Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "Нана-турпалхо" орден йелла Даудова Асетана – нохчийн парламентан спикеран Даудов Мохьмадан хIусамнанна. Президенто Путин Владимиран омраца кхачийнера цунна и цIе стохка гIадужу-баттахь – Даудова республикехь шолгIа зуда и цIе лелош мехкан урхалхочун хIусамнана Кадырова Медни дIайаьккхича.
Омрана тIехь йаздина ду, Даудова Асетана и цIе йелла "бераш кхетош-кхиорехь а, доьзалан институт чIагIйеш а доккха дакъа лацарна". Стохка марсхьокху-баттахь йукъайаьккхина йу и орден, совгIат до цуьнца 10 сов бер кхиийначу наношна. Парламентан сайтехь аьлла ду, Даудовн 12 бер ду: 6 кIант а, 6 йоI а.
2014-чу шарахь дуьйна Даудов Мохьмад Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаре йазвина ву, Нохчийчохь адамийн бакъонаш шога хьешначу нахаца цхьаьна. 2020-чу шарахь цунна дуьхьал дозанаш туьйхира Британино – ЛГБТК+нахана республикехь тIаьхьаваьлла леларна. Шуьйрачу тIамца Украинана тIелеттачул тIаьхьа Даудовна санкцеш туьйхира Польшо а.
- Украинин кхерамзаллин урхалло Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад Оьрсийчоь Украинина тIелатарехь дакъалоцуш хиларна шек ду шаьш аьлла дIахьедар дира. Иза, урхаллин сайтехь билгалдаьккхина ма-хиллара, Кадыровн "уллорчу гонехь ву, агресси лелорехь цо луш долу омранаш кхочушдеш ву" Украинина дуьхьала бечу тIеман хьокъехь.
- Оппозицин блогеран тIаьхьабевллачу хьаькамийн декъехь ву аьлла, жоьпалла а ду Нохчийчуьра парламентан куьйгалхочунна тIехь. 2019-чу шарахь Даудвос чIир хьейира цунна, вукхо Кадыров Ахьмад нохчийн халкъан йамартхо ву аларна. Стохка марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн инарла-майор аьлла цIе йелира Даудовна Путина.
- "Гейшна леринчу набахтехь" латтийначу тутмакхаша хаамбира Human Rights Watch йукъаралле, республикин парламентан куьйгалхо хьежа а хьоьжуш Iара тIехь ницкъ бечу хенахь аьлла.