"Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис тӀечӀагӀдина "Ахмат-Чечня" полкан пхи эскархо Курскан кӀоштахь Украинан тӀеман ницкъийн операци йолалуш йийсаре лаьцна хилар. Ша коьртехь волчу спецназан декъашхой йийсаре лецна боху хаамаш бакъ бац аьлла цо, "йийсарехь хилла нохчо кхин дIа кадыровхо вац" аьлла. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а вистхилира йийсархошкара бехкаш дохуш.
Украинан ВСУ-н проектан телеграм-каналехь зорбане йаьккхира марсхьокху-беттан 11-чу сарахь "Ахмат" цӀе йолчу полкера лецна йийсархой тIехь болу видео. Цу тӀехь гуш ву лаххара а ткъа гергга оьрсийн йийсархо. Царех кхааммо дӀахьедо операторе, шаьш Соьлжа-ГӀалахь дехаш а, "Ахмат" полкехь гӀуллакх деш а ду бохуш. Уьш муьлш бу къасто аьтто бац - йаххьаш хьулйина йу скотчаца латийначу кехаташца.
ТӀаьхьо Украинан тӀеман ницкъаша зорбане йаьккхира кхин а цхьа видео: цу тӀехь йийсаре лаьцначу эскархочо (иза мила ву къасто а йиш яц) ша "Аида" декъехь гӀуллакх деш ву бохуш чӀагӀдо. "Ахмат" спецназан и дакъа дара хьалхо Курскан кӀошта хьажийна.
Нохчийчохь цкъачунна тӀе ца йуьту йийсархой лецарх информаци. "Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис мангал-беттан 12-чу дийнахь дӀахьедира, "вайн цхьа а тӀемало кара ца вахна" аьлла, ткъа цу хьокъехь лела видео-хаамаш фейк йу бохура цо. Цо хьахийнарш бара беккъа "Ахмат" спецназан эскархой.
"Ахмат-Чечня" полкан кхо эскархо баккъалла а йийсаре лаьцна Курскан кӀоштарчу Украинан тӀеман ницкъаша аьлла, тӀечӀагӀдира шолгӀачу дийнахь Алаудиновс. Оццу хенахь цо йуха а дIатеттира "Ахмат" спецназан декъахь йолчу "Аида" тобанан эскархо каравахар, бохура "нохчочунна йийсаре вахарал а эхье хӀума дан дац" аьлла.
Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалхо а лелийра йийсархой сийсазбен риторика. Стохка охан-баттахь "Север-Ахмат" полкан пхи эскархо хийцинчул тIаьхьа цо дIахьедира, "нохчийн тӀемалочун цхьа а бахьана дац йийсарехь нисвала", кхайкхам бира цаьрга, йуха а тIамтIе гIо аьлла. "Север-Ахмат" полк, "Ахмат-Чечня" полк а санна, дIайузуш йу республикера бахархойх а, йоллу пачхьалкхера "лаамхойх" а. Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" жимма Ӏамораш дӀадаьхьначул тӀаьхьа, уьш тIамтIе хьийсош бу.
- Украинан эскар Курскан кӀоштан дозанашка кхечира мангал-беттан 6-чу дийнахь. ХӀетахь дуьйна регионехь латтташ тIемаш бу. Оьрсийчоьнан могушаллин министралло бинчу хаамца, лазийна 100 сов меттигера вахархо. Орцаллин министралло бинчу хаамца, Украинаца доза долчу Курскан кӀоштан регионашкара эвакуаци йина 76 эзар стагана.
- Нохчийчоьнан спецназан цхьахдолчу декъан буьйранчас, Оьрсийчоьнан тӀеман министран гIовса Алаудинов Аптис дӀакхайкхийра "Ахмат" спецназан цхьа дакъа Курскан кӀошта дӀахьажорах. Йуьхьанца цо хаам бинера, доза лардечу нохчийн дакъойн аьтто ца баьлла Украинан тӀеман ницкъаша дина тӀелатар йухатоха, уьш Украинан эскархошца "галморзахбовлар" бахьана долуш аьлла.
- Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь депутат волчу Делимханов Адама зорбане хIоттийна Курскан кIоштахь "Ахматан" эскархоша йаьккхина ши видео. Хьалхарчу видео тӀехь эскархочо куьйга гранатомет йетта БТР-на; шолгIачунна тIехь "АллахIу Акбар" бохуш, маьхьарий детташ, цу техникана тIехь урамехула чекхбовлу нохчийн тIемалой. Изза БТР гина Ӏуьйранна Гирьи юьртара богIучу новкъахь - и йу Украинан герзахойн ницкъаша Суджахь дӀасалелачу меттигна 30 км сов генахь.