ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан къилберчу мехкийн гимнаш: «басурманаш» а, «чIир» а


Дешнаш доцу ГIебарта-Балкхаройчоьнан гимн а тIехь гIоьртина мукъамца оьрсашна тан

Къилбаседа Кавказан а, Къилба Гонан регионийн а гимнаша гойту и мехкаш Оьрсийчоьнан буйла («Курра йолаш» ехачу ГIалг1айчоьнан а, «Машаран гIаролехь ирсан некъ тайначу» Нохчийчоьнан а гимнаш ца йийцича). Дешнаш доцу ГIебарта-Балкхаройчоьнан гимн а гIоьртина оьрсашна товш хила.

«МостагIчуьнца, бусурманца, делла эггалц тIом бан доьлху вай», - бохуш дара ХХ бIешо долалуш, оьрсийн-туркойн тIаме кхойкхуш, цхьана мозгIаро даьхна дешнаш.

БIе шо ду туркошца бина тIом чекхбаьлла, амма дешнаш дека Краснодар мехкан гимнехь. «Басурманашна» кхерам тосуш еха и гимн хIинца лекха декхаре бу цигахь беха бусалбанаш а.

Оцу гимна дуьхьал ю Майкопера «Адыге Хасэ». Цо Краснодар мехкан дакъа кхойкху кхин дакъа хIаллакдан, боху адыгаша. Амма Iедал реза дац шатлакхан илли экспертизе дилла.

Муха ду Оьрсийчоьнан къилберчу кхечу мехкашкийн гимнийн дешнаш? Церан хьанах во мостагI, я доттагI?

Адыгей: Маьрша, амма Оьрсийчоьнца

Адыгейхойн а, оьрсийн а меттанашкахь лоькху Адыгейн гимн. Хеза цхьаьна дог1ийла а доцу ши маьIна – маршо а, Оьрсийчоьнна мутIахьалла а.

«Хьо сийлахьчу Оьрсийчоьнан дакъа ду, сица маьрша ю» - боху гимно.

Кеп ловзу гимнан цIарца а. "Адыгэ чlыгушъ" («адыгийн латта») оьрсийн матте гочдина: «Адыгея» аьлла, субъектан цIарца.

Аштаркхне: «Оьрсийн доь» ("Русский дух")

Оьрсийчоьнца хиларе ца кхойкху Аштакхан гимно – цигахь ишта а ду «оьрсийн доь». «МозгIаран горгалица дог маьрша лела, вайн дезачу лаьттаца, оьрсийн доь деха».

Идалх а олу гимно «оьрсийн сийлахь хи». Аштаркхне, шен элий а болуш, Оьрсийчоьнах маьрша ехачу заманашкахь, гимно дийцарехь, «оьрсийн хи» мостагIчо лаьцна латтийча санна нисло. И хи ГIезалойчухула даьлла доьдуш а «оьрсийн хи» хилла дуьсу гимнан маьIна бакъ дича.

Волгоград: Цигахь гимн янне а яц

Яц гимн Волгоград мехкан, яц мохк базбеш локху Еза Йиш. Яккха гIерта бахархой, 2008-чу шарахь конкурс а кхайкхийра, амма тIе ца ийцира жюрис цхьа а.

Дагестан: Даима а Оьрсийчоьнца

Гамзатов Расулан "Гьа Бай" ("БайIат") байтах хIоттийна ю боху гимн цхьаболучара. И дешнаш долуш байт Гамзатовн хилла а яц, чIагIдо кхечара. Махкахь дехачу адамийн сийнах, вежараллех ду дешнаш. «Къамнех-седарчех доьзал хилла. Сан жима къам, сан сийлахь-доккха къам».

Оьрсийчоь хьахонза ца дисина. «Сан Дагестан, сан Оьрсийчоь, дииманенна ю цхьаьна!»

ГIалгIайчоь: «Сийлахь пачхьалкх» гIалгIаша тIе ца ийцира

Шатайпа кхоллам бу гIалгIайн гимнан. 1993-чу шарахь тIечIагIйира иза, амма 2005-чу шарахь Iедало «тIех луьра» ю, аьлла, хийцира.

«АллахI — Даьла, низ ба ГІалгІайченна, ЧІир леха из ба ГІалгІайченна», бохура гимно, амма ца хоуьйтура муьлш бу «чIирхой», хьанна бан беза бекхам. И ши могIа бара 2005-чу шарахь хийцинарг, керлачу дешнашкахь «сийлахь пачхьалкх» а хьахош.

Амма бахархоша хьалха кхоьллина вариант бен ца лоькхура. Иштта, юхаялийра 1993-чу шарахь кхоьллина вариант 2010-чу шарахь.

ГIебарта-Балкхаройчоь: «Русь – Эльбрус» дика рифма елахь а

Дешнаш дац ГIебарта-Балкхаройчоьнан гимнан – йиш ю, гIебартойн, балкхаройн мукъамаш хилла ца Iаш, оьрсийн мукъамаш а болуш.

Дешнаш хIитто гIиртира, амма барт ца хилира, комисси духьал яра.

Кхарачойн а, гIебартойн а матте цхьатерра гочдан хала хиларна чекх ца девллачу дешнашкара могIанаш хIорш ду: «Къаьмнаш цхьаьнатоьхна ахь, вежараллин лам – Эльбрус, тхан ницкъ хьоьца бу, хьоьца ю тхан Русь».

Кхарачой-Чергазийчоь: «Оьрсийчоьнан хазна»

Оьрсийчоьнан олаллин IиндагI го Кхарачой-Чергазийчоьнан гимнца. Лурчаха хийцира иза – дешнаш дитира, кхин юкъабаккхира мукъам. Республикан башхалла билгал а йоккхуш, иза Оьрсийчоьнан дакъа хилар гайта атта дац, яздора хIетахь авторша.

«Вежарийн меттанашца, хьоме яххьашца, Iаламо схьабелла мохк, сан халкъийн, гIаланийн, яртийн, станицийн ага! Хьо Оьрсийчоьнан хазна ю!»

Ростовн мохк: «Бакъ-керста Дон»

Цигарчу гимнан коьрте йиллинарг ю Донан Сийлахь-Доккхачу галгIазакхийн Эскаран гимн. Юьххьехь дуьйна а хоуьйту цо махкахь коьрта дин цхьаъ дуйла: «Ловзаделира, сагатдеш дара бакъ-керста тийна Дон, массо а гIаьтти маршонна».

Къилбаседа Хирийчоь: «Хьайн беркат ло тхуна, Уастарджи!»

Къилбаседа ХIирийчоьнан гимно Уастарджига кхойкху (хьалхалера дин лелочара иза Стиглера ницкъ болу, божарийн а, некъахойн а верас лору, керстанаша – Веза Георгий).

«Уастарджи, лохьа хьайн беркат тхуна!» - юх-юха олу гимнехь. Мохк массийтта дин лелочийн белахь а, цхьана Уастарджига бен ца доьху гимно.

Диц ца дина «аланалла а»: «Аланийн куралла а, сий а эзарнаш шерашкахь дIакхехьна оха».

Ставропол-мохк: «Оьрсийчоьнан доза»

Ставропол-мехкан янне а яц гимн. 2009-чу шарахь конкурс кхайкхийра, пхи вариант яра хаьржина. Амма некъ кхидIа ца бахара.

Комиссино хаьржинчу версешкахь «пачахьаллин даиманенан доза», «Оьрсийчоьнан гIап», «Русан фортпост» аьлла цIерш ю елла Ставропол-махканна. Билгалдоккху иза Кавказерчу машаран закъалт хилар а.

«Оха къийгаш юьтур яц кхуза», - боху цхьана вариантехь.

Ткъа цхьаммо аьлла (Семенов Александр - автор) «бусурманийн арданге»: «Дуккхаза а йиттина хьуна оха, идина хьо йорт оьцуш, дийна йитар доьхуш».

Нохчийчоь: «Маршонан ага»

1990-чу шерийн юьххьехь дуьйна Нохчийчохь Ичкерин гимн лоькхура. Курачу, маьршачу, «цхьанненна а къар лур дац» ша бохучух тешначу къоман гимн яра иза.

«Мокхаза ламанаш даш хилла лаларах, Дахарехь, къийсамехь яхь оха дIалур яц!
Бос Iаьржа ва латта молханах лелхарах, Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац», - бохура гимно.

Маршонах яьккхинчу Нохчийчу Кремлехьа бевллачийн Iедал деъча, керла гимн язйира махканна (хIинца лела верси тIеийцира 2010-чу шарахь). Цу тIехь малйина маршоно айина хилла ойланаш (маршонний, Iожалланий юкъахь къастам баре ца кхойкху хIинца).

Делахь а, дац гимнехь «Оьрсийчоь» дош а. «Машаран гIаролехь ирсан некъ тайна,
Сий долуш Нохчийчоь ехийла тхуна!» - олий, берзабо гимно къомо маршонехьа ткъа шарахь цIийн Iенош схьабеъна некъ.

ЖамI

«Бусурманашца» лета кхойкху гимнаш ю Оьрсийчоьнан къилбехь, цхьаъ хилла а ца Iа. Къаьсттина Оьрсийчоьнан «форпост», «доза лардархо», цуьнан «гIап» юйла хоуьйту Ставропол-мох цигахь, цкъачунна гимне ерзаза, амма яьржина лелачу массо а варианташа.

Деле кхойкху шина гимно: хIирийнчо – Уастарджига, гIалгIайнчо – АллахIе.

«Оьрсийн доь» даьржочу, «маьршачу», «бакъ-бусалба хиш» лелачу Къилба федаралан гонерчу мехкашца дуьстича, Къилбаседа Кавказан къаьмнийн регионийн гимнаша, ца хаарна кхоьруш санна, кхайкхадо шаьш Оьрсийчоьнан дакъалгаш дуйла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG