Нохчийчуьра Шела гIалин кхеле дехар чуделла Мусаева Заремин адвокато Савин Александра, иза тоьхначу хенал а хьалха арайаккхар доьхуш. Мусаева – нохчийн оппозицин жигархойн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн нана йу. Иза бехкейина полисхочунна тIелатарна а, курхаллаш лелорна а.
Иза лацар политикан бух болуш ду аьлла хета бакъоларйархошна, адвокаташа масийттаазза дIахьедира цуьнан гIуллакхехь харцонаш лелорах.
"Iазапашна дуьхьал Командо" хаамбина, еарин дийнахь Савин колонихь Мусаеваца цхьаьнакхеттера, хенал хьалха арайаккхийта кехаташ чудала иза реза йу аьлла. Кхеле ша чуделла дехар адвокато, цунна регистраци а йина, амма кехаташ маца луьстур ду цкъачунна хууш дац.
- Мусаева Зарема – бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран а, 1АДАТ телегарм-каналаца боьзначу оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран шина вешин ИбрахIиман а, Байсангуран а нана йу.
- Дечкен-беттан 20-хь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха I5 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.
- 54 шо долу Мусаева инсулинах йоьзна йу, диабет а, кхин а лазарш шен дегIаца долуш йу иза. Лаьцна латточу йукъанна могушалла кхин тIе а эшнера цуьнан.
- Мусаева дIайигначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь ЯнгулбаевгIеран доьзална бекхам бийр бу ша бохуш, кхерамаш тийсира Кадыровс. И шен кхерамаш карлабехира цо шен видеокъамелехь. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-гIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сихсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан суьрташ дагийра, этIийра, суьрташна тIе когаш биттира.
- 2023 шеран товбеца-беттан 4-хь набахтехь даккха пхи шо, ахшо туьйхира Мусаевана. Апелляци йича таIзар малдира -йукъарчу хьелашкара колнихь йаккха тоьхна хан хийцира маьршачу хьелашкахь йолчу колонихь токхуьйтуш, ахшо тIера а доккхуш. Гезгамашин-бутт бовш Мусаева Устрада-гIалара колни поселени дIайигира.