ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн оппозиционерийн ненехьа пикет хIоттийна жигархо лаьцна Москвахь


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

"Маьршайаккха Мусаева Зарема" аьлла плакат карахь пикете йаьлла жигархо Сайфутдинова Анна лаьцна Москвахь. Дечкен-беттан 29-чохь Кремлна гена йоццучу Пушкинан майданахь акци хIоттийнера цо.

Бакъоларйаран "ОВД-Инфо" проекто бечу хаамца, Сайфутдинова лаьцначул тIаьхьа полицин декъе дIайигинера иза, амма цул тIаьхьа протокол а ца хIоттош, дIахецнера. Жигархочьунга йаздайтинера акцих лаьцна, билгалдоккху бакъонашаларйархоша.

Мусаева Зарема – оппозицин жигархойн ЯнгулбаевгIеран Абубакаран а, ИбрахIиман а, Байсангуран а нана ю. Шо сов хна ю иза Соьлжа-ГIалахь лаьцна латтон. Бакъонашларйархошна хетарехь, цунна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх шайггара долийна ду, политикан бух болуш а ду аьлла.

  • Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Цкъа дуьххьара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелетта хилла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг баккхаза яьлла иза". ТIахьо хьарамлонаш лелорна бехк биллира цунна. Дуьххьара Нохчийчу дIайигира иза оцу гIуллакхехула, амма теше санна хеттарш дан.
  • Кавказ.Реалиис ма-дарра дийцира Мусаева Заремин гIуллакхех лаьцна а, оцу гIуллакхех дуккха а цхьаьнацадараш хиларх а.
  • Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIеран доьзална телеграм-каналехь динчу йозанехь Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. ТIаьхьо юха кхерамаш карлабехира цо видео дIаязъеш. Кхерамаш тийса буьйлабелира иштта нохчийн лакхарчу даржашкара ницкъахой а. Чиллан-беттан 2-чохь Соьлжа-ГIалин юккъехь митинг дIаяьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал. Митингехь ЯнгулбаевгIеран доьзалан суьрташ дагийра, тIе мийраш биттира, этIийра, иштта дуьххьал дIа кхерамаш а тийсира.
  • Дечкен-беттан 20-чохь Янгулбаев Абубакара шеца хийца элира Кадыров Рамзане шен нана. Иза лачкъийна йигина шо кхочучу дийнахь видео дIайазйира Янгулбаевс, цо бехкево Кадыров "пачхьалкхан низамаш а, адаман оьздангаллин ламасташ а" дохорна. Бакъонашларйархочо билгалдоккху, лаьцна латтийначу оцу шерачохь шен ненан могушалла эшна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG