Нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн ненан Мусаева Заремин хьокъехь харцонаш лелийна хилар бакъдина Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Страсбургера кхелан сацамца а догIуш, Оьрсийчоьнан Iедалхой декхаре бу цунна 52 эзар евро компенсаци охьайилла. Кхин а йалх-йалх эзар евро кхачийна Мусаеван хIусамдена, кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдина а, церан йоIана Алияна а.
ЕСПЧ-н материалашкахь кIорггера охьайаздина Мусаева Зарема 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха-Новгородера шайн хIусамехь лачкъорах, Нохчийчуьра даржхоша цунна йина реакцих а. Латкъам бинчара аьрзнаш дора шайна а, шайн доьзалхошна а масийттаза кхерамаш тийсарх хIаллакдийр ду бохуш, Оьрсийчоьнан Iедалхоша инциденташ тергамза йитарх а, аьлла билгалдоккху сацамехь. Дуьйцург ду Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан накъоста, пачхьалкхан думера депутато Делимханов Адама а, кхинболчу лаккхарчу даржхоша а кхерамаш тийсар.
"Нохчийчохь адамийн бакъонаш тIетаьIIина хьоьшучу йукъанна кхело хьесап до, къоман Iедалхошна билггал хууш дара латкъамбинчеран дахарна кхерам латтар. ХIетте а, цара [Оьрсийчоьнан Iедалхоша] цхьана а кепара шайгара хила беза барамаш тIеэцна бац, иштта цара кхочуш ца дина талламбар эвсара хилийта шайна тIехь хилла декхарш а", - сацамбина ЕСПЧ-н кхело.
Цул совнах, кхело къобалдина Мусаева лачкъийначул тIаьхьа а низамаш лардина ца хилар, административан а, бехкзуламан а гIуллакхашца цунна тIаьхьабовлар, Соьлжа-ГIала иза дIайуьгучу заманчохь полицин белхахоша цуьнагхь гIело латтор а, иштта лоьрийн гIо ца кхачор а.
"Хазахета, дуьненайукъара бакъонан органо рогIера а бакъдина хилар Кадыровн а, цуьнан гонан а лелар низамашкахь цахилар. Оьрсийчоьнан бакъонца а цхьаьна гуш дара уьш харц хилар. Кхин ду, пачхьалкхера Iедалан системех тIеман диктатура йина хилар, ткъа Нохчийчохь – тирани, уьш баша а ца беша ЕСПЧ-н сацамех", - элира Страсбурган кхелан сацамах лаьцна Мусаева Заремин кIанта, бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара.
Украине шуьйрачу тIамца тIелеттачул тIаьхьа Оьрсийчоьно дуьхьало йира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбан.
- 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна а бехке а йира и.
- Стохка товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо кхайкхийра набахтехь даккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах. 2023-чу шеран гIуран-баттахь хенал хьалха Мусаева Зарема набахтера арайаккха дуьхьало йира.
- Зазадокху-баттахь хаамбора, Мусаева лоьрийн комиссех чекхйаккхар Устрадера колонин куьйгалло дахдеш хиларх, цо дIатоьттура иза хенал хьалха арайаккхийта чуделла кехаташ листар. Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь, могушалала телхина йогIушшехь, ЯнгулабевгIеран вежарийн нана дарбанан цIийне охьайилла духьало йира. Адвокато хIетахь дIахьедира, Мусаева даим а лазарш теден молханаш мийла декхаре йу, Iасанаш йоцуш йолалуш йац аьлла.