ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн "спецназан университете" дӀаэцначунна Къилбаседа ХӀирийчохь наркотикаш лелорна кхел йина


Нохчийчуьра "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" герз тоха Iамочу базехь. Гайтаман сурт
Нохчийчуьра "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" герз тоха Iамочу базехь. Гайтаман сурт

Къилбаседа ХӀирийчохь кхело Москвара вахархо Жигульский Александр бехкевина, шен карахь алсам барамехь наркотикаш лелорна – цо уьш эцнера Нохчийчу вахале хьалха. Украинана дуьхьал тIом бан хьийсон нах кечбечу "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" Iаморашкахула чекхвала дагахь вара иза. Жигульскийн бехктакхаман гӀуллакхан карта карийна Кавказ.Реалиин редакцина.

"Лаамхо" лаьцнера Къилбаседа ХӀирийчоьнна а, Нохчийчоьнна а йуккъехь йолчу федералан постехь. Полисхоша цуьнгара схьабаьккхина йерриг а 14 грамм сов йозалла йолу 30 экстази таблетка чохь пакет, иза цуьнан носки чохь карийнера сервисан Iамийначу жӀалина. Жигульскийс талламхошка дӀахьединера, ша контракт а йина, тIамтIе ваха дагахь вара, шеца наркотикаш а хьош аьлла. "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" парашютаца кхиссавала Ӏамо воьдуш вара ша аьлла.

Москварчу вахархочунна 10 шаре кхаччалц набахтехь йаккха хан тоха тарлора, амма кхело йукъарчу рожан хьолехь йолчу колонихь даккха кхо шо тоьхна витира иза.

  • "Спецназан университет" – Гуьмсера дешаран база йу, цигахь нохчийн ницкъахоша а, йолахоша а Iамораш дIахьо, Украинерчу тIамтIе баха Iалашонца. Официалехь "университет" спортан-кхийсархойн клуб йу аьлла, дIайазйина йу. Цхьана а Оьрсийчуьра ницкъаллин структурин контролехь йац и. Юридикаллехь коммерцица йоьзна йоцу организаци лору иза. Оцу клубан Нохчийчуьра дешаран а, Iилманан а министраллин лицензи йу.
  • Марсхьокху-бутт бовш Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир хилира Гуьмсехь, шен цӀе лелош йолчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь". Путинин унивеситетехь вар нисделлера Украинан тIеман ницкъаша Курскан кӀоштана тӀелатар динчу заманчохь. Нохчийчохь вовшахдиттинчу дакъошкара эскархой йийсаре лецнера цигахь.
  • Украине дIаэхийта "йолахой" кечбечу Гуьмсерчу "Оьрсийн спецназан университетна" (РУС) 2022-чу шарахь "иштнехьа" деллера 349 млн сом - цхьа шо хьалхачул пхоьазза дукха дара иза. Университетна тIедолу ахча а кхузза хьаладаьлла, аьлла ду Федералан йасакхан сервисан жамIашкахь.
  • Майкопехь тӀеман кхело йукъахдаьккхира мобилизаци йинчу Шишкунов Вячеславна наркотикаш эцна аьлла дуьхьал даьккхина бехктакхаман гIуллакх. И сацоран бахьана дара цо гIоьнналин фонде сагӀина ахча далар а, шеца эскаран гIуллакх дечу берашна наркотикаша дохьучу зенах лаьцна лекци йешна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG