Марсхьокху-беттан 2-чохь Швейцарин Берн гIалахь, пачхьалкхан миграцин хеттаршкахула йолчу секретариатан гIишлонна хьалха митинг дIайаьхьира нохчийн диаспоро Нохчийчуьра вахархочунна Батаев Iелина тIехIуттуш. 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь депортацин центре вахийтира иза, ткъа хIинца Оьрсийчоьне дIавала кхерам бу цунна. Шена депорт йарна дуьхьал мацалла кхайкхийра Батаевс, 40 сов де а ду цо и хьоьгу. Митинган декъашхоша тIедожийра Швейцарин Iедалхошна мухIажарца нийсо лелор а, иза маса дарбанан цIийне охьавиллар а.
Митинг вовшахтоьхнарг – "Европера машаран хIусам" бакъоларйаран организацин векал Мамишов Лачин ву – цо дийцира Кавказ.Реалии сайтана акцихь 60 гергга стага дакъалецира аьлла. Ичкерин а, Украинан а, Швейцарин а байракхаш йара церан карахь, немцойн маттахь йаздина плакат дара: "Батаев Iелас мацалла хьоьгу 50 де ду". Митинг йоьрзуш резолюци тIеийцира, ткъа Швейцарин Iедалхойн органашка биллина кхайкхам бахьийтира. "Оха тIедуьллу, могушаллин хьал де дийне оьшуш долу Батаев Iела дарбанан хIусаме маса охьавилла барамаш лелор. Иштта оха дIахьедо, Нохчийчуьра мухIажаршца дискриминаци лелон мегар дац, нийсонца кхеле гIуллакх листийта бакъо йу церан. Швейцарин Iедало йухалиста йеза, нохчашца лелон шайн миграцин политика", - билгалдаьккхира Мамишовс.
40 шо долу Батаев Iела дуккха а шерашкахь Украинехь ваьхна, шайн пачхьалкхехь ваха бакъо а йеллера цунна. Амма Украинехь тIом болийча Европе дехьавала дийзира цуьнан. 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Швейцарин Iедалхоша лецира иза, хIетахь дуьйна депортацин центрехь ву. Оьрсийчоьне дIавала кхерам латта цунна. Батаев тешна ву, нагахь санна, ша дIалахь ша вуьйр ву аьлла, хIунда аьлча, Нохчийчутра кадыровхойн рожан критик ву иза. Хьалхо йаздарца, лаьцначу мацалла йу кхайкхийна, шена нийсонца адвокат цаваларна а цхьаьна, ткъа цуьнан инетресаш йовзуьйтуш вара пачхьалкхан адвокат.
- Товбеца-бутт йуккъе баьлчхьана Австрера а, Германира а, Швецера а векалташна хьалха митингаш хIиттийра нохчийн диаспоран векалша Батаев Iела Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал.
- Оьрсийчоьнан эскарш Украине гIоьртичхьана цхьацца формале бахьанашца даймахка дIахьийсабо нохчийн европахойн Iедалхоша. Цигахь царна байа, тIехь Iазап хьегон кхерам лаьтта. Батаевн гIуллакхехь кхерамаш кхин а чIогIа бу, Украинехь ваьхна ву иза. Иштта цо къобалйеш хилла Ичкерин агIончех вовшахтоьхна лаамхойн батальонаш а.
- Оханан-баттахь Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) Францин Iедале дехар дира, нохчо Т. Бувайсар Оьрсийчоьне дIавалар хенаца дIататта аьлла. Даймахкахь ши адам дерна бехке лоруш ву иза. Амма цуьнан адвокато и бехке хиларехь дерриге дийцина ца даьлла, тоьшаллаш оьшу боху. Иза дIалахь, оьрсийн Iедалан белхалоша цунна гIело йарна кхерам бу а аьлла.
- Швейцарин миграцин гIуллакхаш луьстучу пачхьалкхан секретариато Кавказ.Реалиин хаттарна жоп луш, дIахьедира, мухIажар араваккхале хьалха хIора гIуллакх индивидуалехь луьсту шаьш, даймахкахь цунна лаьтта кхерам тидаме а оьцуш.