Товбеца-беттан йуьххьехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийра "Ахмат" спецназ "Бахмутан агIор уггар а чолхечу меттиге" дехьайаккхарх. Делахь а, тIаьхьо тIемашкахь гучубевлира тIом иккхинчул тIаьхьа вовшахтоьхна "Ахмат-Юг", "Ахмат-Север" батальонашкара "лаамхой" – Бахмутана гергахь лаьцначу ахматхойх волчу йийсархочо дIахьедира, кадыровхоша "шайн нах Iалашбо", штурме хьийсабо, Нохчийчуьра бахархой йукъахь боцу дакъош. Кавказ.Реалии редакцино теллира тоххара дуьйна "Ахматан" тобанера карабаьхкинчаьрга хеттарш дар, уьш берриш а бохург санна цхьана а агIор боьзна бац республикаца, кадыровхошна йукъахь а ларамза нисбелла уьш. Дуккхаъчара йуьйцурш цхьа проблемаш йу – герз цатоар, буьйраллица зIе цахилар, нохчех болчу тIемалошца терра нийсо цахилар.
Кадыровхойн "Ахмат" декъан эскархо Медведник Сергей йийсаре кхечира Бахмутана гергарчу хьуьнан аренца товбеца-беттан 13-чохь, Кадыровс цига Алаудинов Аптис куьйгалла ден спецназ йахийтина аьлла, дIахьедина итт де даьлча. Астраханан кIоштара Знаменск гIалахь вина ву Медведник, ткъа "Ахматехь" нисвелира иза мангал-бутт бовш, цуьнан нохчийн доттагIчо йийсархочо бахарехь, ахча доккхийла йу аьлла, марздина. ТIамехь дакъалоцуш вац ша, шен командир ларвеш ву аьллера цо.
Медведникан дегайовхо йара мел а кхерамзе болх шена лур бу аьлла, "герз латточу чохь йа складашкахь" цхьанхьа. Оккупаци йинчу Донецке ша дIавахара иза, цигахь вевзира цунна "Киргиз" цIе лелон шен командир а. Контракт Медведника "Ахматца" ца динера, оккупаци йинчу Луганскера тIеман комендатурера сепартистийн "ЛНР-н" цхьана декъаца динера – цига валийнера иза Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара вовшахтоьхначу ахматовцийн тобанца товбеца-беттан 6-чохь.
Дерриг а мух-мухха а дора, миччахь а дIа а тарвина, цхьана агIор цунна сом делчхьана
Кхийсархо вира Медведниках, доллу хеттаршна жоп лора, "Ахматехь" дакъа кхачор ду царна уьш "дIакхаьччу меттигехь" бохуш. Уьш схьабалийна ши кIира даьлча цуьнан дакъа хьажийра "уггар а хьалхарчу блиндаже, цу чохь Iе, ара а ма къеда" аьлла.
"Украинхойн позицешна 200 метар генахь дара тхо. Iалашонан маьIнех со кхета а ца кхийтира. Кечамбарш, вовшахэдар а дацара. Боллу оьрсашца муха хуьлу оцу дакъошкахь: и схьало, и схьакховдайе, хIара дIайаккха, важа схьайа. Оцу позицешкахь цхьа а нохчо вацара йа хьалха а, йа уллохь а. Ларбо. Цара шаьш олура: "Тхо нохчий ду, цхьа доьзал санна", - дIахьедина йийсархочо.
Цо дийцарехь, хьалха тIемаш беш йу хIинца, йоллу Оьрсийчуьра "лаамхойх" вовшахтоьхна "Ахмат-Юг" а, "Ахмат-Север" батальонаш а, ткъа кадыровхойн "Ахмат" спецназ тIамтIехь гуш а йац. Медведникан декъера 51 эскархочух йалх бен вацара Нохчийчуьра. Оцу батальнашкахь кIезиг нохчий хиларх хьалхо дийцира кхечу йийсарехь хиллачу ахматовцаша а.
Масала, Брянскан кIоштара вахархочо, цхьахйолчу "Ахматан" взводан командиро Стадник Андрейс чIагIдора, шайн 23 стагах лаьттачу тобанехь пхи нохчо вара, бисинарш кхечу къаьмнех бара – дагестанцаш а, гIалгIай".
ТIеман министралло хьажийнера "Ахмате" Стадник: 2022-чу шеран аьхка цуьнга инструктор хила элира Гуьмсехь тIеман кечам бен, хIунда аьлча, 20 шо хьалха цо гIуллакх дина Тулера дивизехь сердант-десантхо санна. Кхаа баттана контракт а дина, тIамтIе вахара иза.
Оццу декъехь гIуллакх дечу Комаровский Никитас тIетуьйхира, йоллу Оьрсийчуьра лаамхой боьзна бу "Ахматца" номиналехь: нохчийн батальоно барзакъца а, дIабуьйшу гоьнашца а гIо дора.
Дембело йелла хеча а, берцаш а
Йийсархоша дийцинарг бакъ делахь, "Ахматан" могIарера эскархой башха шовкъ йолуш бац, оьрсийн армил а башха къаьсташ бац духаршца. Царех дукхахберш реза бац дуьхьал йолчу штурме баха а, уьш цхьаьнакхетачу зила тIехь ден омранаш кхочушдан а. Ахматовцаша ах духар оьцу, йа хуьйцу, ткъа царна луш долу герз шира ду.
Медведника чIагIдо, шайн декъана оьшург тоаме йацара: хечеш, берцаш а, молханаш а дембело делла, тхоьца хийцабелла цIа бахначара. Стадника билгалдоккху, шена 1983-чу шарахь дина герз деллера аьлла, Калашниковн автомат. ГIагI диллинчу жилетах а, каскех а лаьцначу хаттарна жоп делла буьйралло, "цкъа мацца а дерриг а хир ду" аьлла.
Оцу нехан амбицешна башха йоккха йац Нохчийчоь, ткъа оккупаци йинчу дозанаш тIехь муьлхха а тайпа ницкъбийр бу
"Ахматан" лаамхойн дикалла, йийсархойн дешнашца, йогIуш йац царна официалехь тIедохкучу декхаршца. Лаамхой олучарна лерина кхоьллинчу телеграм-каналехь хьалхо зорбанехь йаздинера кандидаташ шайна муха хила лаьа: дIахьедора, 20 шо кхачанза а, 49 шарел тIехбевлларш а йукъа буьтур бац бохуш. Иштта психикан лазаршца, берстина, аллерги, геморрой йолу, лазарш оьху нах, кхело тоьхна хан чекхйаланза нах а.
Йийсархочо Комаровскийс цунна дIахьедора, шен декъера 120 стагах "хан йоккхуш хиларш бара". Цуьнца цхьаьна гIуллакх дечу Стадника дийцира, "Ахматехь" нах тIе ца тоьара, оцу тIехула "вовшашца дIаэн нах бац" аьлла. Къевлинчу кепехь вовшахтуху "Ахмат" тобане эпсарш, тIемалойх хоьржу уьш, ткъа пехота "лаамхойх" вовшахтуху.
Челябинскера "Ахматан" тобанхо Воложанин Александра шен телеграм-каналехь дийцира шен агIоне йазбеллачарна, нохчийн батальоне кхочийла ду таIзаршца болчийн а, могушаллица цхьацца лазарш долчийн а цхьаьна.
Иштта 49 шаре бевлла лаамхой а хьийсабо тIаме, "могуш велахь а, тIеман зеделларг делахь а".
Лаамхойх "вовшахтоьхнарш"
Оцу йукъанна "Ахматца" бечу бертана куьйгаш йаздойту тIеман министраллица, ткъа эскархой дIасабоькъу кеп-кепарчу дакъошка - цхьаберш Нохчийчохь, вуьйш Ростов-на-Дону гIалахь, йа Буьри-ГIалахь, дийцира Комаровский Никитас.
"Йийсарехь болчу ахматовцаша шаьш тайп-тайпанчу дакъошка йаздора бохуш дIахьедаро дагатосу лаамхойн БАРС вовшахтохараллаш, цецволийла дац – оцу мIаьргонехь мух-мухха а дора дерриг а, дIа а нисвина, царна ахча дIадалар а, оьшуш гIирс а нисбичхьана", - кхетадо тIеман аналитико Михайлов Кирилла.
Нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара карладоккху, тIеман министраллина чуйогIу, Росгвардин "Ахмат" батальонаш йоцуш, вовшахтуьйхира Украинехь шуьйра тIом болийна ах шо даьллачул тIаьхьа аьлла.
"Оцу батальонашкахь беккъа нохчий бу бохуш, Кадыровн дешнаш, - бакъ дац. Нохчийчуьра шина кIиранчохь цкъа "Ахматан" отряд тIаме йохуьйту, цунах лаьцна дIахьедо гуттар. Дикка хьаьжча го хьуна, нохчийн йаххьаш йац уьш", - билгалдоккху къамелхочо.
Нохчийчуьра "лаамхой" нисло "Ахмат" батальонашкарчу эскархошлахь. Шелан кIоштара вахархочо Гайтамиров Салахьа ша йийсаре ма кхаччара дIахьедира, Соьлжа-ГIалахь ППС-н инспектор вара ша, амма тIаме мобилизаци йира шена "Север-Ахмат" полкаца сапер санна. ТIемалочун дешнашца, цуьнан дакъа вовшахтоьхна ницкъаллин структурашкарчу балхахойх.
ХIетте а, мобилизаци йинчу нохчийн полисхочун дийцар дикка къаьсташ ду Астраханера лаамхочун Медведника дийцинчух. Гайтамировс билгалдоккхура, шаьш кечдора, тIамтIе баха сих ца беш, баттахь сов Донецкан кIоштара заводехь Iийра уьш "йууш, кхин деш хIума а доцуш". Медведник цига дIа ма кхоччура тIемаш бечу меттиге вахийтира – цул хьалха мохь кхоьхьуш вара иза, иза кечван цуьнца цхьанна а бала кхаьчна а бац.
Ледара кечйина "Ахматан" пехота сих-сиха дуьхьал хуьлу тIедахкарш кхочушдан, дIатосу позицеш, дуьйцу масех йийсаре эцначо. Медведник Сергейс дийцира, шеца хилла ах бохург санна эскархой Бахмутана гергара бевдда.
23 стагах лаьттачу тобанца Стадник Андрей а, Комаровский Никита а хьажийра ВСУ-но "йетташ пулеметаш а йолуш, 300 метар царна генара окопаш дIалеца". Эххар а окопехь йалх нисвелира уьш, висина 17 стаг дIасаведдера штурм а хилале, оцу меттиге схьа а ца вогIуш. Лисичанскана гергахь бара тIом, оцу хенахь элитан "Ахмат" спецназ, Стадника бахарехь, цигара 50 чакхарма генахь йу.
Кадыровхоша къоладар Iаламат чIогIа ду, кхечу биссинчарчул а
Киевера бахархойн маршонан Центран эксперто политолого Савва Михаила тидам бо, кадыровхой, "Ахматан" "лаамхойн" батальонашка хьаьжча, оккупаци йинчу дозанаш тIехь контроль латтош йу.
"Оцу территореш тIера йоллу бизнес шайн "бандитийн йасакх" йала декхаре йийр йу цара бохург ду дуьйцург, кхузахь бахам а оьцуш. Нохчийчоь дIоггара йоккха йац оцу нехан амбицешна, ткъа дIалецначу дозанаш тIехь муьлхха а тайпа ницкъбойла ду, муьлхха а зуламаш а. Кхузахь "Оьрсийчоьнан интересашкахь" зуламаш дечу нахана тIера жоьпалла дIадаккха Iалашо йу оьрсийн Iедалхойн. И ду кадыровхошна оьшург", - тешна ву Савва.
Эксперташа хьалха а дуьйцура нохчийн эскархой дукха хьолахь тылехь бу, ткъа Кадыровс шен ницкъех "консерваш йо" бохуш. Цунах лаьцна дийицира Къилбаседа Кавказера Украинехьа тIемаш бечу бахархоша а.
"Кадыровцаша къоладар лакхара ду, кхечу биссинчара лелочул а. Унитазаш лечкъийна ца Iаш, комбайнаш а арайоху цапра. Лаа ма дац оккупаци йинчу территореш тIе кху шарахь шарIан кхелахойн йоккха тоба йар. Уьш оьшуш бу, шайчарна йукъахь бахамца боьзна къийсамаш нислахь, уьш листа", - дерзийра Саввас.
- Кху шеран йуьххьехь коьртехь мехкан муфтий Межиев Салахь а волуш, нохчийн Iеламчаш тIеман кечамех чекхбевлла Гуьмсерчу Оьрсийчоьнан спецназан университетехь ворхI дийнахь. Верриг а тIеман курсах чекхвала лерина ву 300 сов имам а, къеда а.
- Эскархойн рогIера тоба Украине хьажорах дIахаийтина Кадыров Рамзана. Меттигера бахархой хилла ца Iаш, бу царлахь шайн лаамехь Оьрсийчоьнан кхинйолчу регионашкара баьхкина нах а цхьаьна. Кавказ.Реалиин хьасташа хаамбира, политикан Закаев Ахьмадан вешин кIант Хьусейн а, молла Куруев Валид а ву кадыровхойн тобанашлахь тIаме вахийтина аьлла. Цуьнца цхьаьна ву боху махкахь "бехкалавахна 200 стаг". Стенна уьш бехкебо, редакцина хууш дац.
- Стохка товбеца-баттахь дийца даьккхира, Нохчийчохь Украинера тIом бахьанехь ницкъаллин структурашкахь къоьлла йу, республикехь хIинццалц цига балха воьдург ахча оьцуш хиллехь а, хIинца мах боцуш а дIаоьцу аьлла.
- Нохчийчуьра хьаькамаш, имамаш, буьйранчаш декхаре бу Украинерчу тIаме бахийта йолахой вовшатоха - и "барамаш" кхочушбархьама меттигера бахархой бертаза къайлахчу набахтешкахь сецабо, нагахь уьш тIаме баха реза ца хилахь, церан гергарчу нахана бохам баккхарца кхерамаш туьйсу.
- Украинехьа тIемаш беш масийтта лаамхойн тоба йу Нохчийчоьнан Ичкерия агIончех кхоьллина. Царех цхьадолу дакъош официалехь Украинан ТIеман ницкъашна йукъадогIуш ду.