ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн оппозиционерийн нана лачкъорна бина латкъам Европан кхело талла болийна


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Кхелахо лаьттинчун хIусамнана а, оппозицерчу жигархойн ЯнгулбаевгIеран Абубакаран, ИбрахIиман нана Мусаева Зарема нохчийн ницкъахоша лачкъийна, дIайигира. Цу хьокъехь дина арз - адамийн бакъонийн Еврокхеташоно тидаме эцна, толлуш ду. Иштта кхело толлур ду Умаров Мовсаран гергарчийн арз - иза лачкъийра 2020-чу шарахь Соьлжа-гIалахь, хIетахь дуьйна цунах лаьцна хууш хIума дац. Цу гIуллакхех дерг бакъонашларйаран "Iазапна дуьхьалойен тобанан" декъахоша дийцира Кавказ.Реалии редакцига.

Мусаева Заремин гIуллакх 2022-чу шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородера ницкъаца дIайигарца чуделла ду. Цу хеннахь, ЕСПЧ-но сацийна латточу зудчун гIуллакхе хьовсар а, хьолах сих-сиха шайга хаам бар тIедиллира Оьрсийчуьрчу Iедална, боху дуьненйукъарчу бакъонашларйаран "Iазапна дуьхьалойен тобанан" юристо Валиева Эльзас.

"Тхайн латкъамехь оха дIахьедийриш адамийн бакъонаш ларйаран Конвенцица ца догIурш ду. Иза йаларна а кхерам хилар - инсулин молха доцуш иза кхерамехь йитар, Соьлжа-гIала дIайуьгуш некъаца цунна оьшург ца латтор а. Иштта оха тидам тIебохуьйту иза дIалацаран хьелаш ледара талларна (зераш 2022-чу шеран гезгамашан-баттахь бен ца долийра)",- дуьйцу Валиевас.

Умаров Мовсар дIалацарна бина латкъам а 2020-чу шарахь иза дIа ма леццинехь бира, билгалдоккху юристо.

"Хьалха-м сихо хьовсур бара цу кепарчу гIуллакхашка. 2023 - чу шарахь Мусаеван гIуллакхна жоп далан тарлора. Амма хIинца, Оьрсийчоь Еврокхеташонера арайаьлла, цо шен дуьненйукъара декхарш охьадехкина, гIуллакхан хьал хьелуш латта тарло",- тIетуьйхира Валиевас.

  • Дечкен-беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIайуьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Мусаева Заремина полисхо сийсазварна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза, цуьнан бетах кховраш дохуш. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.
  • Кавказ.Реалии сайто кхоччуш дика дийцира Мусаева Заремин гIуллакхах. Цу гIуллакхан кхачамбацарех, цу хьокъехь хIуьттучу хаттарех. 2022-чу шеран товбецан-баттахь Ленинск - кIоштан кхелехь дIадолийна дара цуьнан гIуллакх. ХIинца циггахь лаьтташ ду.
  • 2020-чу шеран аьхка Соьлжа-гIалахь лачкъийна, дIавигна ву Умаров. ШолгIачу дийнахь иза полицин декъехь хилар билгалделира гергарчарна. Умаровн гергарчарна вевзина иза лачкъийначу нахах цхьаъ. Цара боху, иза Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн гIовс Байтуев Мохьмад ву. Амма Кадыров Рамзана иза бакъ ца дира. Лачкъийна, дIавигнарг тIаьхьо тIепаза вайра. Гергарчаьрга полицино, ша талламаш дIахьош, иза шен карара ваьлла, ведда, аьлла. Цу хенахь дуьйна схьа Умаров Мовсарах хууш хIумма дац. Цхьана шарна эха шарна чохь талламаш доьазза сацийна. Гергарчарна цу гIуллакхан материалаш хIинца йовзийтина йац. Умаровн гIуллакх чакхенга кхаччалц толлург хиларх тешам бу, бац хоьттуш, дийцира Кавказ.Реалии сайто "Iазапна дуьхьалойечу комитетан" юристаца Полякова Юлица.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG