира, мухIажар маьршайаккхар тIедожош.

ГIадужу-беттан 30-чохь Румынин Лакхарчу кхело жоп делира Гериханована экстрдици йечу сацамна дуьхьал бинчу латкъамна. Лахьан-баттахь Румынихь мухIажаран статус йелира цунна, тIаккха Интерполо а дIайаьккхира иза шайн базера. SIS-ан базера иза дIайаккхар цуьнан хьокъехь гIуллакх дирзина хилар ду, хIина бакъо ю цуьнан, Австрихь кехаташ кечдечу шена кIантах дIакхета а.

Лахьан-беттан юьххьехь дийцадаьккхира, Хорватихь масех иттаннашкахь Нохчийчуьра мухIажарш лецна аьлла. "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас хIетахь ма-дийццара, цхьаболчу мухIажаршна тIехь ницкъбинера, кхерамаш тийсинера, сийсазбинера.

  • Австрин депортацин набахтехь латтош вара военкоматера тIекхойкхуш кехаташ кхаьчначул тIаьхьа республикера ведда Нохчийчуьра ши вахархо. Уьш Хорвати йухабахийта дагахь бара – тарло, цигара Оьрсийчу царна депортаци йан а.
  • Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа масех эзар гергга нохчо дIахьаьдира Хорвати Босница а, Герцеговиница а долчу дозанехула. Украине тIаме ца бахархьама, цара Европе политикан тховкIело йоьху. Цаьрца цхьаьна дIаоьху церан хIусамнаной, наной, дейижарий, денаной – цара чIагIдо, Нохчийчоьнан Iедалхоша дай баьхначу йарташкара арадоху шаьш, уьш тIамтIе баха дуьхьалбовлахь. Кавказ.Реалии сайтан корреспондент цхьанакхийтира Хорватин дозанехь а, мигранташна леринчу Загребера каппашкахь а мухIажаршца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG