ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ноналлин Iалашонаш чIагIйарна" Оьрсийчоьнан бусулбанийн лакхара совгIат дина Кадыровн нанна


Нохчийчоьнан куйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан нана Аймани а. Кадыровн официалан телеграм-каналера схьаэцна сурт
Нохчийчоьнан куйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан нана Аймани а. Кадыровн официалан телеграм-каналера схьаэцна сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан нанна Айманина Оьрсийчуьра бусулбанийн лакхара "Аль-Фахр" (йа Сийлаллин орден) йелла. ДIахьедо, совгIат дIадалар нисделла оккупаци йинчу Мариуполера Сулейманан а, Роксоланин а маьждигехь – иза дохийнера Украине Оьрсийчоьнан арми гIоьртинчу хенахь. Кадырова Аймани ша хиллий оцу церемонихь, хаам бина бац.

Кадыров Рамзанан нана 11-гIа йу шолгIачу бараман Сийлаллин орден йеллачех. И луш йу "дуккха а шерашкахь гIоьналлин гIуллакхаш дарна" а, "йукъараллехь ноналлин Iалашонаш а, ламастен онда доьзал чIагIбарна а".

СовгIат дарх хаамаш гучубевлира Iедалхошкахьа долчу нохчийн зорбанашкахь а, Нохчийчоьнан урхалхочун бIанакъостан, Оьрсийчоьнан думин депутатан Делимханов Адаман телеграм-каналехь а. Цо зорбане хIоттийна омран сурт – документана куьгйаздина бусулбачийн Динан урхаллин куьйгалхочо Гайнтудин Равиля. Динан урхаллин официалан сайтехь а, телеграм-каналехь а цхьа а информаци йац совгIат дарх а, "маьждиг схьадоьллуш" хIоттийначу барамех а.

2007-чу шарахь дина ду Мариуполера Сулейманан а, Роксоланин а маьждиг. ХIетахь и схьадоьллучохь хилира Туркойчоьнан векалш. Украинхойн Iедалхойн дIахьедаршца, 2022-чу шеран зазадокху-беттан 12-чохь оьрсийн эскарша тIейиттира маьждигна, цу чохь хьулвеллера 90 стаг, иштта туркойн бахархой а цхьаьна. Бутт баьллачу заманчохь Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIакхайкхийра, украинхоша йийсаре лаьцна хилла "цхьахйолчу СНГ-н пачхьалкхера бусулбанаш маьршабахарх". Министраллин векало бахарехь, 29 стаг винера.

Бехха тIемаш хиллачул тIаьхьа стохка стигалкъекъа-баттахь украинхойн гIала дIалецира. Оцу агIонехь хиллера нохчийн ницкъахой – хIинца Соьлжа-ГIалина а, оккупаци йинчу Мариуполь гIалин администрацина а йукъахь "вежаралла" лелон бина барт бу. Ткъа республикаца боьзначу совдегарийн цIартIе йохуш йу индустрин активаш.

Гезгамашин-баттахь Делимханов хилира маьждигехь – оцу видео тIехь гуш йу йохийна уьйтIе а, герзаш диттина гIишлонан пенаш а. ХIетахь йолийра реконструкци – депутата бахарехь, оцу гIуллакхна ахча дала сацамбинера Кадырова Айманис. ГIуран-баттахь цу гIишло чохь Соьлжа-ГIалин хиллачу суьдхочо, "Нохчийчоьнан дог" маьждиган имама Хийтанаев Мохьмада пропаганда йира Украинана дуьхьал тIамна а, гомофобина а.

Мел харж хилла маьждиг тодеш - ца дуьйцу нохчийн Iедалхоша. Хьалхо масийттазза элира Кадыровн цIарах гIоьналлин фонд Кадыров Рамзанан "альтернативан казна" йу аьлла.

  • Нохчийчоьнан урхалхочун нана, Кадыров Ахьмадан цIарах гIоьналлин фондан куьйгалла ден Кадырова Аймани, Американ бахархошна а, резиденташна а бизнес лелон дихкинчу нахах хIоттийначу"Iаьржачу тептаре" йазйира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло.
  • Америка пачхьалкхан финансийн министраллин санкцийн тептарехь йу Кадыровн цIарах фонд "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь. Организаци масийттаза бехкейора "шен лаамехь-нуьцкъаха" фондана сагIийна ахча кхехьийта нах декхаре барна, амма Кадыровс и бехкаш тIе ца лоцура.
  • ГIоьналлин Кадыров Ахьмадан цIарах фонд кхоьллина 2004-чу шарахь. Цуьнан коьрта Iалашо йу аьлла дIакхайкхийнера меттигерчу бахархошна гIо дар аьлла, амма Украинехь тIом болийчхьана фондан гIуллакх дикка шорделла. ХIинца нохчийн Iедалхоша гIоьналла лору кеманаш, бронетранспортераш, тIеман экипировка эцар а, иштта оккупаци йинчу дозанаш тIехь украинхойн сурсаташ дIасайекъар а.
  • Оцу йукъанна 2022-чу шарахь фондо шен активаш шорйира 700 миллион соьмана. Цара шайн чоьтехь билгалдаьккхинчу ахмиллиард соьме ца кхочу массарна а хезаш дIакхайкхийна Украинерчу тIамехь йина харж, иттаннашкахь йина хIусамаш, бIе машен.
  • 24 шо долчу Кадырова Iайшатна, Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан йоIана, махкахь культурин министран даржехь йолчу, совгIат дира "Даймахкана гIуллакхаш дарна" аьллачу орденан мидалца. Оцу омрана куьгйаздинера президенто Путин Владимира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG