ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн политикан тутмакхна Мусаева Заремина йуха а дуьхьало йина хенал хьалха маьршайала


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Нохчийн оппозицин жигархойн, вежарийн ЯнгулбаевгIеран нанна Мусаева Заремина дуьхьало йина Нохчийчуьра Шела гIалин кхело хенал хьалха арайалийта. Цунна таIзар дина курхаллаш лелорна а, полисхочунна тIелатарна а, бакъоларйархоша политикан тутмакх лаьрра иза.

Дуьхьало йан бахьанаш карийна кхелана Мусаевас бехк тIе цалацар, ша дина зен текхна цахилар, колонихь профилактикан чоьтехь Мусаева хилар а, хаамбина "Iазапашна дуьхьал Командо" адвокатана Савин Александрна тIетевжина.

Адвокато кхетийна, "бакъоларйаран органийн белхахошна тIелата тарлуш йу" аьлла профучете Мусаева йаккхар, цо колонихь низамаш талхийна хиларца доьзна дац, цунна дина таIзар бехкзуламан кодексан оцу кепарчу артиклаца догIуш хилар ду аьлла.

Дина зен текхна дац аьлла кхел тIетевжира хенал хьалха арайаккхар доьхуш чуделла дехар дуьххьара луьстуш а – дуьйцург ду "ОТП-Банкех" лаьцна, курхалла лелорах гIаттийначу гIуллакхехь волайнхо лоруш йара и. ХIетахь Савина билгалдаьккхира, оцу процессуалан муьрехь ишта тIедожор хуьлийла дац, цу тIе банко Мусаевас шена зенаш дина, цуьнгара ахча схьадаккха аьлла, дехар дина а дацара.

Савина дIахьедира, ша хьалхарчу инстанцин кхелан сацамна латкъам бан дагахь хиларх Нохчийчуьра Лакхарчу кхеле.

Йехначу УДО-на дуьхьало йира Мусаева Заремина гIуран-беттан 12-чохь а. Оцу сацамна латкъам бира, апелляцихь кхело йухабаьккхира сацам, хьалхарчу инстанцин кхеле йухалиста гIуллакх дIа а хьажош.

Хьалхо мангал-баттахь Шела гIалин кхел иштта дуьхьал хилира могушаллица доьзна Мусаева хенал а хьалха колонира маьршайаккха. Цхьа могIа шен дегIаца дарба ца хуьлу лазарш долуш йу Мусаева, инсулинах йоьзна диабет а цхьаьна. Набахтехь латточу йукъанна кхин тIе а эшна йогIу цуьнан могушалла.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 25 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна а бехке а йира и.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.
  • Стохка товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо кхайкхийра набахтехь даккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах. 2023-чу шеран гIуран-баттахь хенал хьалха Мусаева Зарема набахтера арайаккха дуьхьало йира.
  • Стигалкъекха-беттан 28-чохь Нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн ненан Мусаева Заремин хьокъехь харцонаш лелийна хилар бакъдира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Страсбургера кхелан сацамца а догIуш, Оьрсийчоьнан Iедалхой декхаре бу цунна 52 эзар евро компенсаци охьайилла. Кхин а йалх-йалх эзар евро кхачийна Мусаеван хIусамдена, кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдина а, церан йоIана Алияна а. Украине шуьйрачу тIамца тIелеттачул тIаьхьа Оьрсийчоьно дуьхьало йира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG