Мангал-бутт бовш Страсбургехь а, Лахара Рейн олучу департаментехь а дуккха а нохчий лийцира – меттигерчу тIегIанехь уьш тидамза биссира полици бахьана долуш. Кавказ.Реалиин редакцино къамел дира лаьцначех цхьаьнца, цуьнгахула хиира таханалерачу дийнахь Францира нохчийн диаспорех хуьлуш долчух а.
Францин йоллу къайлаха сервисаш а, къоман полици а зазадокху-баттаре схьа дуьйна болх беш йу терроран лакхарчу кхераман рожехь. Леррина Iалашйеш йу Олимпикан а, Паралимпийкан а ловзаршца йоьзна гIишлош. Оцу бараман хадархойх 250 стаг дIаваьккхира балхара – радикалашца уьйраш йу аьлла шеконашца а.
КIезиг бацара царлахь аэропортийн а, Iедалан органийн а кхерамзалин системехь белхаш бен нохчий а. Страсбургера Адам ву – дIабаьхначех цхьаъ. Редакцина дийцира цо, ша дIаваккхале кIира хьалха шен корматалла лакхара хилар пхеа шарна тIечIагIдеш кехат кхаьчнера шега.
Адама бахарехь, цуьнан болх сацош хиларх лаьцна дӀакхайкхийна хиллера цуьнга куьйгалло цхьа а бахьана а ца дуьйцуш. Чиллан-беттан тӀаьххьарчу дийнахь Ӏуьйранна цуьнга хаам бина хиллера аэропортан кхерамзаллин системехь болх бан йиллина контракт дӀайоккхуш хилар аэропортан куьйгалло. Цо болх бечу оцу бархI шарчохь цкъа бехк баьккхина, цуьнгара ледарло йаьлла меттиг хилла бац, масийттаза хеста а винера иза.
Олимпиадана пачхьалкхехь кечамаш бечу йукъанна Парижера Шарль-де-Голь аэропортера белхахой дIабахар хьакхаделира кхечарех а, дийцира цо. Уггар дукха дIабехира Магрибера нах, ткъа нохчий йукъарчу тулгIеца нисбеллера.
"Радикализацина" шеконаш
Стигалкъекъа-бутт чекхболуш Францин полицино тайп-тайпанчу гӀаланашкахь шуьйра леррина операци дӀайаьхьира, радикализацина шеко йолу 10 гергга нохчийн диаспорера стаг лаьцнера. Цул тӀаьхьа дӀакхайкхийра, тӀейогӀучу аьхкенан Олимпиадехь футболан ловзарех цхьанна юкъахь теракт дан кечлуш хилла 18 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла жима стаг лаьцна аьлла. Нохчийчуьра бакъонашларйархой бахьана долуш хиира Страсбургерчу кхело Нохчийчохь схьаваьлла кхин цхьа стаг: 45 шо долу Мусаитов Шайх-Ахьмад махкахваккхаран гӀуллакх толлуш хилар.
Нохчийн бакъонашларйархой бахьана долуш хиира Страсбургерчу кхело Нохчийчуьра кхин а цхьана стагана депортаци йарх гIуллакх луьстуш хиларх, 45 шо долу Мусаитов Шайх-Ахьмад вара иза.
Кавказ.Реалиин редакцино дийцаре дира оццу шеконашца лецначех цхьанца, Страсбургерчу Рамзанца, хьаьнца интерес йу францхойн полицин аьлла.
– Рамзан, дуьххьара францхойн полицица гIуллакх муха Iоттаделира хьан?
– 2015-чу шарахь Гергарчу Малхбалехь тӀама йукъахь виссинчу сайн жимахволчу вешин доьзал Мисарара арабаккха гӀоьртира со. Ас кхайкхам бира Францин Ӏедалшка, сайн вешин доьзал лаха гӀо де аьлла. Амма цхьацца бахьанашца цара иза негативан агӀор тӀеийцира, полици хаа гӀоьртира, со сан вешин доьзал лаха сел чӀогӀа хӀунда гӀерта. Царна ца тайнера хӀетахь оцу заманчохь уьш Мисарахь бехаш хилар: нохчаша дукхахьолахь и мохк хоржура транзитан мохк санна, амма цунах ца кхетара полисхой.
Цхьана полисхочо диллина бохура: "Хьо нохчо вуй? Цундела ву-кхь хьо кхузахь. Хьо а дуьххьара а вац"
Со сайн ницкъ кхочучу барамехь дийца гӀертара, суо воккхаха волу ваша хиларе терра, сайн жимахволчу вешин доьзална айса са стенна гатдо. Вешин доьзалах лаьцна хIуъа а хуург, хьаьнцца а зIене вер волуш вара со. Амма, хетарехь, цара харц хьесапаш динчух тера дара. Сан хIусаме а баьхкина, массо а хӀума тIекIалтесира цара, кегийра компьютерш а, телефонаш а. Амма бакъ ду, сан вешин доьзал ас лехаран лараш йоцург, кхин хӀумма а ца карийначу цара со паргIат витира. Аьлча а, суна моьттур-кх, со витина аьлла. Ма-дарра аьлча, со харц хилллера, тIаьхьо къаьстина ма-хиллара.
– Йуха полицих Iоттавелира хьо?
– ХӀаъ, нохчочо Азимов Хамзата Парижехь 2018-чу шарахь Операн майданна тӀелатар динчул тӀаьхьа, оццу дийнахь балхара цӀавогӀуш лаьцна латтийра со. Машен дӀахӀотточу меттехь лецира со: машен чуьра охьавоссаре а ца хьоьжуш, полисхоша кор дохийра сан машенан. Ахдийнахь сан петар чохь талламаш бира цара. Кхеташ ду, царна хӀумма а ца карийра: церан сох йолчу шеконашна со гена вара. Эххар а масех де даьлча юха а дӀахийцира со.
ТIаккха а моьттура суна, уьш сайн кочара бевлла. Амма хӀан-хӀа. Полисхой бара уьш, йа къайлаха сервисаш йара -билггал муьлш бу ца хаьа суна, шайн суна долу аьрзнаш хьажийра цара мухӀажарийн гӀуллакхашкахула йолчу урхалле (ОФПРА - кхидӀа редакторан билгалдаккхар), цигахь цара бохура соьга "Кавказан Имаратца" (террорхо санна къобалйина йолу) цхьацца зӀенаш хилла сан. Царна а ца хаьара, со "Кавказан Имарат" кхоллале масех шо хьалха Нохчийчуьра араваьлла хилар. Ткъа кхузахь, Францехь, доьзалца бен гIуллакх долуш вацара со.
"Тхуна моьтту хьан коьртехь тхуна ца товш йолу ойланаш ю, тоьшалла де хьайгахь уьш цахиларан"- бохург санна хIума дара и
МухӀажарийн урхалло сан статус йах ца йеш бинчу сацамна кхелехь латкъам бича гучуделира, Нохчийчуьра арабаьхначех цхьаммо сан а, шеца цхьа а уьйр йоцчу кхин а масех стеган а цӀе яьккхина хилар. Сан адвокатан аьтто белира Оьрсийчуьрчу бакъонашлайархочуьнца Титиев Аюбца зӀене йала, ткъа цо йозанца тӀечӀагӀдира, талламхоша тӀеӀаткъам беш, цо массо а бехке вина хилар. Бакъонашларйархошкара Ганушкина Светланера а, Титиев Аюбера а, ткъа иштта бакъонашларйархойн Вайфонд" вовшахтохараллера а гарантеш а йолуш, документаш доллушехь сан кехаташ дIадахдан дуьхьало йеш бина хилла сацам хийцаза битира.
- Делахь тахана хьан карахь махкахь виса бакъо йолу кехаташ дац-кх?
– МухӀажарийн статус яц сан, амма цхьана ханна цара делла кехаташ ду соьгахь, цаьрца хан йоккхуш ву со, сайн кханене ла а доьгIуш.
– Муха нисделла мангал-бутт чекхболуш хьо лацар?
– Оцу дийнахь, мангал-беттан 25-чохь, со туькана воьдучу хенахь (со заьӀапхо ву, ког бац сан), сан машенна тӀе а баьхкина, полисхоша дехар дира соьга, машенна лерина кехаташ гайта аьлла. ТӀаккха полицин декъе шайца дIаван деза элира, билггал со мила ву къастон. Ишта лецира со, цхьана полисхочо хаьттира соьга: "Хьо нохчо вуй? Цундела ву-кхь хьо кхузахь. Хьо йа дуьххьара а вац" аьлла.
Ас хаьттира, къаьсттина нохчий лецар хIун ду шун аьлла. Цунна цо жоп делира, иштта политика йу: масех дийнахь полицин Ӏуналлехь нохчий гулбар. Со цигара Страсбургерчу полицин коьртачу декъа схьавалийча, со тIеоьцуш хиллачу цхьана полисхочо оьгIазе элира: кхин а цхьа нохчо валийна. ТIаккха цигахь хиира суна, мангал-беттан 26-чу дийнахь Олимпан цӀе Страсбургехула чекхйоккхуш хилар а, оцу бахьанца цхьаццаболчу нохчашна тӀехь Ӏуналла дан сацам бина хилар а, уьш йоллу регионерчу полисхойн декъехь чохь латтош.
Со депортацин центре дӀавигира, цигахь кхозлагӀа а хезира суна полисхой нохчо валорна реза цахилар. Иштта, массарна а хаьа, бохура, Оьрсийчу уьш дIахьовсон цкъачунна аьтто боций, оцу пачхьалкхаца цхьа а зӀе ца хилар бахьана долуш бен.
И хилам хиллачул тӀаьхьа (Страсбургехь Олимпан цӀе чекхйаьккхича), меттигерчу префектурин претензеш йовзийтира суна. Дийцарехь, цхьа шо хьалха Францин территори тӀера дӀавала аьлла, омра дина хиллера соьга. Адвокатана ши минот а ца ийшира цаьргара кехат кхаьчна цахилар тIечIагIдан. ТӀаьхьарчу пхеа шарахь со вехаш воцу адрес лелийна хиллера цара. Царна хIумма а ца хетара, ас хӀокху массо а шерашкахь тоьках а, газах а ахча луш хиларх а, ас шайгахула машен цIартIе йоккхуш а, шайн префектурехь берашна дерриг а кехаташ деш хиларх а. Сан цхьа гӀалат дара, ас церан сайта тӀера адрес ца хийцинера. Кхузахь, префектурехь, суна гира Мусаитов Шайх-Ахьмад а, кхин цхьа нохчо а.
– Маса нохчий бу кху деношкахь лецна?
– Селхана аса вагарвинарг 17 стаг вара цу кепара проблемаш нисйелла: церан документаш дӀадаьхна, цхьа а тоьшаллаш а, йа низаман гӀуллакх а доцуш, экстремисташ бу аьлла цӀе тиллина царна. Цаьрга ма-дарра олу: "Тхуна иштта хета, аша тоьшалла де иза иштта цахиларна". "Тхуна моьтту хьан коьртехь тхуна ца товш йолу ойланаш ю, хьайна ца товш хиларан тоьшаллаш де" бахар санна хIума хуьлу-кх иза.
- Муха лелийра хьо полисхоша?
– Нуьцкъаца тӀеӀаткъам ца бора. Мелхо а, шаьш ма-аллара, "цIий чехка" хиларан бахьана долуш дуккха а проблемаш ю нохчийн бохура цара. Шайна хьалха полисхо йа кхечу Ӏедалан векал хилар тидаме ца оьцу аша, нохчаша, бохура. Оцу йукъанна цхьа а вацара сан бакъонаш тидаме эца дагахь - цхьана дийнахь-бусий кхалла хIума йоцуш, оццул йеххачу хенахь готтачу гӀанта тӀехь Iиллира со. Ишта-м дукха хьолахь полисхойн декъехь цхьана-шина дийнахь лаьцна мел волчуьнца иштта хьал леладо цара.
– Хьо а, кхиберш а цхьана а бехкамца дӀахецна буй?
- ХӀаъ, кӀиранах цкъа полици тIеваха дезар ду сан, куьг таIон. Кхеташ дац, муха цхьанатоха дагахь бу уьш цӀахь лаьцна латтор а, кӀиранах кхузза полици тIеваха дезар а, 7 де далале махкара аравала дезаш хилар а?! Со дӀаводахь - муха куьг таIор ду ас? Йа куьг таIон дезаш велахь, дIа а муха гIор со?
Оьрсийчоьнан ницкъахой лартIахь лелар бу аьлла дегайовхо йу францхойн Iедалан. Цхьа гIурт бу хIара
Сайн аьтто хилла олийла ду сан. ДӀахецначарна юкъахь бу кӀиранах кхузза: шинаридийнахь а, оршотдийнахь а, пӀераскандийнахь а полици баха безарш. ЛартIахь хIума ма дац хIора дийнахь кхо сахьт даьлча полисхошна тIе а оьхуш, куьгйаздар. Тхох цхьанна тIедожийна ишта лелар.
ТӀаьххьара полисхоша лаьцначул тIаьхьа, масех де ийшира суна меттаван. ДегӀаца хала дара иза. Сан хьал хаддаза тергонехь латтон дезаш ду, нагахь санна, цхьаъ хилахь а, лоьрашца сиха зӀене вала аьтто хила беза.
– Хьан гӀо до лецначарна?
- Оццул лоьцучу массо а нохчашна гӀо деш ву цхьаъ ву ала йиш яц сан. Со зӀене велира [бакъонашларйархочуьнца] Аюбца [Титиев], цо сихонца жоп делира; "Вайфондаца" а - цара а маса жоп делира. Иштта францхойн адвокаташка а велира со, соьгара катоьхна ахча а ца доьхуш, оцу сохьта гӀо дан хьаьвира уьш а.
– Нохчийн организацешкара цхьа а гӀо дан аьлла шуна тӀевеаний?
– Йуха а, массерна а хьалхара жоп лойла дац сан. Суна тIевеана стаг а вац. Суна хетарехь, диаспораца системехь беш болх бац. Уьш радикализман а, зуламаллин а хаттарш дац. Кхузахь хьо лоьхучу нехан базе кхосса йиш йу, тIаккха къайлахчу сервисашца цхьана Iалашонца болх бан беза политика лелон наха. Жимачунна тIера дӀа а долош.
Ша-ша лелахь, вай массо а эшна дуьсур ду, вайна оьшу йерриге а диаспоран гӀортор. Со санна полицин декъехь нислучу нахах къехка ца деза, тхо цхьана хIумана йукъа дахана хир ду аьлла а хеташ. Кхечарначул а кIезиг ца лаьа тхуна а маьрша стигал хила а, болх бан а, доьзал кхион а, маьрша даха а. Украинерчу тӀамах лаьцна а, Оьрсийчуьрчу хьолах лаьцна сайн позици ю сан, ас иза дӀа а хоуьйту. Францерчу Ӏедалша соьгара бехк баккха хӀумма а дац.
– Францин низаман ницкъ хаалой хьуна, цуьнга хьаьжжина, хьекъало толам боккхур бу аьлла хетий хьуна?
– Олимпан ловзарш дӀахьочу хенахь нохчашлахь кхайкхамаш баржабо, хила тарлун питанаш бахьана долуш нах гуллучу меттигашка ара ма довла бохуш. Цуо гойту, вайна ваьш кхераме ца хетар а, муьлххачу а хенахь дискриминаци лелор йолуш хилар а.
Кхеташ дац, муьлхачу принципашца лецнарш махкахбаха беза. Масала, Оьрсийчохь сайна кхерамаш туьйсуш хиларан шира тоьшаллаш далийна ца Ӏаш, керла тоьшаллаш а далийра ас. Амма Оьрсийчохь юкъара кхерам а, адамийн бакъонаш талхош а доллушехь, префектуро чӀагӀдо шаьш Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн юкъарчу кхетамна тӀетевжина бохуш. Иза абсурде хета: диллина [Нохчийчоь] дӀалацарна дуьхьало йеш волу стаг Оьрсийчохь лар йоцуш дӀавовр ву.
Францин Ӏедалш а, полици а кечам беш йу махкана уггаре а мехалачех цхьана спортан хиламна – Олимпан ловзарш дӀадахьа, ткъа церан кхерамазалла ларйархьама кхин а гӀоьналлин ницкъаш тIеоьзна, шайна юкъахь долахь йолу кхерамазаллин хьукматаш а, гӀуллакх дан кхайкхина резервхой а, и.дӀ.кх.а болуш.
Гезгмашин-бутт чекхболуш Сен-Этьен гӀалахь Олимпан ловзарш дӀахьочу майданашкахь теракт вовшахтоха дагахь хилла аьлла шеко йолу I8 шо долу нохчийн жима стаг лецира. Цунах лаьцна дуьйцучу Францин чоьхьарчу гӀуллакхийн министро Дарманен Джеральда декъалбира мехкан къайлахчу сервисийн белхахой шайн Олимпан ловзарш дӀадоладалале терроризмца къийсам латторехь эвсаралла гайтарца.
Кавказ.Реалиин редакцино хаттар дахьийтира Страсбурган префектуре: байначу беттан 25-28-чу деношкахь нохчашна дуьхьалйаьхна гӀулчаш Олимпиада йолайалале полисхоша лелийначу гӀуллакхашца йоьзна ярий аьлла. Текст зорбане йоккхучу хенахь и дехар жоп доцуш дисира.
• 200 эзар сов нохчий беха Европерчу пачхьалкхашкахь - уггар йаккхий диаспораш йу Францехь а, Германехь а, Австрехь а. Европел арахьа диаспора ю США-хь а, Канадехь а, Гергарчу Малхбалехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а.
• Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело тӀе ца битина 55 шо долчу Нохчийчуьра схьаваьллачу стага бина латкъам, цунна дуьхьал Францин Ӏедалша сацамбина цо пачхьалкхана кхерам латтабо аьлла. Оьрсийчохь шена тӀехь Ӏазап латтор ду бохуш чӀагӀдора латкъамхочо.
• Дечкен-баттахь Amnesty International организацино кхайкхам бира Евробертана юкъайогӀучу пачхьалкхашка Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчоьне дӀа ма ло аьлла. ЦӀахь царна тӀехь Ӏазап латтон, сийсазаллаш лелон атрло, йа Украинана дуьхьал тӀаме хьовсон а хьесап ду, бохуш дуьйцу бакъонашларйархоша.