ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн оппозицхочун Украинехь тIом бина ваша Москварчу k-pop-тобанна тIелетта


Москва, 2-17-чу шеран мангал-беттан 12-гIа. Гайтаман сурт
Москва, 2-17-чу шеран мангал-беттан 12-гIа. Гайтаман сурт

Туркойчохь вехачу оппозицхочун, блогеран Халитов Хьасанан вашас Халитов Рамзана тIелатар дина Москварчу GeneSIS life k-pop-тобанан декъахошна. Машанашкахь йаржийначу роликашкахь Sota гIирсана цуьнца цхьаьна хаавелла "Къоман маршонехьа тобанан" векал Соболев Дмитрий. Хетарехь, дов даларан бахьана цушинна "дастаме" хетта хелхар дара.

Цхьана роликна тIехь гуш ду, Халитовс кавер-тобанан белхан гIирсаш отуш, йуха цхьана декъахочун легаш схьалаца вулу иза. ШолгIачу видео тIехь цо цунна кхерамаш туьйссу, ткъа цуьнан накъоста "маьттазалла йаржорехь" бехке бо уьш. "Цхьа а хелхарш дан мегаш дац - Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташца боьдуш тIом бу... Вайн вежарий цигахь леш бу,"- дIахьедо Халитовс. Тобанна тIелеттачара цуьнан декъахой "гендеран заддаш" ду а элира.

Полицин белхахой цу девнна зераш деш бу, йаздо "Известия" гIирсо. И хаам чоьхьарчу гIуллакхийн министраллийн Москва гIаларчу пресс-центрана тIетовжарца бина.

2022-чу шеран охан-баттахь ЧГТРК "Грозный" канало йаржийра Халитов Рамзан тIаме вохуьйтуш йаьккхина видео. Хьалхо блогеро Халитов Хьасана дийцира, шен ваша кхерамаш тийсарца, нуьцкъала Закан-йуьртара дIавигна аьлла. Цо бахарехь, иза цо Нохчийчуьра тIаме бахначеран могIаршлахь тIом беш кино йаккха дIавигнера. Видеочохь Халитовн вашас интервью ло, цунна уллохь тIеман духарца, тIоьрмигашца лаьтташ иттанашкахь "лаамхой" хуьлу, царна тIехьа гуш Нохчийчоьнан, Оьрсийчоьнан байракхашца кечйина автобусаш а. Цул тIаьхьа иза Украинерчу тIаме дIакхаьчна аьлла хаамаш беш кхин роликаш а йаьржира.

GeneSIS life тобано хелхарийн роликаш йоху. Царлахь цо корейхойн гIарадаьллачу k-pop поп-мукъамийн хотIехь кхечара лекхна йолу эшарш лоькху. И тайпа белхаш цара нахана гуччохь дIайазбо.

  • 2021-чу шарахь гIуран-беттан 21-хь Халитовс "Дождь" телеканале дийцира, Нохчийчхохь бехачу деца а, вешица а зIене ца валало ша аьлла. Хьалхо блогеро хаам бира, кадыровхоша шен доьзална кхерамаш тийсарах. Блогеро Нохчийчуьра хьал йемалдечуьра ца сацахь. Цуьнан дас видео-къамел а дира, шен кIантах къоман йамартхо олуш - и видео гIарайаьккхира нохчийн парламентан депутато Хамбиев Мохьмада.
  • Дечкен-баттахь Халитов Хьасана хаам бира республикерчу Iедалхоша шен гергарчарна гIело йаран хьал чIагIделла аьлла. Блогеро бахарехь, цуьнан да балхара дIаваьккхира, иза Соьлжа-гIаларчу гIишлош йаран фирмехь хадеш вара. Цхьана йишин, цо дийцарехь, бизнес сацийра - ТIехьа-Мартан кIоштарчу Закан-йуьртахь ателье дIакъевлира цуьнан.
  • Хьалхо шен гергарнаш лачкъийна боху машанашкара хаам бакъ ца бира Халитовс. Уьш цхьамма дIа ца бигна элира цо. Видео тIехь гуш йу, цуьнан йишин Хасимин бIаьргашна гондхьара Iаждаргаш.
  • Дечкен-беттан 25-хь Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочун гIоьнча Кудузов Ризван бехкевира цо. Республикин куьйгаллина йен критика сацайе бохуш, шена шантаж йарехь. Нагахь санна, хьо ца сацахь, оха хьан йишин суьрташ интернетехула даржор ду бехира шега, аьлла дийцира блогеро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG