Нохчийн журналист Гериев Жалавди шайн пачхьалкхе вита дуьхьал хилла гуьржийн дозанхой. И сацам къовса дагахь ву иза.
Стигалкъекъа- беттан 6-чохь Тбилиси веанера иза Будапештера. Цо дийцарехь, дозанхоша цуьнгара кехаташ схьадаьхна хилла талламбан, цул тIаьхьа журналист цхьана чу а вигина, дIахьедина цуьнга, пачхьалкхе вар цунна дихкина ду аьлла. Бахьана ца хаийтина, йаздо OC Media ресурсо.
Ша Гериевс церан сацам бузу гуржийн дозанхой Къилбаседа Кавказера бахархошца гIоьртина хиларца, къаьсттина Нохчийчуьра. Цул совнах, цунна хетарехь, Гуьржийчоьно дуьхьало йо чубахка Оьрсийчоьнан Iедална критика йечу журналисташна а.
2016-чу шарахь Гериев, хIетахь "Кавказский узел" гIирсан журналист вара иза, лачкъийра герзашца болчу наха. Гериев бехкевира марихуана латторна, цунна набахтехь йаккха кхо шо хан туьйхира. "Мемориало" политикан тутмакх лерира иза. Маьршаваьккхира Гериев 2019-чу шеран оханан-баттахь.
- 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь, Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа дийца даьккхира, Гуьржийчоьнан дозанехь дийнахь а, буса а буьйсанаш йаха декхаре хуьлу Къилбаседа Кавказера бахархой аьлла. Хьостийн хаамашца, царех 90 процентна дуьхьало йира пачхьалкхе бахка дуьйцуш бахьана а доцуш. Бакъду, дозанхоша официалехь бакъ ца дира и.
- Гуьржийчохь беха иттаннашкахь нохчий, ПIаьнказан чIожера бахархой пикете бевлира Тбилисихь, ницкъахойх а, Оьрсийчуьра мобилизацих а уьдуш болу шайн махкахой чубита аьлла, Гуьржийчоьнан Iедалхошна тIе а дожийна.
- 2018-чу шарахь Ноьвран-кIоштан кхело сацамбира Гериев тоьхначу хенал а хьалха аравоккхуш. Делахь а, оцу сацамна латкъам бира махкарчу прокуроран гIовсо. Лахьан-беттан 8-чохь Нохчийчуьра Лаккхарчу кхело йухабаьккхира сацам (УДО). 2019-чу шеран зазадокху-баттахь 14 дей-буьйсий тоьхна гIуданан изолятор чу воьллира иза.