Бакъоларйархочун Абубакаран а, оппозиционеран ИбрахIиман а ЯнгулбаевгIеран нанас, полисхочунна тIелетта аьлла, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь лаьцна латточу Мусаева Заремас дIахьедина, шен бIаьрса эшна догIу аьлла.
Цунах лаьцна цо хьахийна, "ФСИН-кехат" системехула дахьийтинчу "Новая газетан" "Свободное пространство" медиапроектан хеттаршна лучу жоьпехь. "Хала ду суна книгаш йеша, хIунда аьлча, кху чохь бIаьрса талха доладелла сан. Вуьшта хьал а дика ца хуьлу соьгара, цIийн юккъера глюкоза лакхара хилча, доллу дегIера гIора дIадолу сан", - йаздина диабет лазарца йолчу Мусаевас.
Хьалхо чиллан-баттахь Мусаеван могушалла эшарх хаамбира "Кавказский узел" ресурсо, адвокатна Немов Александрна тIетевжина. "Молханаш моьлуш ю иза, инсулин детта цунна. Цо мел а гIоле йо цунна. СИЗО-хь латточу юкъанна хьал телхина го цуьнгара. Кхин тIе а инсулинах йоьзна иза. Инсулинан барам лакхабаьккхина. Цамгарш тIетаьIна", - дийцина Немовс хьастана йеллачу комментарихь.
2022-чу шеран товбеца-баттахь Янгулбаев Абубакара дIахьедира, Мусаева Заремина дIакхачош долу инсулин а, кхиндолу молханаш а СИЗО-н лоьрийн декъо луш дац, шайн ахчанах цхьана кхечу кхозлагIчу наха эцна, чулуш ду аьлла. Дечкен-баттахь Немов Александра "Керла Дош" ресурсана тIечIагIдира, йоллу медикаменташ а, препараташ а Мусаевана гергарчара кхоьхьуш ю, кхин тIех СИЗО-н хьелашкахь дарба цунна кхачош дац аьлла.
- Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
- Цкъа дуьххьара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелетта хилла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг баккхаза яьлла иза". ТIахьо хьарамлонаш лелорна бехк биллира цунна. Дуьххьара Нохчийчу дIайигира иза оцу гIуллакхехула, амма теше санна хеттарш дан.
- Мусаеван гIуллакх листар доладелира Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIоштарчу кхелехь товбеца-баттахь.
- Кавказ.Реалиино ма-дарра дийцира Мусаева Заремин гIуллакхах а, цуьнан гIуллакхехь дуккха а долчу цхьанацадарех а.
- Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь Кадыров Рамзана хIаллакбийр бу церан доьзал бохуш, кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIеран доьзална. Дукха ца Iаш видео дIайазйира цо, юха а шен кхерамаш туьйсуш. Цуьнан кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхарчу даржашкара хьаькамаш а. Чиллан-беттан 2-чохь Соьлжа-ГIалин юккъехь митинг дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал – цигахь церан суьрташ дагийра, этIийра, тIе мийраш а бетташ.
- Бакъоларйаран "Поддержка политзеков. Мемориал" проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема.
- Дечкен-беттан 20-чохь Янгулбаев Абубакара шеца хийца элира Кадыров Рамзане шен нана. Иза лачкъийна йигина шо кхочучу дийнахь видео дIайазйира Янгулбаевс, цо бехкево Кадыров "пачхьалкхан низамаш а, адаман оьздангаллин ламасташ а" дохорна. Бакъонашларйархочо билгалдоккху, лаьцна латтийначу оцу шерачохь шен ненан могушалла эшна аьлла. ДIасахийца аларна делла жоп дац цкъачунна.