ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчо лаьцна Францихь хьалхо шен хьокъехь тоьхна низамаш дохорна. Терроризмана бехкево иза


Францера полисхой, гайтаман сурт
Францера полисхой, гайтаман сурт

Францин къилба-малхбузера Лиможе гIалахь 47 шо долу Нохчийчуьра вахархо лаьцна зазадокху-беттан 6-чохь, цIера валар доьхкуш, шен хьокъехь тоьхна хьелаш дохош, пачхьалкхера дIавахарна. ЦIарца вовзуьйтуш воцу шеконаш йерг терроризмехула долчу гIуллакхна бехкево, йаздо францхойн Le Parisien гIирсо.

Кхелан сацам хиллашехь, лаьцнарг цIера араваьлла, Бельги вахана, цул тIаьхьа Германи, тIаккха йухавеъна хилла. Полисхоша лаьцна иза рейд йечу хенахь.

Хаамбарца, лаьцнарг тоххара а кхел йина ву, делахь а полицино радикалан исламисташца воьзначу нехан тептаре ваьккхинера иза. ЦIера дIасавалар дихкина витинера иза 2023-гIа шо довш - бехкзуламан гIуллакх стенца доьзна хилла, хууш дац.

  • Хьехархо вийна аьлла Францихь бехкевечу ГIалгIайчуьра вахархочо Могушков Мохьаммада дуьххьара кийтарлонаш йира оцу гIуллакхехула. Цо дIахьедира, ден адам – францхойн меттан а, литературин а хьехархо цхьана хIуманна къастийнера ша, хIунда аьлча, францхойн маттехула "республике, демократигахьа, адамийн бакъонашка болу безам, Iаламат довзийта тарло".
  • ГIадужу-беттан 13-чохь Аррасера школехь уьрсаца тIелатар дира Могушковс 57 шо долчу францхойн меттан а, литературин а хьехархочунна Бернар Доминикна. Кхин а кхаа стагана чевнаш йира.
  • Кхул а хьалха 2020-чу шарахь Парижана гена йоццучу меттигехь вийра историн хьехархо Самюэль Пати. Зулам динера 18 шо долчу нохчочо Анзоров IабдуллахIа, лоцучу хенахь вийра иза. ТIаьхьо жимчу стеган дакъа Нохчийчу дIакхачийра, цигахь вазвина Iадаташца лаьтте кхводийра иза. Йуьхьанца дуьйцура, литературин урокехь Мохьмад Пайхамарна йехкина карикатураш гайтарна Пати вийна бохуш. Делахь а тIаьхьо къаьстира, цунах лаьцна хаамбинчу йоIа харцдерг дийцина хиллий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG