ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мухIажаршна депортаци йарна дуьхьал митинг хилира Венехь


Нохчашна депортаци йарна дуьхьал Венера митинг. 2023-чу шеран мангал-беттан 15 де
Нохчашна депортаци йарна дуьхьал Венера митинг. 2023-чу шеран мангал-беттан 15 де

Нохчийчуьра мухIажаршна тIаьхьабевлла леларна дуьхьал митинг хIоттийнера кху беттан 15-чохь Венехь. Йукъараллин вовшахтохараллийн векалша дIахьедира шаьш реза цахилар Австрин набахтешкахь нохчашна ницкъбарна а, царна Оьрсийчу депортаци йарна а. Шайггара даймахкахь нохчашна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш дохур ду, йа байа тарло уьш боху цара. Акци вовшахтоьхначара бахарехь, 100 сов стаг вара цигахь дакъалоцуш. Кавказ.Реалии сайте Нохчийн Ичкерин республикан Австрера векало Дунаева Розас дийцарехь, "Тхуна цкъа а дицлур дац" дешнаш хилира мемориалан митинган лозунг.

"Кеп-кепрачу пачхчьалкхашкара депортаци йина хилла дукхахболу нохчийн мухIажарш тIаьхьа байина карийра, тIехь ницкъбинера, набахте боьхкира, йа тIепаза байра. Иштта оха охьайагарйира мухIажарийн цIераш – полисхойн карах хIаллакхиллачийн. Къамел динчарлахь вара Австрин набахтехь веллачу Хациев Iелин да Хациев Зиявди а", - элира Дунаевас.

Австрера Ичкерин векалш боцурш а, митинг хIоттош дакъалецира меттигера Antifa боламо а, бакъоларйаран Stop Deportation бакъоларйаран организацино а.

  • Оханан-баттахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело дехар дира Франицн Iедалхошка Нохчийчуьура вахархо Оьрсийчоьне дIавалар ханна дIататта аьлла. Даймахкахь иза бехкевора ши стаг верна, амма адвокато чIагIдо иза бехке хиларх тоьшаллаш дац, нагахь санна, иза дIалахь – оьрсийн бакъоларйаран органийн белхахоша гIело латтор йу цуьнгахь бохуш.
  • 40 шо долу Нохчийчуьра вахархочо Батаев Iелас мацалла хьоьгу 30 де ду, Швейцарин Iедалхоша ша Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал. Оцу пачхьалкхе Украинера веана Батаев 2022-чу шеран гезгамашин-баттера схьа дуьйна депортацин набахтехь латтош ву.
  • Польшин Iедалхоша дIахьедира, тховкIело йоьхучу ФСБ-н хиллачу белхахочо Наврузбеков Эмрана шех лаьцна дийцинчух "тоьшийла дац". 2017-чу шарахь Наврузбеков ведира пачхьалкхера, цо дийцира урхалло шена дуьхьал "террорхойн гIуллакхаш" дахарх, хIетте а мангал-беттан 6-чохь Оьрсийчоьне дIавелира иза.
  • Финляндихь мухIажаран статус йеллачу Нохчийчуьра вахархочо Абубакаров Джабраила 2022-чу шеран гIадужу-баттахь дийцира Кавказ.Реалиин сайтана, Соьлжа-ГIалара шен гергара нах кадыровхоша лачкъийна бигарх, нохчийн оппозицин 1АДАТ телеграм-каналаца шен уьйраш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG