ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн ницкъахоша лачкъийначу Сулейманова Седигахьа акцеш хIиттийра масех пачхьалкхехь


Сулейманова Седа
Сулейманова Седа

Санкт-Петербургехь нохчийн полисхоша лачкъийначул тIаьхьа йайначу Нохчийчуьра йахархочуьнгахьа Сулейманова Седигахьа акцеш хIиттийра Аргентинехь, Германихь, Италихь, Мексикехь, Польшехь. Сулейманован кхолламах цхьана а кепара хаам боцу 150 сов де ду.

Буэнос-Айресера, Берлинера, Боннера, Варшавера, Мехикора Оьрсийчоьнан векалташна хьалха гулделлера адам, хаамбина кризисан "СК SOS" тобано. "Стенгахь йу Седа?", "Дийна йуй Седа?", "Схьагайта тхуна Седа", "Цкъацкъа денцIа – уггар а кхераме меттиг бу", "Сий лардеш нах ма хIаллакбе!" тIейаздина плакаташ дара церан карахь, дIасалелачу нахалахь доькъура и кехаташ.

Акцех дIакхеттера Италин пхеа гIаланашкара жигархой, дуьйцу Sotа телеграм-канало.

Оьрсийчоьнан Iедалхошна тIедиллира протестийн декъашхоша Сулейманова Седа къайлайаккхар талла аьлла.

Шинарин дийнахь Кавказ.Реалии сайто йаздира оцу кепара пикет Тбилисихь дIайахарх лаьцна а, Швейцарин векалтера Оьрсийчоьнан интересаш йолчу секцина уллохь гулвеллера 12 стаг.

  • Гергарчара полицига дIахаийтинчул тIаьхьа 26 шо долу нохчийн йоI Сулейманова Седа лачкъийра стохка нохчийн ницкъахоша Санкт-Петербургехь. Даим а шаьш пайдаоьцу кеп йалийра йоьIан доьзало и цIа йуьйгуш: иза бехкейира къола дарна, тIаккха "низамашкахь" Нохчийчу дIайигира хеттарш дан деза аьлла.
  • Гезгамашин-баттахь Нохчийчуьра омбудсмено Солтаев Мансура видео йаржийра, ша Сулейманова Седица цхьанакхетарх. Оцу видео тIехь дош ца олу йоIа; хIетахь дуьйна цунах лаьцна информаци йац.
  • Седин везаро Кудрявцев Станислава бусалба дин тIеийцира, ша йоьIан гергарчаьрца цхьанакхета кийча а ву, иза шега маре йаийта аьлла дехар дан, и хаттар машарца дерзон лууш ву ша аьлла, дIахьедира цо. Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь цо дийцира, цIера йеддачу йоIаца шен гергарло тасадаларх, дин тIеэца шена лаарх а, ша шена ша бехкехетарх а.
  • Санкт-Петербургера прокуратурехь дIахьедира, йоI шен лаамехь Соьлжа-ГIала йухайахнера шега хеттарш дайта, цул тIаьхьа шен лаамехь цIахь Iийна иза аьлла. Прокуратурин белхахоша шайн жоьпехь хьахийна бац Нохчийчуьра полисхой, йоI лацар а санна. Урхалло тIечIагIдина, Сулеймановас къола дина бохург а бакъ ца карийна, оцу буха тIехь хеттарш дан йигинера иза. Оцу йукъанна талламо гайтина боху, "бертаза дIайигина, лаьцна, тIекхайкхина" цхьана а кепара барамаш цуьнца лелийна цахилар.
  • "СК SOS" тобанан белхахошка информаци кхаьчнера Нохчийчуьра вовшашца йозуш йоцчу шина хьастера чиллан-беттан йуьххьехь, Сулейманова йийна хила тарло аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG