ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Норд-Остера суьрташ ду коьрта чохь": никъабаш йехкар хьехна Оьрсийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Никъаб йехка йеза бохуш дийцарш долийна Оьрсийчохь. Адамийн бакъонашкахула йолчу президентан кхеташонан куьйгалхочо Фадеев Валерийс дIакхайкхийна, и хаттар регионалан Iедалхошца а, "ламастин динан векалшца" а айба дагахь бу аьлла. Дуккха а шераш ду Нохчийчохь никIабаш лелор къайлаха дихкина долу, ткъа луларчу Къилбаседа Кавказан мехкашкахь оцу кепара духар лелор къобал ца до, кест-кеста цу тIехула девнаш а дуьйлу.

Кавказ.Реалиин редакцино эксперташца цхьаьна листира, хIун хуьйцур ду никъаб йехкаро, оцу тIехь стенна соьцу федералан Iедалхой а.

БIаьргашна са ган Iуьргаш дуьтуш бусалба зударийн коьрта туьллучо кеп-кепарчу Iедалхойн терго шена тIеуьйзуш дуьххьара нисделла дац. 2020-чу шарахь коронавирусан пандеми карзахйаьллачу хенахь Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа а, Соьлжа-ГIалара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин хьаькамо Ирасханов Аслана а йуьхь йаьккхира шайн йаххьаш никъабашца къайлайаьхначу меттигерчу ворхI йахархочун. Пачхьалкхан ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан камераша хьалха а хIиттийна нохчийн муфтийс кхетийра, никъаб динца йогIуш йац, хIунда аьлча, "Iарбойн зударийн ламастин духар" ду и аьлла. Ирасхановс оццу дийнахь дуьххьалдIа элира, оцу тайпа хотIехь цхьа а "лоьлуьйтур вац" аьлла.

ГIебарта-Балкхаройчоьнан школашкахь дешархошна масех шарахь ца магадора йовлакхаш а, хьиджабаш а техкина деша бахка. "Бакъахьа доцу" духар тIехь долу зудабераш чу ца дуьтура урокашка.

Къайлаха бина бехкам гучубелира школашкара масех видео йаржийначул тIаьхьа – дукха хьолахь цунах кхетавора школан уставаца догIуш дац олий. Резонанс хиллачул тIаьхьа мехкан муфтиятехь дош делира "хIора билгалбаьккхинчу меттигехь къастор ду" аьлла.

Оьрсийчоьнан къилбехь дешархойн духарна кхин а сов шога тIедахкарш дора: формалехь доцчу дехкарна бухахь никIабаш нисйелла ца Iаш, Къилбаседа Кавказехь лелон марзйелла хьиджабаш а цхьана нислора. Ростовн кIоштара Новочеркасскера лоьрийн колледжан куьйгалло стохка дечкен-баттахь пхи йоI дIайаьккхира доьшучуьра хьиджабаш дIайаха дуьхьал хилча. Уьш йуха меттахIиттийра регионалан дешаран министралла гIуллакх кхеле далале йукъагIортарна.

Оцу кепарчу кхин цхьана гIуллакхах хаамбира Астраханера медицин университетехь доьшучу зудабераша. ХIетахь оцу гIуллакхан йистйаккха аьлла Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана тIедиллира республикин парламентан спикерна Даудов Мохьмадна. Оьрсийчоьнан могушалла Iалашйаран министраллица зIене велира Даудов, цул тIаьхьа деша чу битира студенташ.

Исламаца къийсам латторехула стратеги?

Федералан тIегIанехь никIабаш йехка йеза аьлла дагадаийтира Ставрополера бусалбанийн динан урхаллехь. Мехкан муфтийс Рахимов Мухьаммада дIахьедира, никIаб лелон мехкарий кхетон мегар ду "хьиджаб лелийча тоьар ду" аьлла. Тоххара нохчийн муфтийс аьлларг дара цо йуха аьлларг, "Къилбаседа Кавказехь никIаб лелош ламаст хилла а дац" аьлла".

Москван муфтийс а, Москвара маьждиган имамо Аляутдинов Ильдара, мелхо а, дIахьедира, Оьрсийчуьра бусалба нах эргIад бахийта тарло никIаб йихкича, цо йукъараллехь хьал карзах доккхур ду аьлла. Маьрша дин лелон бакъо лун Конституци йохор санна ду динан духар йукъара даккха хьийзар, элира цо.

Европехь куп тоьхначу Кавказ маьршайаккхаран Комитетан куьйгалхочун гIовса Албаков Шемала Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь элира, Фадеевн инициатива дукха хенара схьа дуьйна исламан динна тIелатар ду аьлла.

Даим а гайкаш тIехьийзоро радикализм кхуллу, бехкамаш бина нах ца бевллачу денна динан кхечу гаранашка боьрзу

"Исламан динца мел доьзнарг дехка хьийза Оьрсийчоьнан раж. Хьиджабех, динан литературех а хьакхало и. Бусалба нах Украинера тIаме хьийсорхьама ца бевллачу денна Iедалхоша шайн позици малйина тахана. Амма никIаб йехкар санначу хIуманаша гойту церан бакъйллу йаххьаш", - тешна ву къамелдийриг.

Бусалба ламастин духар дехка гIерта Европан цхьа йолчу пачхьалкхашкахь а: масала, Францихь хьиджабаш, никIабаш, паранжа лелор низамехь дац 2010-чу шарера схьа дуьйна. Оцу дехкарца а догIуш, 2014-чу шарахь адамийн бакъонашкахула йолу конвенцеш тIечIагIйина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело.

Йукъаралхочо дийцарехь, Оьрсийчоьно деклараци йина динан мехаллашка болчу лараман, ткъа хIинца хьиджаб йехка хьийзаро ма-йарра дIагойту церан шалхалла. Албаковс бахарехь, "никIабана тIелетар" Йуккъерчу Азин пачхьалкхашкахь а цхьаьна ду – Таджикистанехь, Узбекистанехь а: "Даим гайкаш тIехьийзоро радикалимз алсамйоккху, церан дехкарш бахьана долуш дуккха а нах ца бевллачу денна динан кхечу гаранашка боьрзу. НикIаб – дуккхаъчу мехкашкахь ламастин духар ду. Исламехь и лело йеза аьлла тIедожийна хIума дац, амма лелийча дика йу".

Цо бохучунна тIетайра политолог Айсин Руслан а: никIаб йехкар дагадаран хьесап до цо, "исламаца бечу къийсаман стратегин дакъа" долуш санна а, "бусалба нехан конституцин бакъонаш йохорца" а.

"Суна хетарехь, рогIера гIулч хир йу хьджабашца тIом беш. Таджикистанехь хIинцале а низам тIеэцна, зударшна пачхьалкхан хьукматашкахь хьиджабаш йоьхна гучубовлар доьхкуш. Ткъа Таджикистан а, Оьрсийчоь а нисса йу оцу хеттаршкахула. 2012-чу шарахь Путина дIахьедира, Оьрсийчуьра исламехь хьиджабаш йац аьлла", - дагалоьцу къамелдечо.

Цунна хетарехь, йукъаралло къовса деза и дехкар, цунна тIаьххье бусалба нехан кхин йолу маршонаш а ца къовлийта.

Даго хьоьху кхерам

Кавказехь гендеран а, динан а хеттаршкахула эксперт йерг, шен цIе къайалйахьар дийхира цо, реза йац никIабаш йехкарца тIаьхьо Оьрсийчохь хьиджабана тIаьхьабевр бу бохучунна.

"Тешна йу со, хьиджабаш йоьхкур йац аьлла, хIунда аьлча, цунна тIехь лаьтташ йу муфтиятан официалан структураш, и церан политика йу. Хьиджаб лелор тIедожадо цара, цунна пропаганда а йеш. Хьажахьа, Нохчийчохь хуьлуш долчуьнга: цигахь йовлакхаш лелор дихкина ала мегар ду. Хьиджаб йеза боху", - дуьйцура цо.

Ламастин динан структурашна гергахь никIабаш мостагI а, кхерам а бу

НикIаб а массанхьа а йоьхкур йолуш йац, аьлла хета къамелдечунна. Цхьа могIа Дагестанан эвлашкахь – Гимрехь, Кироваулехь, Цунтинскан кIоштахь – и лелочуьра йухабевр бац, йаккхийчу гIаланашкахь иза йихкинчул тIаьхьа лела хала хир делахь а, тешна йу эксперт.

"Ламастин динан структурашна гергахь никIабаш мостагI а, кхерам а бу. Адам кхоьру никIабаш техкинчу зударех, бакъдерг дийцича. Ишта зуда маршрутки чу хаахь, адамаш оцу мIаьргонехь къовлало, боьхна хьийза уьш. Коьрташкахь тоххара схьайаьккхина хиллачу "Норд-Остера" суьрташ хуьлу", - дагатесира къамелдечо.

Оьрсийчохь никIабера кхерам гуш хиларна тIетов Айсин Руслан а. ХIтинца нагахь санна низамашкахь иза йехкахь массо а цунна тIетовр бу, "Крокус Сити Холлехь" дина тIелатар карла а доккхуш, тешна ву иза. "Террорхой тIелеттера, вайна ца хаьа, оцу никIаба бухахь мила ву, борша стаг -зуламхо хила а тарло и", - дехкарна резаболчийн логикех кхетадо цо.

"ХIун низам дохийна ас?"

Дукха хенахь дуьйна ГIалгIайчохь йехачу Хеда цIе йолчу йоIаца Кавказ.Реалиин редакцино дийцаредира никIабаш йехкарх долу низам. Итт шо хьалха кIорггера Iамийна цо исламан хеттарш, тIаккха сацам хилира цуьнан хьиджаб лелон. Делах тешачийн бакъонашна гIело латтор и долуш санна тIеоьцу цо: бахарехь, хьиджаб медицинан маскица лелор йу цо, гIали йуккъехула йуьхь дIаоьхьуш лелачул а.

"Со цхьана кепара кхета адамашна хетачух. Суна дагадогIу сайн холчахь хилар, никIаб дIа ца йаккхалора соьга, динехь лелон йезаш ма йара ас и. Оцу йукъанна Москвахь, ХIирийчохь, Ставрополехь цуьнца цхьа а проблемаш йацара. Суна хетарехь, Таджикистанехь, оцу Йуккъерчу Азин мехкашкахь йихкина и – изза дан коьрте деана кхузахь а.

Нохчийчохь инспекторо суна тIе тапча хьажийра никIаб бахьана долуш, бохура: "Иза эккхар хир йац-кх"

Инстаграмехь кеп-кепара нах тIебоьрзу суна. Карантин йолчу хенахь, доллу дуьнено йаххьаш дIакъовлийтира массаьрга а. Ткъа хIинца баха боьлла, оцу никIаба бухахь мила ву хьаий хьуна. Цхьа зуламхо хир цу бухахь хьулвелла цхьана хIумана, йа борша стаг хир цу бухахь.

Аса жоп ло: дукха гиний шуна оцу кепара зуламаш, борша стага никIаб тиллина лелийна? Доллу дуьненна дIахьедийр дара тIаккха, иштаниг хиллехь. Зуламаш денна до, хIора сахьтехь, амма и дийраш никIаб лелон нах бац.

Стохка Соьлжа-ГIалара хIорда тIе даханера тхо, Гуьмсера парке дахара. Нохчийчохь цхьана инспекторо сацийначу соьга боху: "Хьайн йуьхьа тIераниг охьайаккха". Ас хаьттина: "Цхьа а низам доха-м ца дина ас?" Цо боху:"Ахьа низамаш ца дохийна, амма хьайн йуьхьа тIераниг охьайаккха". Тапча а йаьккхира цо хьала, никIаб бахьана долуш, суна тIе а хьажийна боху: "Эккхар хир йац-кх иза".

Официалан структурашка йахар проблема йу шена бохура Хедас, никIаб бахьана долуш. Амма Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчунна хьаькхна тIейаха ца хIоьттира иза, телехьожийлехь хIара гайта а дуьхьал хилира студи чу кхайкхинчул тIаьхьа.

  • Новосибирскехь "хьиджабашна дуьхьал рейдаш" дIайаьхьира "Оьрсийн халкъан дружино", цул тIаьхьа бакъоларйархой полици бевллера.
  • Мангал-беттан 7-чохь Подмосковьера Котельники гIалара маьждигехь пIерасканан рузба дечу хенахь гIишло чу баьхкинера ОМОН-н белхахой: "Когара мачаш ца йохуш, наха ламаз дечу хIусамчу лилхира уьш. Ларам боцуш, маьхьаршца, боьха мотт лебеш, коьчаоьхура уьш. Маьждиге баьхкинарш сийсазбора – царех дукхахберш Оьрсийчоьнан бахархой бу", – чIагIдора видео тIехь и сурт гинчо. Президенте Путин Владимире бистхуьлуш, видео дIайазйира бусулбанаша, ницкъахойх шаьш лардар доьхуш. Полихсошна дуьхьал шога барамаш бахар доьху цара.
  • Оьрсийчохь бусалба нахаца дискриминаци лелоран бахьана долу духар, чохь-арахь лелар исламан низамашца догIуш дацахь, иштта хьиджабаш лелорехь а. Исламан йукъараллехь динан а, политикан а къамелаш дар пачхьалкхо туьду "зуламе гIуллакх" санна, билгалдаьккхира бакъоларйаран "Мемориал" центран талламехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG