ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мухӀажар Акиев Ӏаьлви Польшо Оьрсийчоьне дӀавелла


Нохчийн мухIажаре Акиев Iаьлвигахьа Венехь хIоттийна митинг. 2022 шо
Нохчийн мухIажаре Акиев Iаьлвигахьа Венехь хIоттийна митинг. 2022 шо

Оьрсийчоьно "терроран" артиклехь бехкаш дехкина Нохчийчуьра орамаш долу Акиев Ӏаьлви Польшин Ӏедалша шайн пачхьалкхера араваьккхина. Цунах лаьцна Кавказ.Реалии сайте хаам бина бакъонашларъяран организацин а, диаспоран а шина хьосто, шайн цӀераш йовзийта ца лиъна царна.

Цара дийцарехь, Акиев Ӏаьлви Оьрсийчоьне дIавелла итт де хьалха. Миграцин статус дIайахйархьама сих-сиха дозанхошна тIеваха везаш вара иза, рогӀера тIевахча лаьцна, Калининградан кӀоштаца долчу дозане дӀа а вигина, Оьрсийчоьнан дозанхошка дӀавелира иза.

"ТIаьххьарчу цхьана баттахь эхабаттахь Польшера тапъаьлла депортаци йира Нохчийчуьра мел кIезиг а шина вахархочунна. Кхин а цхьангара шайн махкахь ваха йелла хилла бакъо дIайаьккхина, иза а дIахьажо кечвина ву, амма иза лаца ка ца йаьлла, оцу заманчохь цIахь ца хиларна. Цул совнах, тIаьххьарчу хенахь масех нохчочунна дуьхьало йира кехатийн хан чекхйаьлча йуха а дIайахъйан. ХIара хIума кест-кеста хила доладелла", - билгалдаьккхира хьасто.

Ша мухӀажиро Кавказ.Реалии сайте ма-дийццара, 2018-чу шарахь Оьрсийчохь цунна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх долийнера Шемахь низамехь йоцчу тобанехь дакъалацар бахьана долуш (Оьрсийчоьнан Федерацин Бехктакхаман кодексан 208-чу артиклан 2-гӀа дакъа). Польшехь йолийра экстрадицин процедура – 4 шо даьккхира нохчочо миграцин набахтехь, экстрадицин хьокъехь дIахьон кхелан процессашкахь ийшира иза.

Делахь а Оьрсийчоь Украинина тӀелеттачул тӀаьхьа кхело къобалдира Акиевна махкахь гӀело йан мегаш хилар, амма ладегӀарш дӀадирзинчул тӀаьхьа иза полицин декъе дӀавигира, цигахь иза лаьцна витинера, низамехь доцуш Польшехь Ӏар бахьана долуш. И стаг араваккха йиш йара экстрадицин процедурехула а доцуш, административан къепехула.

  • 2023-чу шеран лахьан-баттахь Венехь Польшин векалтана уллехь митинг дӀайаьхьира нохчийн мухӀажарна Акиев Ӏаьлвина Оьрсийчу депортаци йарна дуьхьал. Цу барамехь дакъалоцуш вара 30 гергга стаг.
  • Украинан агIор тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу Ичкерин батальонан хиллачу пресс-секретарера схьайаккха тарло "кхин тIе иза Iалашваран" статус – цунах гIуллакх айдина арахьара тIебаьхкинчу нехан гIуллакхашкахула йолчу Польшера урхалло. Кхаьчначу официалан хаамех лаьцна Кавказ.Реалии сайтана хаийтина Белокиевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG