ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн олигархан кIант лаьцна Москвахь полицин полковникана тIелатарна


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, бизнесхо Бажаев Муса а ву 2019-чу шеран лахьана-баттахь хиллачу цхьанакхетарехь
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, бизнесхо Бажаев Муса а ву 2019-чу шеран лахьана-баттахь хиллачу цхьанакхетарехь

Москвахь нохчийн миллиардеран Бажаев Мусан 23 шо долу кӀант Бажаев Тимур лаьцна полицин белхахочунна тӀелатар дарна. Бехкзуламан гӀуллакх схьадиллина, таллам бечу юкъанна олигархан кӀант лаьцна латто дагахь бу уьш, хаамбина Талламан комитетан Москварчу урхалло.

Официалан версица, "Лужники" стадионна уллехь кхерамазаллин белхахочуьнца девне ваьлла хилла Бажаев. Иштта цу урхалло зорбане йаьккхина тергонан камераша дIайазйина йоца видео. Цу тIехь жимчу стага бетах хIума туху полисхочунна, цул тӀаьхьа иза кхечу полицин белхахоша йугIагIуртий, дIавоккху. Оцу кадраш тIехь Бажаев Тимур ву аьлла билгалдаьккхина ду.

Пачхьалкхан Думан депутатан Хинштейн Александран информацица, хьоладен кӀант стадионе вала гIерташ хилла белхалой дIасалелачу неIарехула. Ша полицино сацийна, нах лелачухула гIо аьлча, Бажаев лата волавелла. Иза тасавелла полицин полковник, Москвара Коьртачу гонашкара УВД-н йукъараллин къепе латточу декъан хьаькам Махонин Александр хилла, дIахьедина депутато. И верси, хьосташна тӀе а ца тевжаш, тӀечӀагӀйо низамхошца йоьзна йолчу "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канало.

"Сота" телеграм-канало тIечIагIдарца, дуккха а шераш ду Махонин Александра адамаш вовшахкхетта хIитточу барамашкахь къепе латтош шахьара йуккъехь куьйгалла ден, иштта протестан акцеш дIасайохош а.

Депутата Хинштейна иштта дӀахьедина, чоьхьарчу гӀуллакхийн министралла дагахь йу и гӀуллакх шен Ӏуналлехь латто, цуьнан тIаьхьенна "жигара Ӏаткъам бан гӀертарца доьзна". Цунах лаьцна кхин кIорггера дуьйцуш дац цо. Официалан кепара тӀечӀагӀйина йац и информаци.

Ӏедалан белхахочунна ницкъ бар аьллачу артиклца Бажаев бехкеван кечлуш бу уьш.

Цуьнан дас Бажаев Мусас дӀахьедина, шен кӀант лаьцна хиларх шена хууш ду, ша талламна юкъагӀерта дагахь вац аьлла. "Нагахь санна сан кӀант бехке велахь, иза цхьана хIумана йукъагIоьртинехь, цо жоп лур ду, амма и гӀуллакх иштта дацахь, тӀаккха - хӀан-хӀа", - аьлла бизнесхочо.

  • Мусан а, цуьнан вешин Мавлитан а, вешин кӀентан Бажаев Денин а долахь йу 1998-чу шарахь Мусан воккхахволчу вашас Зияс кхоьллина йолу "Альянс групп". Холдинго урхалла до, масала, Хабаровскера аэропортан а, деши доккхучу "Амур Золото" компанин а, "Золотой Рог" издательствон а, ГӀиргӀазойчуьрчу "Альянс Алтынан" а, Хабаровскан а, Красноярскан а кӀошташкарчу платина доккхучу меттигийн "Оьрсийн Платина" компанин а. 2021-чу шарахь Бажаев Мусан бахам бара, Forbes-о дийцарехь, 750 миллион долларшкахь, Оьрсийчоьнан хьал долчу бизнесхошлахь 156-гIа меттиг дIалоцура цо.
  • Украинехь Оьрсийчоьнан тӀеман агресси йолаеллачул тӀаьхьа санкцеш юкъа а йохуш, дихкина Бажаевна Евробертан пачхьалкхашка ваха. 2022-чу шарахь охан-баттахь Францехь дӀалаьцна цуьнан Ривьерехь йолчу Сен-Жан-Кап-Ферра коммунана гергахь йолу вилла. Меттигерчу хаамийн гӀирсаша яздарехь, и вилла Версалан цӀийнан жима копи санна йу.
  • Охан-баттахь Бажаев Мусас шен Италехь йолу Forte Village курорт Казахстанерчу накъосте Ибрагимов Шухрате дӀайелира. Цунна дуьхьал олигархана буьззинчу барамехь Ӏуналла дар кхечира ГӀиргӀазойчохь йолчу дешин шахтана тӀехь. Цу кепара нохчийн олигарх ларвала гӀоьртира Евробертан санкцех, хаамбира Financial Times газето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG