Соьлжа-гIалахь кхин цхьа къайлах набахти карийна. Цигахь сецош а, хьийзош а нах буйла хиъна. Оппозицерчу 1ADAT телеграм-канало дийцарехь, иза транспортан ОМОН-ан гIишлочохь йу. Цу ОМОН-ан куьйгалхо Хизриев Адам ву.
Оппозицерчу жигархоша дийцарехь, дIалийцина нах йеххачу хеначохь КПП-хь голаш тIехь латтабо. Цигахь ша къаьстина цхьа чоь а йу: цу чохь, боламхоша дийцарехь, нахе хеттарш до, ток йетта, кхиндолу таIзараш до. Ша набахти цу гIишлонан ларми чохь йу. Беттанашкахь къайлах адамаш латтадо цигахь.
Цу набахтехь латтийначу 65 адамах хаарш ду шайгахь боху 1ADAT-о - царех цхьаболчеран суьрташ а ду видеочохь. Гуш ду, царна йиттинийла.
ДIалаьцна хьийзинчеран цIераш а йара йохуш: 19 шо долу Цыкмаев Ахьмад, 28 шо долу Ахаев Ислам, йижарий МагомадовгIар Раиса(61шо), Лиза (63шо).
МагомадовгIара дийцарехь, царна таIзарш динчу ОМОН-ан белхалочуьнга телефон туьйхира боламан жигархоша: цо ша цу таIзаршкахь дакъалацарна даре дира, "царна таIзар дан дийзира тхан" аьлла.( Кавказ.Реалии редакцехь тоьшаллаш дац и стаг боккъал а цу ОМОН-ехь балхахь хиларан, къамел динчун аз цуьнан аз хиларан а)
Google Карташ а, 2021-чу шарахь Iедалан "Грозный Информ"-гIирсо гайтина суьрташ а цхьаьна дуьстича, гуш ду йуьйцуш йерг Нохчийчуьра Росгвардин урхаллера транспортан ОМОН-ан гIишло хилар.
Цу меттехь къайлах набахти хиларх хаамаш хьалха цхьамма бина бацара. Амма 2022-чу шарахь зазадоккху-беттан 30-хь хиира, буьйранча Хизриев Адам сепаратистийн Луганскан республикехь вуйла, бахархойн эвакуаци йеш вуйла а. 1ADAT телеграм-канало дийцарехь, зазадоккху-беттан 7-хь Хизриев Нохчийчохь хилла, Энганой йуьртара 35 шо долу Сайдалиев Якъуб лачкъорна куьйгалла деш а. Сайдалиев, каналан авторша дийцарехь, доккхачу Iазапах чекхваьккхина. Умарпашаев Ислам лачкъорна бехке лоруш а ву Хизриев. Кадыровна оппозицехь йолчу телеграм-каналаша бахарехь, доьзалхочух хилла Хамидова Биназира йерца а, цуьнан цIийнда Ислам а, марваша Исаханов ИбрахIим а дIабахарца воьзна ву. Иштта, Сайдахмадов Асланбек, Ахмадов Асхьаб лачкъорца а.
- 36 шо долчу Соьлжа-ГIалара вахархочо Бекхана (цIе хийцина.- Билгалдаккхар) дIахьедира, шена ницкъ беш, шена бехктакхаман гIуллакх долор. 2022-чу шеран аьхка набахтера араваьлча, нохчийн ницкъахоша ультиматум хIоттийра цунна: Украинерчу тIаме ваха веза кадыровхойн цхьахйолчу батальонехь, ца водахь, кхерамаш тесира цунна тоьхна хилла хан билггал чохь яккха хуьйцур ю шаьш, Iазапехь валлор ву аьлла. Бекхана дийцира Кавказ.Реалиига шен историх лаьцна, цIерашца бийцира, шена шантаж йина нах.
- 2019-чу шарахь "Новая газета", ПЦ "Мемориал","Iазапашна дуьхьал комитет","Бакъонийн инициатива" - цара дийцира нохчийн къайлах набахтехь латтийначу Iазапан тоьшаллех. И набахти Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу ППСП №2 полкан гIишлочохь йу. Тешийн дийцарна тIе а тевжаш, цара дийцира, цу чохь таIзарш дина, вийначу 27 стагах. Иза 2017-чу шеран дечкен-баттахь хилла ду.
- Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь болчу 1ADAT-боламо Росгвардин "Ахмат" СОБР-ан къайлахчу набахтех шаьш бина таллам бовзийтира. Жигархоша дийцарехь, цигахь сецош а, Iазапе лаьцна а республикан бахархой бу. Видео тIехь дуьххьара гойтуш къайлахчу набахтин цхьа дакъа ду - оперативникийн чоьнна, набахтин камерашна йуккъехь цхьа кабинет. Цу гIишлонан схема а йу гойтуш.